Шотла́нди (инг.  а, скот. аScotland, гэлийн. Alba) — Йоккха Британин автономин административан-политикин дакъа долу мохк[1][2][3].

Шотланди
инг.  а, скот. аScotland
гэлийн. Alba
ирл. Albain
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «In My Defens God Me Defend - Со ларбарехь Дала ларбо со!»
Шотландин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Официалан мотт ингалсан, гэлийн, скотс
Коьрта гӀала Эдинбург
Йаккхий гӀаланаш Глазго, Эдинбург, Абердин, Данди
Урхаллин тайпа Парламентан монархи
Латта
 • Шадерг 78 722[1] км²
 • % хина тӀехле 3
Бахархой
 • Мах хадор 5 438 000 стаг
ДЧС (номинал)
 • Берриг (2013) 245 267 млн[2] долл.
 • ХӀораннан а сина 45 904 долл.
Бахархойн цӀерш шотланхо, шотландхой
Ахча Стерлингийн фунт (GBP)
Интернет-домен .scot
Телефонан код +44
Сахьтан аса UTC±0:00 (аьхка UTC+1:00)
  1. Scotland in short (ингалс.) (pdf). gov.scot (2003.02.17). Теллина 2015.12.06.
  2. Economy Statistics (ингалс.). gov.scot. Теллина 2015.12.06.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ДӀалоцу Йоккха Британи гӀайренан къилбаседа дакъа, латта тӀехула доза ду Ингалсца. Кхечу агӀонашкахь Атлантикин океанан хӀордаш ду: Къилбаседа хӀорд малхбалехь, Къилбаседа хидоькъе а, Ирландин хӀорд а малхбузехь а, къилба-малхбузехь а. Британин гӀайрен тӀиера коьрта мохк боцуш, Шотландин иштта ду 790 гергга жима гӀайренаш, дукха дерш тӀехь стаг а воцуш[4].

Эдинбург — Шотландин коьрта гӀала а, барамца мехкан шолгӀа гӀала а йу Глазгон тӀаьхьа. XVIII бӀешарахь Эдинбургах хилира Шотландин Ӏилманан йукъ, цуо Шотландин ладаме коммерцин а, Ӏилманан а, промышленностан а Европин регион хила таро йира. Глазго — уггаре йоккха мехкан гӀала йу, цхьана хенахь йара дуьненан промышленностан гӀаланех хьалха[5]. Шотландин ду Атлантикин океанан хин дакъа, масала, Къилбаседа хӀордах, цунна чохь йаккхий мехкдаьттан меттигаш йу. Барамца мехкан кхоалгӀа гӀала йу, Абердин, Европин мехкдаьттан а, энергетикан а коьрта гӀалацӀе лелайо[6].

Шотландин паччахьалла — маьрша пачхьалкх хилла 854 - 1707 шерашкахь. 1603 шарахь СтюартгӀеран некъех волу Шотландин паччахь Яков VI-гӀа Ингалсан а, Ирландин а дуьххьара паччахь хилира. 1706 шарахь Шотландин а, Ингалсан а йукъахь «Униях барт» кӀела куьг таӀийра, ткъа 1707-гӀа шарахь шинне а мехкан парламенташа ратификации йира «Униях актан», цуо кхоьллира Йоккха Британин паччахьалла[7][8], цул тӀаьхьа Шотландин парламент дӀасахийцира, ткъа марталлин парламент болх бан йолаелира Вестминстерехь.


Шотландин бакъонан система Ингалсан а, Уэльсан а, Къилбаседа Ирландин системех маьрша йисира, иштта, махкахь лелайо шайн долара а, публикан а юакъо[9]. 1997 шеран референдумал тӀаьхьа, 1998 шарахь хилла Шотландин акто 1999 шарахь меттахӀоттийра Шотландин парламент. 2014 шеран 18 сентябрехь махкахь дӀайаьхьна Шотландин маршонан референдум, цуьнан жамӀашца кхаж тесначарех 55,3 % лаам гайтира Йоккха Британин йукъахь йиса[10]. 2016 шеран 23 июнехь Европин барт йукъара арадовларх референдумал тӀаьхьа, цигахь 62 % Шотландин бахархоша кхаж тесира мохк ЕБ йукъара арабаларан дуьхьала (38 % реза бара), Шотландин правительствос[en] сацам бира, шен йозаш йоцу арахьара политика лелор, Европин барт йукъахь дакъа а долуш[11][12].

