Ӏарамийн абат

(Ӏарамийн йоза тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 7 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2019, 29 май).

Ӏа́рамийн йо́зафонетикан йозанан консонантан система, кхиина Финикийн йозанах.

Ӏарамийн йоза
Йозанан тайпа консонантан
Меттанаш Ӏарамийн меттанаш, иврит, шеман
Кхолладелла меттиг Гергара Малхбале
Кхоьллина терахь вайн эрал хьалхара X—VII бӀешераш
Мур вайн эрал VIII бӀешо хьалха — VI бӀешо
Йозан агӀо Аьтту агӀонера аьрру агӀорхьа
Схьадалар Финикийн йоза
Кхиина шеман, набатейн, пехлевийн, согдийн, кхин а йозанаш
ISO 15924 Armi
Йозан масала

Ӏарамийн йоза, иштта финикийн йозанах кхиина йолу грекийчуьнга терра, дижира Малхбален абатийн Ӏарамийн генна бух тӀе — Малхбузен абатийн бух хилла грекийн абат санна. Ӏарамийн йозано шен хьаьркаш тохарца а, матрес лекционисца а кхоьллира цхьа могӀа ладаме абаташ Гергарчу Малхбалера а, Къилбаседа Африкера а, Азера а, царна йукъахь йу Ӏаьрбийн а, хӀинцалера жуьгтийн а абаташ, ткъа иштта тайп-тайпана ХӀиндин йозанаш а (брахми а, кхин дӀа деванагари а), царех схьайевлла Къилба-Малхбузен а, Йуккъера Азин а (царна йукъахь тайн а, монголийн а йозанаш) абаташ.

Ӏарамийн йоза даьржина хилар доьзна ду, Ӏарамийн мотт а, йоза а вайн эрал хьалхара VIII бӀешеран чеккхенгара дуьйна Гергарчу Малхбалехь дуьненайукъара кехаташ йаздаран а, мотт бийцаран а гӀирс хилар бахьнехь, АхеменидгӀара мехкаш дохучу хенахь ГӀажарийн империн дипломатин меттан а, йозанан а статус йелла.

Ӏарамийн мотт буьйцучу хьолехь йара деланийн культаш; хӀинца а йолу мандейгӀеран динан сектийн (хӀинцалера Иран а, Ӏиракъ а; масех бӀе мандей веха кхин а АЦШ а, Австралехь а) дисина деза жайнаш, уьш йаздина Ӏарамийн меттан мандейн меттадекъаца, и меттадакъа леладо динан гӀуллакхехь а, ткъа цуьнан уггаре тӀаьхьара кеп, цхьацца хаамашца, лелайо вовшашца къамел деш 1 эз. гергга стага Ӏиракъехь; кхин иранан мандейш буьйцу гӀажарийн мотт, ткъа Ӏиракъанчара — Ӏаьрбийн.

VII бӀешарахь Ӏаьрбаша мехкаш а даьхна, халифат кхоьллинчул тӀаьхьа шеман-Ӏарамийн меттадекъаш аратеттира Ӏаьрбийн матто; амма и процесс йеха а йара, дукхаха ерг чекх ца йелира XV бӀешарахь бен. Ӏарамийн меттан тахана долу тӀаьхьенан меттанаш, ассирийн а, мандейн а меттадакъа доцуш, Шеман масех эвлан лиер ду (хьажа МаӀалула, Соййидная), цигахь веха масех эзар стаг, дукхаха берш керстанаш.

Шеман-Ӏарамийн литература чӀогӀа шуьйра йу, доккха историн маьӀна долуш а йу: йуккъера бӀешерийн исламан ойлан къегина мур хилира шен заманахь ширагрекийн философийн, дукхаха дерг Аристотелан Ӏарамийн матте, тӀаьхьа Ӏаьрбийн матте гочдар бахьнехь.

 
Паччахь Ашокин шина меттана (Ӏарамийн текст лахахь) грекийн-Ӏарамийн йоза (вайн эрал III бӀешо хьалха, Кандагар)

Ӏарамийн меттан империн абат.

Элпан цӀе Элпан кеп Элп Жуьгтийчун
эквивалентан
Ӏаьрбийчун
эквивалентан
Шеман
эквивалентан
Аз
Алаф   𐡀 א أ ܐ /ʔ/; /aː/, /eː/
Бет   𐡁 ב ب ܒ /b/, /β/
Гамал   𐡂 ג ج ܓ /ɡ/, /ɣ/
Далат   𐡃 ד د ܕ /d/, /ð/
ХӀе   𐡄 ה ܗ /h/
Вав   𐡅 ו و ܘ /w/; /oː/, /uː/
Зайн   𐡆 ז ز ܙ /z/
Хьет   𐡇 ח خ,ح ܚ /ħ/
ТӀет   𐡈 ט ط ܛ эмфатич. /tˤ/
Йуд   𐡉 י ي ܝ /j/; /iː/, /eː/
Каф   𐡊 כ ך ك ܟܟ /k/, /x/
Ламад   𐡋 ל ل ܠ /l/
Мим   𐡌 מ ם م ܡܡ /m/
Нун   𐡍 נ ן ن ܢܢ ܢ /n/
Семкат   𐡎 ס س ܣ /s/
Ӏайн   𐡏 ע غ,ع ܥ /ʕ/
Пе   𐡐 פ ף ف ܦ /p/, /ɸ/, (/f/)
ЦӀаде  ,   𐡑 צ ץ ص ܨ эмфатич /sˤ/
Кхоф   𐡒 ק ق ܩ /q/
Реш   𐡓 ר ر ܪ /r/
Шин   𐡔 ש ش,س ܫ /ʃ/
Тав   𐡕 ת ت,ث ܬ /t/, /θ/

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан