Тама́ра Хава́жовна Янди́ева (1955 шеран 23 июль, Караганда) — советски а, российски актриса, эстрадан эшархо; ГӀалгӀайчоьнан Халкъан актриса (2002 шо), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь актриса (1984 шо), Къилбаседа-ХӀирий АССРнСийлахь актриса (1985 шо), Абхазин Сийлахь актриса (1985 шо), Российн Федерацин Сийлахь актриса.

Тамара Хаважовна Яндиева
Коьрта хаам
Йина терахь 1955 шеран 23 июль({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (68 шо)
Йина меттиг
Пачхьалкх
http://yandieva.ru/

Биографи нисйе бӀаьра

Йина 1955 шеран 23 июлехь Карагандахь вайнах цӀера даьхначул тӀехь. Цуьнан кинохь болх болабелира Къилбаседа-ХӀирийн киностудехь. Цо чекхъяккхира Ленинградан пачхьалкхан театран а, эшаран а, кинематографин институт. Цуьнан хьехархой бара СССР Халкъан артист Василий Меркурьев а, режиссёр а, Нохч-ГӀалгӀай АССРн Сийлахь актриса а Ирина Мейерхольд. Институт чекхъянчул тӀехь Яндиева Соьлжа-ГӀале дӀаяхара. Цигахь цо Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан драман театрехь. 1990-гӀа шерашкахь Нохчийчоьхь хӀоьттина хьал бахьнехь Яндиева шен доьзалца Москва дӀаяхара. 1994 шарахь иза хилира «Лоам» цӀе йолу культурин центран белхало. 1998 шарахь цо чекхъяккхира Лакхара режиссёрийн курсаш[1].

Эшарийн карьера нисйе бӀаьра

Цуьнан аз дукха нахана дийзира цо лекъча «Хьо сайран хита еча» цӀе йолу гӀалгӀайн эшар «Лоам» тобанцы. И эшар сиха Кавказ маьл ю дӀасаяржира. Оцу сахьтехь и эшар кхоьчу меттанашка яккхира.

2010 шарахь Тамара Яндиева хилира Российн Федерацин Сийлахь актриса. Цу шарахь Москвахь Яндиеван юбилейны концерт хилира «30 лет творчеству».

Цо дакъалецира шина Халкъашна юккъера кинофестивалехь. Цо Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетехь актёран говзалла хоьхуш болх бира. 1985 шо дуйьна иза ю СССР (Российн) кинематографистийн союзан декъашхо. Иштта иза ю Российн театран гӀуллккхой союзан декаъашхо. 1985 шарахь цунна делла 1-ра даржан диплом Чехован драматургин Ерригсоюзан фестивалехь.

Кинохь бина болх нисйе бӀаьра

Тамара Яндиева дакъа лаьцна 18 фильм йоккхуш, царех 16 фильмехь иза яра коьрта роль ловзуш.

Дискографи нисйе бӀаьра

  • Сахьат, 2004
  • Малха Илли, 2007
  • Лир доага малх, 2011

Фильмографи нисйе бӀаьра

  1. 19771984 — Огненные дороги — Рабия
  2. 1978 — Горская новелла — Зара
  3. 1979 — Бабек — Парвин
  4. 1980 — Я ещё вернусь — Шахназ
  5. 1981 — Год дракона — Маимхан
  6. 1982 — Если любишь… — Лола
  7. 1982 — Колокол священной кузни — Камачич
  8. 1983 — О странностях любви — Мадина
  9. 1984 — И ещё одна ночь Шахерезады — Анора, дочь купца Карабая
  10. 1985 — Долгое эхо в горах — Карима
  11. 1986 — Здравствуйте, Гульнора Рахимовна! — Гульнора Рахимовна
  12. 1986 — Новые сказки Шахерезады — принцесса Эсмигюль
  13. 1987 — Последняя ночь Шахерезады — принцесса Эсмигюль
  14. 1989 — Чёрный принц Аджуба — Шахназ
  15. 1989 — Пиры Валтасара, или Ночь со Сталиным — Сария Лакоба
  16. 1989 — Возвращение Ходжи Насреддина — Ханифа-Тюльпан
  17. 1990 — Возвращение багдадского вора
  18. 1991 — Чёрный принц Аджуба

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Яндиева Тамара Хаважовна. rusactors.ru. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 12 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 20 январехь

Хьажоргаш нисйе бӀаьра