ЦӀеран этимологи нисйе бӀаьра

Шотланди дош даьлла латинан дешах Scoti, цуо билгала бохура гэлаш. ТӀаьхьарчу латинехь Scotia («Гэлийн латта») цӀарца кхетайора Ирланди. XI бӀешарахь оцу дешан кхетам бара Шотландин Форт эркан къилбаседехьара дакъа[13]. ХӀинцалера мехкан латтах ТӀаьхьарчу БӀешерашкахь ала долийра Scotland, ткъа цигахь дехачу адамех, — Scots [7].

Истори нисйе бӀаьра

Шира истори нисйе бӀаьра

Шотландехь дуьххьарлера адамаш 13 эзар шо хьалха, ТӀаьххьара шен мур чекхбаьллачул тӀаьхьа, гучудевлла хилар тардолийта Ӏилманчаша[14]. Дуьххьарлера гӀишлош йина 9 500 шо гергга хьалха, ткъа гуттара беха бахархой — 6 эзар шо хьалха. Царех йу неолита муьрера дика лаьттина цхьа эвла — Оркнейн гӀайренаш тӀиера Скара-Брей. Оцу муьран кхин иэсаш хаало Арахьара Гебридийн а, Шетландин а гӀайренаш тӀаьхь, иза кхетадо кӀезиг ораматаш а хилла, шайн хӀусамаш тӀулгех йан йезарца[15].

Руман Ӏаткъам нисйе бӀаьра

Шотландин йозан истори йолало Румо Британи йаккхарца. Йаьккхинчул тӀаьхьа царна руман провинций статус йелира, ала долийра Британи, иза бара хӀинцалера Ингалсан а, Уэльсан а мохк. Къилба Шотландин дакъа кӀеззиг йолчу хенан карадахара Руман дуьххьала дӀа йоцучу тергонан. Къилбаседехьа лаьттара Румо даханза латтанаш, — пиктийн а, гэлийн а тайпанаш деха Каледони. Руман историко Тацита дийцарехь, каледонхоша йолийра «йоккха масштабан тӀеман дуьхьало», румхойн легионашна тӀелеташ. Цхьаьна буьйсана тӀелетта хӀаллакйира IX Испанин легион, йерриг хӀаллакйарх кӀелхьара йаьккхира иза Гней Юлий Агриколан дошлой тӀелатаро[16].

Вайн эран 83—84 шерашкахь Агриколас иэшийра каледонхой Граупийн лаьмнашкара тӀамехь. Тацита дийцарехь, тӀом болалуш каледонхойн тхьамда Калгак вистхилира шен тӀемлошка, цуо царех «лайн буржолаш цадевза нах» элира[17]. толам баьккхинчул тӀаьхьа румхоша йира Гаск-Ридж фортийн цхьа аса, амма кхо шо даьлчи юхабевлира Къилба-Шотландин акъарин тӀе[18].

Британин мохк ларбархьама, 122—126 шерашкахь румхоша Адрианан вал бира[19], цунах Империн къилбаседа доза хилира. ТӀаьхьа, 144—146 шерашкахь кхин а къилбаседехьа, Йуккъерашотландин аренахь бира Антонинан вал, иза битира императоран Септимий Северан омарца 208 шарахь[19].

Шотландин доккхаха долу дакъа руман куьйгакӀелахь 40 шарахь бен ца лаьттинехь а, цуо ладаме Ӏаткъам бира тӀехь вотадинаш а, дамнонеш а беха мехкан къилба декъана. Валлийхойн Yr Hen Ogledd (Шира Къилбаседа) цӀе лелайора, румхой дӀабаханчул тӀаьхьа, Къилбаседа Ингалсан а, Къилба Шотландин а мехкашкахь кхоллаелла паччахьаллаш билгалйохуш[19]. IX а, X а бӀешерийн тептаршца, IX бӀешо кхочуш Малхбуза Шотландин махкахь кхоьллира гэлийн паччахьалла Дал Риада[20][21].

