Ӏаьнан гӀала
Ӏаьнан гӀала (1918—1943 шерашкахь — Исбаьхьаллийн гӀала[2][3]) — Российн коьрта императоран гӀала ю. Цуьнан адрес ду: Дворцовая площадь (ГӀалин майда), 2-гӀа гӀишло/ Дворцовая набережная (ГӀалин хийист), 38-гӀа гӀишло, Петарбух. Таханлера гӀалин гӀишло (пхиолгӀа) хьалайоьттина 1754-чу-1762-чу шерашкахь схьавалар италхойх долуш оьрсийн архитекторо Франческо Растрелли Бартоломеос. ГӀишлон хатӀ ду интерьерашкахь французийн рококо йолу елизаветан барокко.
Сийлахь меттиг | |
Ӏаьнан гӀала | |
---|---|
59°56′25″ къ. ш. 30°18′50″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Дворцовый округ[1] |
Архитектурин хатӀ | Елизаветинское барокко |
Архитектор | Франческо Растрелли |
Йиллинарг | Елизавета Петровна |
Йиллина терахь | 1754, 1762 |
Статус | ОТӀО № 7810514003 |
Сайт | hermitagemuseum.org/…(оьр.)(ингалс.) |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Советан заманера схьа дуьйна, гӀалин чохь дӀахӀоттийна ю Пачхьалкхан Эрмитажан коьрта экспозици.
1762-чу шарахь гӀишло яр чекхдаьллачул тӀаьхьа 1904-гӀа шо тӀекхаччалц россиян императорийн Ӏаьнан резиденци санна лелош яра.
1904-чу шарахь ӀӀ-чу Николайс даимлера резиденци Паччахьан Юьртара Александровски гӀале дехьаяьккхира.
1915-чу шеран эсаран-беттан (октябран) тӀера 1917-чу шеран лахьанан-батте (ноябран) кхаччалц гӀали чохь паччахь волу Алексей Николаевичан цӀарах госпиталь яра.
1917-чу шеран мангалан-беттан (июлан) тӀера лахьанан-батте кхаччалц гӀалин чохь Ханна йолу мехка урхалла яра.
1920-чу шарахь кхолламан баттахь (январахь) гӀали чохь схьайиллина Карчаман (Революцин) пачхьалкхан музей. 1941-ра шо кхаччалц иза а, Эрмитаж а цхьана гӀишло чохь яра.
Ӏаьнан гӀалано, ГӀалин майдано кхуллу таханлерачу гӀалин хаза архитектурин ансамбль. Россиян а, дуьненаюкъарчу а туризман объекташна юкъахь коьртачех цхьаъ ю.
-
Интерьер