Ӏожалла йадалар- организман дерриг биологин а, физиологин а процессийн сацар.

Медицинехь Ӏожалла Ӏамош танатологи цӀе йолу Ӏилма ду. Ӏаламехь беллачерийн декъий талха а долало. Ӏожалла- ца хила йиш йоцуш а, универсалан процесс йу, хӀунда аьлча, тӀаьххьарчу хьесапехь муьлхха а чохь садолу хӀума лийра йу. Дийначу организман кхалхарх Ӏожалла олу. Ткъа дийначу организман къаьстина компонентийн (клеткийн а, чкъуран а) дӀаяларан процессах некроз олу.

Чохь садолу санна лоруш йоцу хӀума, масала вирус, куьйгаца хӀаллак яло, амма иза кхелхина лоруш ца хуьлу.

XXӀ-чу бӀешарахь хӀора дийнахь 150000 (бӀе шовзткъе итт эзар) стаг кхелха. 

Дукхачу културашкахь а, динашкахь а теша эхартан дахар хиларах. Иштта динашкахь дуьйцу, веллачул тӀахьа, дуьненахь лелийначух стагера жоп доьхур ду, диканаш алсам хилахь а, стага ялсамане кхочур ву, цигахь цуьнан ирсе а, гӀайгӀа йоцу дахар хир ду,  ткъа къинош дерг жоьжахате чу гӀур ву, цу чохь цо цӀеран Ӏазап токхур ду.

Адамаш даларан бахьанаш

бӀаьра нисйан

Дерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организацино хаам барца, 2016-чу шарахь дуьненчохь 56,9 миллион стаг велла.

Царна йукъахь ворхӀ цамгаро 54 % адамийн дахар хадийна:

  • деган ишемин цамгар а, инсульт а —15,2 млн стаг;
  • дӀа ца йолу обструктиван пехийн цамгар 3 млн стаг ;
  • пехийн цӀе ца йоккхург а, къамкъарган цӀе ца йоккхург а, йекъа къамкъаргашна цӀе ца йоккхург а 1,7 млн стаг;
  • диабет 1,6 млн стаг;
  • некъахьовзамаш 1,4 млн;
  • чохьлазар 1,4 млн
  • некхан цамгар  1,3 миллион стаг.

ХӀора шарахь дуьнентӀехь тонкано бархӀ миллион стаг воь. ШозлагӀачу тонкин кӀуьро Ӏаткъам барца цхьа миллион стаг ле.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан