Android («Андро́ид») — телефонашна а, планшетин компьютершна а, электронан жайнашна а, терахьийн проигрывательшна а, телевизоршна а, нетбукашна а, смартбукашна а лерина операционан система. ТIаьхьалонна и система машенашна а ян лаам бу. И операционан система Linux олучу ядро тIехь а, Google компанин шен долара Java Virtual Machine виртуальни машенан тIехь а кхоьллина ю. Кхолла йолийна хилла Android Inc. компанис, амма тIаьхьо цаьргара и кхоллам схьаэцна Google компанис. Цул тIаьхьа цо кхоьллина Open Handset Alliance (OHA) альянс, хIинца Android-н накъосталла а, иза кхин дIа кхиаяран а белхаш беш йолу. Android ОС аьтто ло Java-приложенеш кхолла, Google библиотекашна чухула урхалла деш йолу. Ткъа Android Native Development Kit-н гIоьнца библиотекаш а, приложенин компоненташ а партировать яло, нагахь санна уьш я Си а, я кхечу программа хӀотторан меттанашкахь кхоьллина елахь.

Android
Белхан стол ОС Android 9 Pie
Белхан стол ОС Android 9 Pie
Кечдархо Google,
Open Handset Alliance
Осан доьзал Linux
ДӀайолалун код свободное и открытое программное обеспечение, проприетарные драйверы
Дуьххьара арахецар 2008 шаран 23 сентябрехь
ТӀаьххьара верси 5.0 Lollipop (2014 шаран 14 декабрехь)
Пакетийн менеджераш Google Play, Яндекс.Store, Amazon Market
Долу меттанаш оьрсийн а, кхин а
Йолу платформаш 32-бит а 64-бит а: ARM, MIPS, x86
Ядрон тайпа монолитан модификаци йина ядро Linux
Лицензи Apache v2 — пространство пользователя,
GPL v2 — ядрон патчаш Linux[1]
ДӀайолалун кодан репозитори android.googlesource.com
android-review.googlesource.com/…
Веб-сайт android.com(ингалс.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

2014-чу шеран шолгIачу кварталехь йоьхкинчу смартфонийн 86% чу хIоттийна хилла Android операционан система[2].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Licenses (инг.). Android Open Source Project. Android. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 январь. Архивйина 2013 шеран 21 январехь
  2. "Android Captures Record 85% Share of Global Smartphone Shipments in Q2 2014"(ингалс.). http://www.strategyanalytics.com. 2014-07-30. Дата обращения: 2014 ш. 03 августехь. {{cite news}}: Внешняя ссылка в |publisher= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (внешние ссылки)

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Йаззамаш