Ӏарамийн абат
Ӏа́рамийн йо́за — фонетикан йозанан консонантан система, кхиина Финикийн йозанах.
Ӏарамийн йоза | |
---|---|
Йозанан тайпа | консонантан |
Меттанаш | Ӏарамийн меттанаш, иврит, шеман |
Кхолладелла меттиг | Гергара Малхбале |
Кхоьллина терахь | вайн эрал хьалхара X—VII бӀешераш |
Мур | вайн эрал VIII бӀешо хьалха — VI бӀешо |
Йозан агӀо | Аьтту агӀонера аьрру агӀорхьа |
Схьадалар | Финикийн йоза |
Кхиина | шеман, набатейн, пехлевийн, согдийн, кхин а йозанаш |
ISO 15924 | Armi |
Хьажа иштта проект «Лингвистика» |
Истори
бӀаьра нисйанӀарамийн йоза, иштта финикийн йозанах кхиина йолу грекийчуьнга терра, дижира Малхбален абатийн Ӏарамийн генна бух тӀе — Малхбузен абатийн бух хилла грекийн абат санна. Ӏарамийн йозано шен хьаьркаш тохарца а, матрес лекционисца а кхоьллира цхьа могӀа ладаме абаташ Гергарчу Малхбалера а, Къилбаседа Африкера а, Азера а, царна йукъахь йу Ӏаьрбийн а, хӀинцалера жуьгтийн а абаташ, ткъа иштта тайп-тайпана ХӀиндин йозанаш а (брахми а, кхин дӀа деванагари а), царех схьайевлла Къилба-Малхбузен а, Йуккъера Азин а (царна йукъахь тайн а, монголийн а йозанаш) абаташ.
Ӏарамийн йоза даьржина хилар доьзна ду, Ӏарамийн мотт а, йоза а вайн эрал хьалхара VIII бӀешеран чеккхенгара дуьйна Гергарчу Малхбалехь дуьненайукъара кехаташ йаздаран а, мотт бийцаран а гӀирс хилар бахьнехь, АхеменидгӀара мехкаш дохучу хенахь ГӀажарийн империн дипломатин меттан а, йозанан а статус йелла.
Ӏарамийн мотт буьйцучу хьолехь йара деланийн культаш; хӀинца а йолу мандейгӀеран динан сектийн (хӀинцалера Иран а, Ӏиракъ а; масех бӀе мандей веха кхин а АЦШ а, Австралехь а) дисина деза жайнаш, уьш йаздина Ӏарамийн меттан мандейн меттадекъаца, и меттадакъа леладо динан гӀуллакхехь а, ткъа цуьнан уггаре тӀаьхьара кеп, цхьацца хаамашца, лелайо вовшашца къамел деш 1 эз. гергга стага Ӏиракъехь; кхин иранан мандейш буьйцу гӀажарийн мотт, ткъа Ӏиракъанчара — Ӏаьрбийн.
VII бӀешарахь Ӏаьрбаша мехкаш а даьхна, халифат кхоьллинчул тӀаьхьа шеман-Ӏарамийн меттадекъаш аратеттира Ӏаьрбийн матто; амма и процесс йеха а йара, дукхаха ерг чекх ца йелира XV бӀешарахь бен. Ӏарамийн меттан тахана долу тӀаьхьенан меттанаш, ассирийн а, мандейн а меттадакъа доцуш, Шеман масех эвлан лиер ду (хьажа МаӀалула, Соййидная), цигахь веха масех эзар стаг, дукхаха берш керстанаш.
Шеман-Ӏарамийн литература чӀогӀа шуьйра йу, доккха историн маьӀна долуш а йу: йуккъера бӀешерийн исламан ойлан къегина мур хилира шен заманахь ширагрекийн философийн, дукхаха дерг Аристотелан Ӏарамийн матте, тӀаьхьа Ӏаьрбийн матте гочдар бахьнехь.
Абат
бӀаьра нисйанӀарамийн меттан империн абат.
Элпан цӀе | Элпан кеп | Элп | Жуьгтийчун эквивалентан |
Ӏаьрбийчун эквивалентан |
Шеман эквивалентан |
Аз |
---|---|---|---|---|---|---|
Алаф | 𐡀 | א | أ | ܐ | /ʔ/; /aː/, /eː/ | |
Бет | 𐡁 | ב | ب | ܒ | /b/, /β/ | |
Гамал | 𐡂 | ג | ج | ܓ | /ɡ/, /ɣ/ | |
Далат | 𐡃 | ד | د | ܕ | /d/, /ð/ | |
ХӀе | 𐡄 | ה | ﻫ | ܗ | /h/ | |
Вав | 𐡅 | ו | و | ܘ | /w/; /oː/, /uː/ | |
Зайн | 𐡆 | ז | ز | ܙ | /z/ | |
Хьет | 𐡇 | ח | خ,ح | ܚ | /ħ/ | |
ТӀет | 𐡈 | ט | ط | ܛ | эмфатич. /tˤ/ | |
Йуд | 𐡉 | י | ي | ܝ | /j/; /iː/, /eː/ | |
Каф | 𐡊 | כ ך | ك | ܟܟ | /k/, /x/ | |
Ламад | 𐡋 | ל | ل | ܠ | /l/ | |
Мим | 𐡌 | מ ם | م | ܡܡ | /m/ | |
Нун | 𐡍 | נ ן | ن | ܢܢ ܢ | /n/ | |
Семкат | 𐡎 | ס | س | ܣ | /s/ | |
Ӏайн | 𐡏 | ע | غ,ع | ܥ | /ʕ/ | |
Пе | 𐡐 | פ ף | ف | ܦ | /p/, /ɸ/, (/f/) | |
ЦӀаде | , | 𐡑 | צ ץ | ص | ܨ | эмфатич /sˤ/ |
Кхоф | 𐡒 | ק | ق | ܩ | /q/ | |
Реш | 𐡓 | ר | ر | ܪ | /r/ | |
Шин | 𐡔 | ש | ش,س | ܫ | /ʃ/ | |
Тав | 𐡕 | ת | ت,ث | ܬ | /t/, /θ/ |
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Aramaic language and alphabet(ингалс.)