Ю́рий (Гео́ргий) Дани́илович (128121 ноябрь 1325) — 13031325 москохан эла, 13181322 Владимиран сийлахь эла, 13221325 Новгородан эла.

Юрий Даниилович
Юрий Даниилович
Дмитрий Михайловича вуьй Юрий Даниилович Москохан Ордахь. «Паччахьан йозанчера»
Юрий Даниилович
Москохан эла
 — 1325 шеран 21 ноябрехь
Хьалха хилларг Даниил Александрович
Когаметтаниг Иван I Даниилович Калита
 — 1322
Хьалха хилларг Михаил Ярославич Тверской
Когаметтаниг Дмитрий Михайлович Буьрса БӀаьргаш
 — 1325
Хьалха хилларг Афанасий Даниилович
Когаметтаниг Александр Михайлович Тверской
Дин керста
Вина терахь 1281
Кхелхина терахь 1325 шеран 21 ноябрь
ДӀавоьллина
Тайпа РюрикгӀар
Да Даниил Александрович
Нана Агриппина
Зуда 1) 1297 шарахь дуьйна элан Константин Борисовичан Ростовн йоӀ
2) 1317 шарахь дуьйна Кончака (керсталлехь Агафья)
Бераш Софья Юрьевна
Динлелор православи
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Москохан элий (12761598)
Даниил Александрович
Юрий Даниилович
Иван I Калита
Симеон Горди
Иван II Красни
Дмитрий Донской
Василий I
Василий II Тёмни
Иван III
Василий III, зуда Глинская Елена
Иван IV Грозни
Фёдор I Иоаннович
Юрий Звенигородский
Василий Косой
Дмитрий Шемяка

Биографи нисйе бӀаьра

Александр Невскийн кӀентан, москохан элан Даниил Александровичан воккхаха волу кӀант. Олалла дина Переславль-Залесскехь, ткъа 1303 шарахь дуьйна — Москохахье. 1303 шарахь Москохах дӀатоьхна Можайскан олалла.

Михаил Тверанца болу къийсамаш нисйе бӀаьра

Сийлахь эла Андрей Александрович веллачул тӀаьхьа (1304) болабелира, Владимирехь сийлахь олалла дан ярлык еллачу, Михаил Ярославич Тверан а, Юрий Данииловичан а йукъара къовсам. Къовсам бара пачхьалкхан латташ тӀоьхула а (Переславль-Залесски 1305, Кострома 1305, 1317, Городец, Лаха Новгород 1311—1312), Новгородехь Ӏаткъам латторхьама а (Михаил йира дааран сурсатийн къоьлла Торжокехь 1312, ткъа иштта цхьа жамӀ а доцуш тӀелетира Новгородан 1314), килсанца барт бархьама а (митрополит Максим 1305 шарахь веллачул тӀаьхьа митрополит хилира галицан иерарх Пётр, тверан Геронтий а ца хуьлуш). Михаил шозза тӀелетира Москохан (1305 а, 1308 а), амма ца йаккхайелира иза. Цкъа тверхоша иэшийра москохой а, гӀезалой а (1317, Бортеневн тӀом), цкъа лаьттира Ийдалан шина бердаца дуьхь-дуьхьал (Костроман гергахь, 1317). Цкъа тверхоша иэшийра новгородхой (Торжкан кӀелахь, 1314), шозза лаьттира Ийдалан шина бердаца дуьхь-дуьхьал (Тверан кӀелахь, 1314, 1317).

1311 Юрийс дӀалецира Лаха Новгород, цига олаллин хаийра шен ваша Борис. 1317 Юрийс Дешийн Ордахь йалийра Узбек-ханан йиша Кончака (керсталлехь — Агафья), цунна делира лакхара монголийн гурганан дарж, аьлчи а ЧингизгӀеран[1] нуц. 1317 шеран 22 декабрехь иэшийра Михаил Тверанчо, Тверан 40 чаккхармехь йолчу, Бортенев эвлан кӀелахь, иза Орда ведира, цигахь Узбек ханан уллерчу Кавгадыйн гӀоьнца, гӀоьртира ханега шен политикин мостагӀ дӀаваккхийта, Михаил Ярославич бехке вира, Тверехь тамашийна еллачу Кончакан (Агафьян), дӀовш малийна аьлла.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Что замалчивает русская история. islamnews.ru (2014 шеран 19 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 сентябрь.