Ӏабдул-Ӏазиз ибн Муса
Ӏабдул-Ӏазиз ибн Муса ибн Нусайр (Ӏаьр. عبد العزيز بن موسى; вийна 716 шеран мартехь) — Ӏаьрбийн пачхьалкхан гӀуллакххо, тӀеман баьчча, 714—716 шерашкахь аль-Ӏандалусин[2]. Ифрикин куьйгалхочун Муса ибн Нусайран кӀант.
Ӏабдул-Ӏазиз ибн Муса | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||
Хьалха хилларг | Муса ибн Нусайр | ||||||
Когаметтаниг | Айюб ибн Хьабиб аль-Лахьми | ||||||
Дин | ислам | ||||||
Вина терахь | гергга 685[1] | ||||||
Кхелхина терахь | 716 | ||||||
Да | Муса ибн Нусайр | ||||||
Зуда | Эгилона | ||||||
Бераш | Asima bint Abd al-Aziz | ||||||
Динлелор | Ислам, суннийн кхетамера |
Биографи
бӀаьра нисйан712 шеран июнехь Ӏабдул-Ӏазиз ибн Мусас дакъалецира вестготийн Испанин[3] тӀелатарехь. Бусалбачара Мерида йаьккхинчул тӀаьхьа Муса ибн Нусайрас хьажийра Ӏабдул-Ӏазиза эскаран декъаца къилбехьа Севильера гӀаттам охьатаӀо, иза цуо аттонца чекхдаьккхира. Цул тӀаьхьа Ӏабдул-Ӏазиза куьйгалла дира вестготийн графан Теодемиран (Тудмиран) дуьхьала тӀеман кампанехь, цунна эшам бира, гуо лецира Ориуэлан. 713 шеран бӀаьста Ӏабдул-Ӏазиза бира Теодемирца барт[en], цуьнца цуо ша Халифатан олаллехь хилар дери дира, урхалла дан Пиренейн ахгӀайренан къилба-малхбален дакъа Мурси делира, автономин мохк бина.
Муса ибн Нусайра Димашкъе дӀаваханчул тӀаьхьа, 714 шарахь Ӏабд аль Ӏазиз витира аль-Ӏандалусин схьадаьхначу мехкашкахь сардал (вали) даржехь[4]. Шен резиденци цуо хаьржира Севилья. Цуо дӀабаьхьира вестготашца тӀом. Коьртехь паччахь Ардо волу вестготаш чӀагӀбелира мехкан къилбаседа-малхбалехь. Оцу хенахь Таррагона схьайаьккхина хила тарло бусалбачара.
Испанера бусалбачеран Ӏедал хӀинца а гӀийла дара, ткъа Ӏабд аль-Ӏазиза мехка даладора керла эскарш (эскар коьртаниг латтара берберех а, мавалих а), ткъа царна латташ лора. Цунна реза боцуш бара хьалха чубаьхкина Испани схьайоккхуш дакъа лаьцна бусалба тӀемлой, царна нийса ца хетара латташ декъар шайна а, «керлачарна» а йукъахь.
Испанехь шен Ӏедал чӀагӀдеш Ӏабд аль-Ӏазиз гӀоьртира накъостал лаха меттигерачу хьал долчу нахера, йалийра паччахьах Родерихах йисина Эгилона, ткъа цуо цунна боккха Ӏаткъам бан болийра. Ӏабд аль-Ӏазиз волавелира вестготийн Ӏадатца таж лело, куьйга кӀела берш шен охьа а тоьӀуьйтура. Цуо хабарш даржийра, Ӏабд аль-Ӏазизах керста хилла бохуш.
Халиф Сулейманан кхечира хаамаш Ӏабд аль-Ӏазизан «керсталлин» хӀуманех лаьцна. Димашкехь хийтира, иза куьйгакӀелара дӀа а ваьлла, маьрша урхалча гӀерта аьлла, дӀакъаста гӀерта ОмейядгӀеран халифатах. ТӀаккха Сулеймана омар дира Ӏабд аль-Ӏазиз вие аьлла, иза кхочушдира сардалан гуонахьарчара, коьртехь Хьабиб ибн Абу Ӏубайда аль-Фихьри а волуш. Ӏабд аль-Ӏазиз вийра маьждигехь (Санта-Руфина килсах дина) ламаз тӀехь, ткъа цуьнан корта дӀахьажийра Димашкъе халифан.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Королевская академия истории — 1738.
- ↑ Hughes, Thomas Patrick. A Dictionary of Islam. (Clifton, NJ: Reference Book Publishers, 1965), 29.
- ↑ Fouracre, Paul. The New Cambridge Medieval History. Vol. 1. (New York: Cambridge University Press, 2005), 370.
- ↑ Holt, P.M., Anne K.S. Lambton, and Bernard Lewis. The Cambridge History of Islam Vol. 2. (London: Combridge University Press, 1970), 407.
Литература
бӀаьра нисйан- Chalmeta Pedro. Invasión e Islamización. La sumisión de Hispania y la formación de al-Andalus. 439 p. Ed. Mapfre. Madrid, 1994. ISBN 84-7100-626-X
- Manzano Moreno Eduardo. Conquistadores, emires y califas. Los omeyas y la formación de al-Andalus. 620 p. Ed. Mapfre. Barcelona, 2006. Ed. Crítica. ISBN 84-8432-674-8