Йуккъера бӀешераш нисйе бӀаьра

Пиктийн паччахьаллашна йукъахь уггаре йоккханиг йара Фортриу, иза йевзара Alba йа Scotland цӀарца. Пикташ масийттаза кхечира уггаре лакхарчу кхиаме: Бруде III-гӀачун (671—693) урхаллехь Нехтансмерера тӀом чекхбаьлча а, Энгус I-чун урхаллехь а[22].

Шотландин паччахьалла кхоьллина шо лору 843, скоттийн а, пиктийн а цхьаьнатоьхна паччахьаллин паччахь Кеннет Макальпин хиллачул тӀаьхьа.

ТӀаьхьарчу бӀешерашкахь Шотландин паччахьалла шоръелира хӀинцалерачу Шотландин дозанашка кхаччалц. Давид I-чун урхаллехь Шотланди хилира феодалийн паччахьалла, цунна чохь урхаллин хийцамаш бира, йукъайаьккхира бургийн система.

Оцу муьрехь мехкан латта тӀе кхелха французийн а, ингалс-французийн рыцарш а, килсан гӀуллакххой а. Иза бахьнехь паччахьаллин малхбален а, къилба-малхбален а мехкаш ингалс мотт буьйцуш хилира, ткъа бисина махко буьйцура гэлийн мотт, ткъа Оркнейн а, Шетландин а гӀайренаш буьйцура норвегийн мотт, Норвегийн паччахьаллин куьйга кӀела йисира 1468 шо кхаччалц[23][24]. XII а, XIV а бӀешерашна йукъахь Шотландехь хӀутту дикка паргӀата мур, оцу хенахь хилира машаре йукъаметтигаш Ингалсца, кхиира континентца йохк-эцаран йукъаметтигаш, ткъа цхьаболу Ӏилманчийн, масала, Иоанн Дунс Скот санна болчеран, боккха Ӏаткъам бара мехкал генна арахьа.

 
ГӀап-гӀала Стерлинг

XIII бӀешо Шотландин ладаме зиеделларг хилира. 1286 шарахь паччахь Александр III-гӀа веллачул тӀаьхьа ца бисира когаметта болу божарий, цундела паччахь-аьзни кхайкхийра Маргарет, Норвегин паччахьехь Эрик II-гӀачунгахь марехь йолу Александр III-гӀачун йоьӀан йоӀ. Ингалсан паччахь Эдуард I-ра гӀоьртира Шотланди юха а куьйга кӀела лаца, цуо йийхира паччахь-аьзни Маргарет шен паччахь хин волчу кӀантана Эдуард II-гӀачун, иза жима йоллушехь. Амма Маргаретан ловзар а, тажтиллар а ца хилира, новкъахь иза шелон лазар кхетта, шотландин латта тӀе кхачале йелира Оркнейн гӀайренаш тӀехь.

Уллера гергара когаметтаберш дӀабевлира, 1290 шарахь Ӏарше кхача лаам дӀахаийтира масех кандидата, царна йукъахь Давид Хантингдонан йоккхаха йолчу йоьӀан кӀант Иоанн Баллиол а (паччахьийн Малькольм IV-гӀачун а, Вильгельм I Лоьман а ваша), Давидан йуккъерачу йоьӀан кӀант Роберт Брюс, 5-й лорд Аннандейла а. Луучех цхьаъ вара ша Эдуард I-ра а, иза вара Матильда Шотландин тӀаьхьенах. Амма ингалсан паччахьо ша харжаран мах лахара буй хууш, «Боккха Къовсаман» суьдан коьрте хӀоьттира, дов листархьама. 1292 шарахь Эдуард I-чо сацам бира Иоанн Баллиолехьа, 1292 шеран 30 ноябрехь Иоанна Шотландин паччахьан тажтиллира. Шен гӀолацарна баркалла олуш Иоанн I Баллиола къобал йира Ингалсан сюзеренитет[25].

