Ӏаьрбийн-жуьгтийн дов (Ӏаьрбойн маттахь الصراع العربي الإسرائيلي ; жуьгтийн маттахь הסכסוך הישראלי-ערבי)- цхьана агӀор Ӏаьрбойн пачхьалкхашан а, иштта Исраилан кӀелара палестинан мехкийн бахархоша гӀодеш йолу радикалан кепе йирзинчу тобанашан а, вукха агӀор сионистийн гуламан а, цул тӀахьа Исраилан а йуккъахь хилла тӀом бу. Исраил пачхьалкх 1948-чу шарахь бен кхоьллина йацахь а, бӀе шо дара девнан историн. XIX-чу бӀешеран чаккхенгахь кхоьллира политикин сионистийн болам, цу хенахь дуьйна жуьгтий шай пачхьалкх кхолла Ӏалашо йолуш бара.

Дуьненан хьалхарчу тӀамехь эшам хилла йолу Османан импери йохарца, жуьгтий-сионисташан а, Палестинера Ӏаьрбийн махкойн а йуккъахь дов кӀаргделар. ХӀунда аьлча, шии тоба мандатан Палестинан латта дӀалаца лаам болуш йара.

20-чу оьмаран 2-чу декъехь дов доладелчхьана геополитикин проблеман тӀекхийтира динан а, оьздангаллин а, къаьмнийн а гамо.

1948-чу шарахь лулара Ӏаьрбийн мехкаш керла кхоьллинчу жуьгтийн пачхьалкхан тӀом кхайкхийначул тӀаьхьа, къийсам Палестинан дозанал арабелира. Цу хенахь дуьйна и дов литтира Исраилан а, регионехь кхинйолу Ӏаьрбийн пачхьалкхийн а йуккъахь.

Валид Халиди. «Before their Diaspora». Institute for Palestine Studies. 1984 шо.

1979-чу шарахь Мисарца а, 1994-чу шарахь Иорданица а машаран чӀагӀамашан куьг йаздинчул тӀаьхьа Исраилца мостагӀалла лелош йолу пачхьалкхаш лахйелира.

Ӏаьрбийн-жуьгтийн тӀом бийцарехь билгалдоккху Палестинан-израилан дов. И къийсам кхоллабелла Палестинехь бехачу Ӏаьрбойн а, жуьгтийн а мехкан хьашташ дуьхь-дуьхьалкхетарца.

Кхузаманахь и дов ду регионехь лаьттачу политикин гӀоьртинахиларан бахьан а, герзашца вовшахтасадаларан хьост а.

Британин мандатан мур

бӀаьра нисйан
  • 1920,1929,1933-гӀа шераш- мандатан Палестинехь гӀиттарш а, жуьгтий хӀаллакбар
  • 1936—1939 шераш- Ӏаьрбийн гӀаттам
  • 1941 шо- Фархуд я Багдадан бохам (дукха жуьгтийн бахархой байар)
  • 1945—1947 шераш- масийтта жуьгтий бохор (Триполи а, КъахӀира а, Хьалаб а, Манама (Бахрейн) а, Ӏаден а)
  • 1947 шо- Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо Палестина шина декъе −Ӏаьрбойн а, жуьгтийн а пачхьалкхе- екъаран план тӀелацар.
 
1967 шо

Израиль Пачхьалкх кхоьллинчул тӀаьхьа (1948 шо)

бӀаьра нисйан
  • 1948 шо- Лаамаллин тӀом
  • 1948-1970-гӀа шераш- Ӏаьрбийн пачхьалкхашкера жуьгтий арабовлар а, Израиле адам тӀетаттадалар а
  • 1945—1955 шераш- Мисаран а, Иорданин а, Шеман а кӀеларчу мехкашкахь беш болу «партизанан тӀом» къобалбар
  • 1956 шо- Суэцин кризис
  • 1967 шо- ялх дийнан тӀом
  • 1967—1970 шераш- МостагӀан гӀора дойуш тӀом
  • 1973 шо- Къемат-дийнан тӀом
  • 1979 шо- Кэмп-Дэвидан барт а, Мисаран-израилан машаре чӀагӀам.
  • 1982- Ливанан тӀом
  • 1994 шо- Израилан-иорданан машаре чӀагӀам
  • 2000 шо- Къилберачу Ливанер эскарш арада̃хар
  • 2006 шо- ШолгӀа Ливанан тӀом

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Ӏаьрбийн-жуьгтийн дов — йаззам бу Жуьгтийн электронни энциклопедин
  • Ӏаьрбийн-жуьгтийн дов — йаззам бу Жуьгтийн электронни энциклопедин
  • Арабо-израильские войны / К. А. Панченко // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  • «Арабо-израильский конфликт» (часть 1) // альманах «Кадайя Фикрийя» (Египет), № 6, апрель 1988—277 стр.(Ӏаьр.)
  • «Арабо-израильский конфликт» (часть 2) // альманах «Кадайя Фикрийя» (Египет), ноябрь 1988—280 стр.(Ӏаьр.)
  • Кузнецов Д. В. Арабо-израильский конфликт: История и современность. Очерк событий. Документы и материалы. — Благовещенск: Изд-во БГПУ, 2006. — 285 с.
  • Кузнецов Д. В. Проблемы Ближнего Востока и общественное мнение. В 2-х частях. Часть I. Арабо-израильский конфликт. — Благовещенск, Изд-во БГПУ, 2009. — 362 с. Переиздание: Кузнецов Д. В. Проблемы Ближнего Востока в зеркале мирового общественного мнения. Книга 1. Арабо-израильский конфликт и общественное мнение. — LAP LAMBERT Academic Publishing, 2010. — 412 с.
  • Bregman, Ahron (2002), A History of Israel, Palgrave Macmillan, ISBN 0333676319
  • Crowdy, Terry (2006), The Enemy Within: A History of Espionage, Osprey Publishing, ISBN 1841769339
  • Gelvin, James L. (2005), The Israel-Palestine Conflict: One Hundred Years of War, Cambridge University Press, ISBN 0521852897
  • Harkavy, Robert E.; Neuman, Stephanie G. (2001), Warfare and the Third World, Palgrave Macmillan, ISBN 0312240120
  • Mowlana, Hamid; Gerbner, George; Schiller, Herbert I. (1992), Triumph of the Image: The Media’s War in the Persian Gulf — A Global Perspective, Westview Press, ISBN 0813316103
  • Smith, Derek (2006), Deterring America: Rogue States and the Proliferation of Weapons of Mass Destruction, Cambridge University Press, ISBN 0521864658
  • Stone, Russell A.; Zenner, Walter P. (1994), Critical Essays on Israeli Social Issues and Scholarship, SUNY Press, ISBN 0791419592
  • Moshe Hirsch, Deborah Housen-Couriel, Ruth Lapidoth. Whither Jerusalem?: proposals and positions concerning the future of Jerusalem. — Martinus Nijhoff Publishers, 1995. — 182 p. — ISBN 9041100776, 9789041100771.
  • Naomi Comay. Arabs speak frankly on the Arab-Israeli conflict: with original documents and comments by world leaders and writers. — Printing Miracles Limited, 2005. — 224 p. — ISBN 9780955031205.
  • Peabody, James B. Escalation or Detente in the Middle East. // Military Review. — April 1972. — Vol. 52 — No. 4 — P. 35-49 — ISSN 0026-4148.