Шанавазов, Нурмагомед Магомедсаидович

Нурмагоме́д Магомедсаи́дович Шанава́зов (род. 19 февраля 1965 года, Губден, Дагестанская АССР, РСФСР, СССР) — советски боксёр, Европин чемпион (1985), дуьненан Кубкан толамхо (1985), дуьненан чемпионатан а (1989), Олимпиадан а совгӀатхо (1988). 1985 шарахь иза хаьржира дуьненан тоьллина боксёр. СССР Сийлахь спортан говзанча (1989).

Нурмагомед Магомедсаидович Шанавазов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх
Говзалла Бокс
Вина терахь 1965 шеран 19 февраль({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (59 шо)
Вина меттиг
Локхалла 185 сантиметр[1]
Йозалла 81 килограмм[1]

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1965 шеран 19 февралехь Дагестанан АССР Кхарабудахкентан кӀоштара Губден юртехь. ДаьргӀо[2]. Цуьнан тренер вара Арслан Муртазалиев. 1985-1989 шерашкахь иза вара СССР гулйина тобанан декъашхо. Иза хилира Европин чемпион а, дуьненан Кубкан толамхо а, Москвахь хилла Дика Ӏалашойн ловзарийн толамхо а (1986)[3], Сеулехь хилла аьхкенан Олимпиадан совгӀатхо а, дуьненан чемпионатан борзан совгӀахо а. 1990 шарахь иза профессионал хилира. Цигахь иза шозза туьйлира, ши латар цхьа а тоьлуш дӀайирзира, цкъа иза ийшира. Цул тӀаьхьа цо бокс йитира.

Цул тӀаьхьа цо Махачкалахь тренер болх а бира, йукъараллин а, политикин а гӀуллках дан волавелира. Иза ву Дагестанан Йукъараллин палатан социальни кхиамийн комиссин декъашхо. 2011 шарахь иза хаьржина Дагестанан Халкъан гуламийн депутат, «Патриоты России» фракцин декъашхо[4].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Olympedia (инг.) — 2006.
  2. Профиль на сайте Народного собрания Республики Дагестан. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 22 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 22 октябрехь Архивйина 2013-10-22 — Wayback Machine
  3. Победители и призёры Игр доброй воли(ТӀе цакхочу хьажорг)
  4. Фракция «Патриоты России» в Народном собрании Республики Дагестан. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 22 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 5 январехь Архивйина 2013-01-05 — Wayback Machine

Хьажоргаш нисйе бӀаьра