Тажтиллин йолушехь, Иоаннан Ӏаршан бакъо къобал ца йира Брюс, Роберт, Аннандейлан 5-гӀа лорд коьртехь волу шотландин баронийн цхьаьна декъо. Ткъа Эдуард I волавелира Шотландица йукъаметтигаш лело иза шайн куьйга кӀелара мохк болуш санна, Иоаннан дийзийтира ингалсан суьдашкахь жоп дала шотландийн доьвнаш луьстуш, хӀиттайора шотландийн гӀопашкахь ингалсан гарнизонаш. Ингалсан Ӏаткъам лагӀбар Ӏалашо йолуш Иоанн Баллиола 1295 шарахь карлабаьккхира Шира барт олуш болу Францица а, Норвегица барт, тӀаккха виллина дуьхьалавелира Эдуард I-чун[25].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. http://bse.sci-lib.com/article124364.html Большая советская энциклопедия
  2. WebCite query result (ингалс.). www.webcitation.org. Теллина 2018 шеран 3 апрелехь.
  3. WebCite query result (ингалс.). www.webcitation.org. Теллина 2018 шеран 3 апрелехь.
  4. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху short тIетовжаран йоза йаздина дац
  5. A Quick Guide to Glasgow (ингалс.). glasgowcitycentre.co.uk. Теллина 2015.12.06.
  6. Welcome to Aberdeen. scottishaccommodationindex.com. Теллина 2015.12.06 lang=en.
  7. 1 2 Keay, John, Keay, July. Collins encyclopaedia of Scotland. — London: HarperCollins, 1994. — 1046 с. — ISBN 0002550822.
  8. Mackie, J.D. A history of Scotland. — Baltimore: Penguin Books, 1964. — 406 с.
  9. J.G. Collier Conflict of Laws (ингалс.) (pdf). Cambridge University Press. Теллина 2015.12.06.
  10. In maps: How close was the Scottish referendum vote? (ингалс.). bbc.com. Теллина 2015.12.06.
  11. Шотландия собирается провести референдум о независимости - BBC Русская служба (оьр.). Теллина 2016 шеран 25 июлехь.
  12. MSPs give Nicola Sturgeon mandate to hold direct EU talks. www.scotsman.com. Теллина 2016 шеран 25 июлехь.
  13. Ayto, John, Crofton, Ian. Brewer's Britain & Ireland: The History, Culture, Folklore and Etymology of 7500 Places in These Islands.. — London: Weidenfeld & Nicolson, 2005. — 1326 с. — ISBN 030435385X.
  14. Moffat, Allistair. Before Scotland : the story of Scotland before history. — London: Thames & Hudson, 2005. — 352 с. — ISBN 050005133X.
  15. Pryor, Francis. Britain B.C. : life in Britain and Ireland before the Romans. — London: Harper Perennial, 2004. — 488 с. — ISBN 000712693X.
  16. The Romans in Scotland (ингалс.). bbc.co.uk. Теллина 2015.12.06.
  17. Публий Корнелий Тацит. Жизнеописание Юлия Агриколы / Утченко, С.Л.. — М: Ладомир, 1993. — Т. I. — ISBN 5-86218-024-9, 5-86218-021-4.
  18. Edwards, Kevin, Ralston, Ian. Scotland after the Ice Age : an environmental and archaeological history, 8000 BC - AD 1000. — Edinburgh: Edinburgh University Press, 2003. — 336 с. — ISBN 0748617361.
  19. 1 2 3 Snyder, Christopher A. The Britons. — Malden: Buckwell Publishing, 2003. — 331 с. — ISBN 063122260X.
  20. Dalriada: The Land of the First Scots (ингалс.). bbc.co.uk. Теллина 2015.12.06.
  21. Scot Ancient people (ингалс.). britannica.com. Теллина 2015.12.06.
  22. Brown, Michelle, Ann Farr, Carol. Mercia : an Anglo-Saxon kingdom in Europe. — London ; New York: Continuum, 2003. — 386 с. — ISBN 0826477658.
  23. Whiters, Charles W.J. Gaelic in Scotland, 1698-1981 : the geographical history of a language. — Edinburgh: John Donald, 1984. — С. 16—41. — 352 с. — ISBN 0859760979.
  24. Barrow, Geoffrey W.S. Robert Bruce and the community of the realm of Scotland. — Edinburgh: Edinburgh University Press, 1988. — 421 с. — ISBN 0852246048.
  25. 1 2 Scotland Conquered, 1174-1296 (ингалс.). nationalarchives.gov.uk. Теллина 2015.12.06.