Электронан пошта
Электронан пошта (ингалсан маттахь еӀectronic mail йа доцца email / e-mail)- компьютеран гӀирсаш (царна йукъахь- Интернет) лелош болу наха вовшашна йуккъехь хаамаш дӀабахьийтаран а, схьаэцаран а технологи йу.
Электронан пошта дозатоьхна барамехь йукъайаьккхина XX-чу бӀешеран 60-чу шерашкахь. Амма цу хенахь цуьнан цхьацца проблемаш йара: хаам кхечуьнга дӀабахьийта шинни цхьатерра компьютер хила йезара, ткъа цхьайолу дуьххьарлерачу электронан поштан системашкахь хааман автор а, хаам схьаэцархо а маша чохь хила везара.
Раймонд Самуэль Томлинсон (инг. Raymond Samuel Tomlinson) цӀарца доьзна ду электронан пошта кхоллар. 1971-чу шарахь цо кечйира ARPANET чухула тайп-тайпана хосташ йолу пайдаэцархойн йуккъехь пошта дӀайахьийта хьалхара система. Ӏалашонан сервер (инг. destination server) йолу пайдаэцархочунца зӀене вала @ хьаьрк лелайора. 1970-чу шерийн йуккъехь электронан пошта санна къобалйира и форма.
Электронан пошта компьютеран машанашкахь (хьалхарчу рогӀехь Интернетехь) болх беш йу. Таханлерачу дийнахь электронан пошта store-and-forward олучу моделан гӀоьнца болх беш йу.
Электронан поштан дӀахӀоттам а, белхан принципаш а кехатан поштех тера йу. Масала кхузахь а, цигахь а цхьатерра терминаш лелайо: пошта а, кехат а, конверт а, чудиллар а, йаьшка а, дӀакхачор а, и кх.дI. а.
Иштта тера йу цу шинна башхаллонаш- лелайарна атта хилар, информаци дӀайалар а, кхачаме тешамалла а, хаам дӀабаларна гаранти ца хилар а.
Кхузаманахь муьлха а керлачу пайдаэцархочун шен маьхза электронан поштан йаьшка йола йан аьтто бу. И хилийта цхьана интернет-портал чохь регистраци йича тоьа.
Иштта электронан поштан сакхташ ду: спам (массийн кхайкхоран а, вирусан а дӀасадахьийтарш) а; хаамаш дӀабаларна хьедалар а, цхьан хааман барамна доза тохар а.