Эвла (ций. , : zhèn, : чжэнь) — Цийн Халкъан Республикин волостан тІегІанера административан дакъа.

ЦХР кхоллале Цийхь нийсса кхетам а бацара «эвла» дешан. 1954 шарахь «эвлаш» олура 5400 нах бехачу меттигех.

1955 шарахь ЦХР Пачхьалкхан Совето чІагІдира «ГІалана а, эвлаш а хІиттайаран низам» аьлла долу закон, цуьнца «эвла» олура 2000 сов бахархой болу меттигах, нагахь царех ахархой 50 % кІезиг белахь. 1964 шарахь дуьйна «поселок» лара йолийра 3000 сов стаг веха меттиг, нагахь царех 30 % кІезиг ахархой белахь; йа 2500 – 3000 бахархой болу меттиг, нагахь царех 15 % кІезиг ахархой белахь. 1978 шарахь ЦХРхь йара 2173 эвла.

1984 шеран 29 ноябрехь ЦХРн Пачхьалкхан Совето хийцира критереш, цуьнца административан дакъа «эвла» лара мегар ду волость, лахара цхьа хьал догІуш делахь:

  • йерриг волостан бахархойн барам 20 000 сов стаг хила йиш йац, царех ахархой — 2000 сов стаг хила йиш йац;
  • йерриг волостан бахархойн барам 20 000 сов стаг ву, царех ахархой — 10 % сов бац;
  • кІезиг къаьмнаш дехачу меттигашкахь, кІезиг нах беха дозанара йа ломара кІошташкахь, наха маьІда доккху кІошташкахь, кегийра гаванашкахь, туристийн хазнаш долчу кІошташкахь, дозанара порташкахь нах беха меттигаш иэшахь кхолла йиш йу «эвла» статусехь, цигахь ахархой 2000 стаг сов велахь а.

ХІинца ЦХР ткъа эзар гергга «эвла» йу.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан