Шильденфельд, Гордон
Ши́льденфельд Го́рдон (нем. Gordon Schildenfeld, хорв. Gordon Šildenfeld; вина 1985 шеран 18 мартехь, Шибеникехь, СФРЮ) — австрихойх схьавалар долу хорватийн футболист, кипран «Анортосис» клубан турсло а, капитан а. Левзина Хорватин гулйина командехь.
Йукъара хаамаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1985 шеран 18 март[1][2][…] (39 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Шибеник, СФРЮ | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | Хорвати | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 191 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | крайний защитник | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Лоьмар | 5 | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Карьера
бӀаьра нисйанКлубан
бӀаьра нисйанФутболан «Шибеник» клубан кхиорхо. 16 шо хан йолуш дебют йира коьртачу командехь Инградера «ТӀулган» йукъахь. 2005/06 шо дӀадаьхьна хорватин шолгӀачу лигехь, команда хьалхарчу лиге хьалайаккха хьуьнар кхечира, дика ловзар бахьнехь дуккха а белхаш кховдийра гӀарайевллачу хорватийн клубашкара. 2006/07 шеран Ӏаьнан заманахь севццачу хенахь хаьржира Загребера «Динамо», цунна йукъахь левзира 2007/08 шарахь.
2008 шарахь ийцира туркойн «Бешикташа», амма аьхка аренде йелира немцойн «Дуйсбурге». Шо даьлча йуха а аренде велира австрин «Штурме».[3] 2010 шеран 8 июнехь кхаа шарна клубехь ловза барт кӀела куьг йаздира, бертан мах хилира 400 эзар евро. Клубашна йукъахь барт хилира хенал хьалха контракт йохайахь 20 % ахча «Бешикташан» хир ду.[4][5] 2010/2011 шарахь хорватин ловзархочух Австрин чемпион хилира. 2011 шеран 7 июлехь цуо контракт йаздира 2-гӀа бундеслиге охьайаьллачу «Айнтрахтца», иштта, «Штурмца» болу барт бохийра. Бертан мах хилира миллион евро[6].
2012 шеран 10 июлехь кхаа шарна барт бира Москохан «Динамоца».[7].
2012 шеран 28 июлехь Шильденфельда дебют йира керлачу командехь, Фернандес Лео хуьйцуш йукъавелира, шолгӀачу таймехь «Зенитан» дуьхьала. Оцу къовсамехь таро хилира къаставала, амма цуо тоьхна буьрка тӀаьххьарчу моментехь коьртаца йухатуьйхира петарбухахойн кевнахочо Малафеев Вячеслава.
Шен дахар
бӀаьра нисйанЦуьнан да — австрихо[8]. Зуда йалийна ву, зуда Ивана, шиъ йоӀ йу — Патриция а, Лайлаъ а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Gordon Schildenfeld // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
- ↑ Gordon Schildenfeld // FBref.com(бил-боцу.)
- ↑ Schildenfeld hat bei Sturm das Rennen gemacht, Prettenthaler auch dabei Архивйина 2011-07-12 — Wayback Machine(нем.)
- ↑ Gordon Schildenfeld’in Transferi Архивйина 2010-10-07 — Wayback Machine(туркойн мотт)
- ↑ Schildenfeld verlängert um drei Jahre Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine(нем.)
- ↑ Einigung über Schildenfeld-Transfer erzielt Архивйина 2012-03-14 — Wayback Machine(нем.)
- ↑ «Динамо» заключило 3-летний контракт с Шильденфельдом . Sports.ru (2012 шеран 10 июль). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 10 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 14 июлехь
- ↑ Schildenfeld: Frankfurt mi je novi i veliki izazov(хорв.)
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Профиль на сайте Fussballdaten.de(нем.)
- Ловзархочун юьхь и ловзархочун юьхь(ингалс.) Transfermarkt сайт тӀехь
- National Football Teams сайт тӀиера профиль(ингалс.)