Бунимович, Юрий Эммануилович

(Юрий Эммануилович Бунимович тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 7 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2021, 17 июль).

Юрий Эммануилович Бунимович (1919 шеран 13 март, БуритӀе — 1944 шеран 14 январь, Петарбух), Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Балтийски флотан тоьллачарех кеманхойх-торпедоносцах цхьаъ, Советски Союзан [1], гвардин лакхара лейтенант.

Бунимович, Юрий Эммануилович
Вина терахь 1919 шеран 13 март({{padleft:1919|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1944 шеран 14 январь({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (24 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа Военно-морской флот СССР
Дарж лакхара лейтенант
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени

Вина 1919 шеран 13 мартехь БуритӀехь эчиг некъан белхалон доьзаллехь. Оьрсий, кхоьчу хьосташ дийцарехь - жуьгтий. И жима волуш хенахь цуьнан да дӀавелира. Бунимович Пятигорскехь Ӏаш вара. Школа чекхйаьккхича иза гӀалан аэроклубехь болх беш вара метеослужбан тидамча. Шен болх чекхбаьлча цо кеманан дешар Ӏамадора. Цхьа хан ялча иза спортан кеманхо хилира.

1938 шо дуьйна иза Эскаран флотехь вара. 1940 шарахь цо чекхйаьккхира Ейскан эскаран-хӀордан авиацин доьшийла. 1941 шарахь иза Балтикан флоте веара. Цигахь иза вара 57-гӀа штурман авиацин полкехь лахара кеманхо.

ТӀом бола ма белла иза фронтехь вара. Цхьа хан ялча цо Ил-4 цӀе йолу торпеданаш лелош долу кема Ӏамийра. 1942 шо дуьйна иза тӀом бан волавелира 1-ра гвардин минийн-торпедийн полкан 3-чу эскадрильехь. Ши бутт баьлча иза звеноно командир хӀоттийра. Бунимовичс дакъа лецира Ленинградан гонах болу тӀамехь. 1942 шаран июнехь цо шен хьалхара мостагӀийн хинкема хӀаллакдира. Цуьнан штурман вара Михаил Советский.

1943 шеран октябрь болалуш хенахь гвардин лакхара лейтенант Бунимовичс 98-за тӀема а велира, 38700 т хин барамалла йолуш 6 транспорт а, танкер а, 2 ханан хина кема а, аэродромашкахь летташ долу масийтта кема а хӀаллакдира. 3 мостагӀийн кема цо чудаийтир хӀаваан латарашкахь. Иза хилира Балтикан тоьллачу торпедаш лелош болу кеманхойх цхьаъ.

1944 шарахь цхьаьна шарйалаз экипажан шозза торпеда кхоссар нис ца делча, Бунимовичан а, Советскийн а и экипаж Ӏамаян лиира. Бунимовичас шен Ӏемаш волу штурман схьаийцира, Советскийс — Ӏемаш волу кеманхо.

1944 шеран 13 январехь Ил-4 хенахӀоттам талла тӀемаделира. Масийтта сахьт даьлча и кема шен аэродроман уллехь хенахӀоттам талхар бахьнехь охьадуьйжира. Йерриг экипаж йелира.

Экипаж дӀайоллира Ленинградехь долу Волковски лютерански кешнашкахь.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

1944 шеран 22 январехь цунна Советски Союзан Турпалан цӀе йелира. Цул совнах цуьна йара Ленан орден а, ЦӀен Байракхан орден а, мидалш а.

Дагахьлаттавар

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Указ Президиума Верховного Совета СССР «О присвоении звания Героя Советского Союза офицерскому составу Военно-Морского флота» от 22 января 1944 года // Ведомости Верховного Совета Союза Советских Социалистических Республик : газета. — 1944. — 3 февраля (№ 6 (266)). — С. 1