Ӏадат

Кавказан а, Йуккъера Азин а къаьмнийн , кхин ислам дин лелочеран вовшахтоьхна ламаста гӀиллакхаш. Дуьхьала хӀоттадо официалан бакъонан системин — шариӀатна. Ӏадаташца луьстура чӀирах дерг, зуда йадорех дерг, кхин а, ткъа шариӀато луьстура гражданийн гӀуллакхаш — бахам къийсар, латтах дерг, шаретах дерг, кхин а. Ӏадатаца кхел йора тайпанийн къаноша.

Российн этнографин музей[1]

Ӏа́дат, йа Ӏа́да (Ӏаьр. عادة‎‎ — гӀиллакх, Ӏедал‎; дукх.т — Ӏаьр. عادات‎‎ — Ӏа́да́т‎) — шариӀатехь гайтина доцу исламал хьалхара бакъонийн комплексийн гӀиллакх, хилла норманаш[2]. Ӏадато гойту дерриг гӀиллакхаш а, къоман юридически тайп-тайпанчу кхачонера (бахамера, доьзалера, царех терра йукъаметтигаш[3].

Исламан бакъо

бӀаьра нисйан

Исламан законашдовзархойн кечамашкахь Ӏадат кхетам дӀауьй Ӏурф (Ӏаьр. عرف‎‎) кхетамца, цуьнан синоним а ду иза. Амма иза нийса дац Маккахь а, Мадинатахь а бен, шариӀатан нормаш кхуллуш боккха Ӏаткъам бина ма-йарра бакъоно, иза лорура кхин тӀе бакъонан хьост. Дисинчу бусалбанийн дуьненахь шариӀат доцуш лела Ӏадатан норманаш а. иза хуьлу, бахархой тӀехула исламе балийначехь а, шариӀатан суьдаш йанне а йацахь йа хила ма-йеззара авторитет йацахь, ткъа кхин а, ислам долу бӀешераш доллушехь, тайпанийн йукъаметтигаш а, шира бакъонаш йолчохь; кхин а иза хуьлу, исламал хьалха бахархой кхиина бакъонийн системин пачхьалкхан йукъахь баьхнехь, ткъа ислам тӀеэцча, ца йитина шеш доьлла бакъонийн норманаш[2].

Цхьацца исламан бакъойовзархоша йукъараллин йукъаметтигаш нисйеш Ӏадатан цхьа билггала роль лора, цу тӀе олура, Ӏадат шариӀатан дуьхьала хила ца деза[4]. Исламан бакъонан дуьхьала долу Ӏадаташ, дӀадаьхнаарна йукъадоьду, къуръанан айатца: «шеш цхьа боьха хӀума дечу хенахь уьш бехказбуьйлу иштта: „Вайн дайша иштта дора, АллахӀа а тӀедиллина вайна изза“. Ткъа ахьа жоп ло: „Бакъдолуш, АллахӀа тӀедиллина дац боьха хӀуманаш лелор. АллахӀан тӀетоьттур ду теша аша шайна хууш доцург?“»[5]. Ӏадатан норманаш хаъал дӀасайала тарло шариӀатца, альтернатива хуьлуш йа уьш дӀатоттуш. Масала, туарегаша зударийн агӀора шерет дар а, кхин матриархатан амалш а, Кавказан дукхаха долчу къаьмнийн чӀиран декхарш, Йуккъера Африкин бусалбанийн зудайалоран йукъаметтигаш, кхин а[2].

Практикехь Ӏадатан норманаш доза а доцуш лело таро йу кхозлагӀчо йен кхелан (хьакиман), цуьнан коьрта Ӏалашо йу маслаӀат. Къедин йа правительствон хьаькман бакъо йац Ӏадатан тӀетовжа цаваьлла бен, тӀаккха а лело норма шариӀатаца йогӀуш йелахь[2].

Ӏадат регионашкахула

бӀаьра нисйан

Кхазакхстан

бӀаьра нисйан

Кхазакхийн Тауке-хан волчу хенахь (1680—1718 шераш) гӀиллакхийн кодификаци йира ма-йарра бакъонийн, Ӏадатан нормин бух тӀехь. Уьш цхьаьна а тоьхна цуо цӀе тиллира Жеты Жаргы (ВорхӀ гулам) закон хаа дезаш ву хӀора бай — суьдхой а, акхсакхалаш кхазакхийн тайпанийн. Ма-йарра бакъонийн норманаш, царна йукъахь Жеты Жаргы а, гуттаренна тӀекхеташ а, толуш а йара ханийн, султанийн, байн-суьдхойн суьдан гӀуллакхийн процессехь. Цу тӀе кхиина йара цхьанхьа йоцу практика, уггаре авторитет йолчунан сацам декхар хуьлура. Жеты Жаргыл хьалха кхазакхийн кхин алсама шира законийн гулам бара, цуьнан бух бара ма-йарра бакъонан тӀехь лаьтташ — адат тӀехь, кхазакхаша цунах олура «Къосам-ханан сирла некъ» (кхазакх. «Қасым ханның қасқа жолы»), уьш йаздина дацара, барта кхолларица лелош дара, иза хилла Кхазакхийн ханаллехь Къосам-хан волуш (14551522)[6][7].

Нохчийчоь

бӀаьра нисйан

Ӏилманчийн талламашца[8], XIX бӀешо долалуш тайпанийн бертийн (тукхумийн) хӀоранна а шен Ӏадаташ хилла. Йукъарчу бакъонца гражданийн гӀуллакхаш къастадора шариӀатца, ткъа зуламан Ӏадатца[8]. Кхин а, масала, нохчийн къам шина декъе декъа таро йу Ӏадаташ а, шариӀат а тӀеэцаран тӀегӀанца (вовшашца къуьйсу бакъонийн система санна)[8]: аренан тайпанаш а, ламанан тайпанаш а[8]. Цу тӀе хаало, ламанан тукхумаш историн бакъонан аренехь кӀезиг исламе дар, хӀунда аьлча ислам церан оьздангалле дуккха а тӀехьа кхаьчна, иза аренашкара тайпанаша тӀеэцначул[8] — башхалла йу, историкаша герго мах хадорца, 150 шо[8].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. "Адат". Толковый словарь. Российский этнографический музей. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 16 апрелехь Архивйина 2013-04-16 at archive.today
  2. 1 2 3 4 Боголюбов, 1991.
  3. А. Я. Сухарев, В. Е. Крутских, А.Я. Сухарева. Адат // Большой юридический словарь. — М.: Инфра-М. — 2003. / Под ред. В. Е. Сухарева. 2-е изд. М. 2000.
  4. Али-заде, 2007.
  5.  7:28
  6. Зиманов С. З. Общественный строй казахов первой половины XIX в. — Алма-Ата: Наука, 1958.
  7. Зиманов С. З. Политический строй Казахстана конца XVIII и первой половины XIX вв. — Алма-Ата: Наука, 1960.
  8. 1 2 3 4 5 6 Елфимов В. О., 2008.

Литература

бӀаьра нисйан