Эла Шерваши́дзе Алекса́ндр Константи́нович (Ча́чба; 1867 24 декабрь1968 17 август) — Абхазин олаллин урхалчин Чачба Келешбейн кӀентан кӀентан кӀант, Абхазин «элин Ӏаршан меттиг ларйийриг» (1918 шарахь дуьна). Вевза абхазашна йукъахь дуьххьарлера говзанча-исбаьхьалча санна: график, Ӏаламдиллархо, сценограф, исбаьхьаллаӀамориг, исбаьхьаллин емалча.

Шерваши́дзе (Ча́чба) Алекса́ндр Константи́нович
Вина терахь 1867 шеран 24 декабрь({{padleft:1867|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:24|2|0}})
Вина меттиг Феодоси,
Российн импери
Кхелхина терахь 1968 шеран 17 август({{padleft:1968|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (100 шо)
Кхелхина меттиг Монако
Пачхьалкхалла  Российн импери
ГӀулаккхан тайпа исбаьхьалча, художественный критик, художник-график, сценограф
Жанр графика, суьрташ дахкар, сценография
Дешар
 
1920 шерашкара даьккхина сурт
 
Диллина сурт «Бешахь»

Вина Феодосехь (Таврин губерни). 1886 - 1889 шерашкахь дийшира Киевн реалан доьшийлехь, цигахь сурт дилла волавелира. 1891 - 1893 шерашкахь хилла Москохан Ӏаламдилларан, скульптурин, архитектурин доьшийлин ладогӀархо (В. Д. Поленовн класс). 1885 шарахь дуьйна дийшира Парижехь. Парижехь оьрсийн исбаьхьалчийн белхаш гайтаман декъахо (1906). Парижан оьрсийн артистийн «Монпарнас» гуонан декъахо хилла.

А. К. Шервашидзе исбаьхьалча санна кхоллавелла оьрсийн реалистийн исбаьхьаллин ишколан бух тӀехь, кӀоргера Ӏамийна европин оьздангалла Францехь. XX бӀешо долалуш (1907—1918) иза хилла уггаре гӀарабевллачу Петарбухан императоран театрийн — Мариински а, Александрински а, — сценографех цхьаъ. Цхьаьна могӀара болхбина гӀарабевллачу оьрсийн исбаьхьалчашца, масала, А. Н. Бенуаца, А. Я. Головинца, В. А. Серовца, Н. А. Рерихца, дозанал арахьарчу говзанчашца П.Пикассоца, А. Деренца.

Зуда (йалийна 1905 шеран 29 майхь; Париж) — Падалка Екатерина Васильевна (1876—1955), шайш дайшкара эла волчун йоӀ. Жима йолуш буо йисина, кхиийна И. Н. Мамонтовн доьзалехь, Москохан долара зударийн гимназин курс чекхйаьккхина, дийшира Сорбоннехь математикин факультетехь, цул тӀаьхьа болхбира парижан страховкин «Нью-Йорк» йукъараллехь. Жимаха йолу йоӀ дуьненан тӀейаьлча йехира Петарбухехь майрачух къаьстина. 1917 шарахь дуьйна йехира Феодосехь, 1924 шарахь лаьцна, хьажийра Вологдин юххе. ТӀаьхьарчу шерашкахь хьехархо йара Сухумин хьехархойн институтехь. Бераш: Михаил (1906—1909), Константин (1909—1938), Русудана (1911—2006, Ставрополь[1]; марешкахь Зайцева а, Пилиди а).

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан