Ясакх
Ясакх — пачхьалкхо шен харжийн дуьхьа нахера а, организацешкара схьадоккхуш ахча ду. Ясакхца пачхьалкхан а, муниципалан хьукаматаш болх бо[1][2]. Ясакх йоцург кхиъ хуьлу гулдар а, ял а. Ял дӀало декхархочо цхьацца гӀуллакхаш дечу хьокъехь.
Ясакхаш (налогаш) схьалахьайо ясакхийн мехка-Ӏедалца. ДӀахӀоттийначу ясакхаш а, уьш юкъаяхаран принципаш а, кепаш а, методаш а, уьш хийцар а, дӀаяккхар а ю пачхьалкхан ясакхийн система. Ясакхаш дӀа ца ялар а, уьш дӀаяларехь юхавийлар а, дуьхьало яр а Ӏедало таӀзар деш зуламаш ду.
Ясакхаш шина тайпа хуьлу: дуьххьал дӀалуш а, лач тайпа а. Вайн эрил хьалха 3000-2800 шерашкахь Ширачу Мисарехь хилла ясакхийн система хьалхарчех лоруш ю.
ХьостанашНисйе
- ↑ «Яндекс». Словари", определения налогов Архивйина 2013-10-30 — Wayback Machine
- ↑ Налоги // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.