Ӏовхойн кӀошт[1][2] (оьрс. Ауховский район) — ДегӀастанан административан дакъа. Кхоьллина 1943 шеран октябрехь ДегӀастанан АССРн юкъахь, нохчий-Ӏовхойн латтана тӀехь[3]. Административан центр — ГӀачалкъа.

Административан кӀошт
Ӏовхойн кӀошт
оьрс. Ауховский район
ГӀурий а, Сал-хи а вовшахкхетар, аьтту агӀора ГӀурий, аьрру – Сал-хи.jpg
ГӀурий а, Сал-хи а вовшахкхетар, аьтту агӀора ГӀурий, аьрру – Сал-хи
Пачхьалкх Росси
Административан центр ГӀачалкъа
Бахархой 28 455
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Шоралла 43.172521
Дохалла 46.489172
Ӏовхойн кӀошт картан тӀехь
Ӏовхойн кӀошт, карта
Официалан сайт

ИсториНисъе

XIX бӀешарахь Къилбаседа-Кавказан имамалла йолучу хенахь кхузахь дара имаматан административан дакъа — Ӏовхойн наибалла[4]. Кавказан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа, Ӏовхой бехачохь цхьана хенан лаьттира административан дакъа — Ӏовхойн гуо[5].

1944 шеран февралехь нохчий-Ӏовхой Нохч-ГӀалгӀайчура нохчашца а, гӀалгӀайшца а махкахбаьхира Юккъерчу Азе, ткъа цера кӀоштан цӀехийцира ГӀазгӀумкийн керла кӀошт аьлла. КӀоштан цхьа дакъа луларчу Казбековн кӀоштах дӀатоьхна ярташка Алмакхара суьйлий ховшира[6][3].

МеттахӀотторНисъе

1980-гӀа шерийн чакхенгахь нохчий-Ӏовхоша айдира Ӏовхойн кӀошт хьалха хилачу дозанашкахь меттахӀоттор а, суьйлий, гӀазгӀумкий а шайн махкар ара бахар а[7][8]. 1991 Халкъан депутатийн III Гуламо сацамбира кӀошт меттахӀоттаян, Ширча-Эвла а, Пхьарчхошка а меттахӀоттош йолучу Ӏовхойн кӀоштан юкъа яха езаш ю[9]. Ткъа гӀазгӀумкашна латта делира Кумторкалан кӀоштехь[10].

Тахана Ширча-Эвлахь а, Пхьарчхошкахь а бахархой, бакъалла аьлча, этносийн принципехь бекъабелла бу: нохчий а, суьйлий а параллелехь бехаш бу – ишколашкахь бераш доьшуш бу шайн шайна бекъна; нохчаша а, суьйлаша а цхьана маьждигехь ламазаш а цадо. Вовшашка тезете а ца больху. Кегийрхой сих-сиха леттарш а хуьйлу[11].

ХӀолламНисъе

1989 шарахь цхьана агӀора нохчийн а, вукху агӀора суьйлийн, гӀазгӀумкийн а юкъаметииг телхира, бахьна дара нохчий-Ӏовхоша Ӏовхойн кӀошт меттахӀоттор дехича, 1944 шарахь дуьйна суьйлий а, гӀазгӀумкий а бехаш болу[12].

Хаси-Эвлан юкъараллас ГӀачалкъахь 1944 шарахь махкахбехначарна хӀоллам хӀоттиначултӀехьа Бони-Эвлан центрехь суьйлийн а, а гӀазгӀумкийн а йоккха миттиг гулйира, декъашхоша кхайкхам бира хӀоллам хӀотторо юкъаметтигаш талхош хилар, цул совнах цара Ӏедали дихира нохчий-Ӏовхой Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Шелковскан кӀоште махкахбаха аьлла[12].

Нах беха меттигашНисъе

 
 
Бони-Эвла
 
Банайюрт
 
Лакха-Отар
 
Алтмирзюрт
 
Зориотар
 
Мини-АтагӀа
 
Билт-Эвла
 
Кешен-Эвла
 
ГӀачалкъа
 
МажгӀара
 
Ярмаркино
 
Барчхойотар
 
Ширча-Эвла
 
Пхьарчхошка
 
Хаси-Эвл
 
Бурсун
 
Албур-Отар
 
Алмакх
 
Делам
 
Хений дукъ
 
Эндирей
 
Ваниг-гӀала
Ӏовхойн кӀошт

ХишНисъе

БилгалдахаршНисъе

  1. А. Вахаева. Сийлахь-воккха устаз вина де билгалдаккхар (нохчийн). — Соьлжа-ГӀала: Даймохк газет, 2019. — 12 июль (№ 52).
  2. И. Хасаханов. Дагалецира вайн халкъ махках даьккхина 75 шо кхачар (нохчийн). — Соьлжа-ГӀала: Даймохк газет, 2019. — 26 февраль.
  3. 1 2 Новицкий, 2011, с. 14.
  4. Линевич, 1872, с. 3.
  5. Лаудаев, 1872, с. 1.
  6. Адиев, 2016, с. 23.
  7. Рамазан Абдулатипов обещал ориентироваться на Рамзана Кадырова. Врио президента Дагестана посетил Чечню и посмотрел на священный волос Пророка Алексей ДРОБОТОВ
  8. СМИ: Главы Чечни и Дагестана обсудят вопросы восстановления Ауховского района Дагестана Четверг, 06 Декабрь 2018
  9. РИЗВАН РИЗВАНОВ НА СТЕЗЕ СЛУЖЕНИЯ ДАГЕСТАНУ ОЧЕРК ЖИЗНИ И ПОЛИТИЧЕСКОЙ ДЕЯТЕЛЬНОСТИ МАГОМЕДСАЛИХА ГУСАЕВА Махачкала 2003 г.
  10. ПРОБЛЕМЫ ВОССТАНОВЛЕНИЯ АУХОВСКОГО РАЙОНА НА СОВРЕМЕННОМ ЭТАПЕ
  11. Адиев, 2016, с. 24.
  12. 1 2 Новицкий, 2011, с. 95.

ЛитератураНисъе