Fairytales (нох. Туьйранаш) — норвегин йишлакхархочун Москохан Евровизион 2009 къовсаман толамхочун Рыбак Александран дебютан студин альбом. Альбом арахецна 2009 шеран 1 июнехь Россехь а, Норвегехь а. Финляндехь, Германехь, Данехь, Австрехь альбом арайелира EMI лейблца. Россехь, Желтойчохь, Кипрехь альбом арахецна Universal лейблца. Дукхаха йолу альбом тӀера композицеш Рыбак Александра ша йазйина.

Fairytales
Альбоман мужалт Рыбак Александр «Fairytales» (2009)
Студин альбом Рыбак Александр
Арахецаран терахь 2009 шеран 1 июнехь[1][2]
Йазйина терахь 2008—2009
Жанр
Йохалла 43:47
Продюсер
Эшарийн мотт Ингалсан мотт
Лейбл EMI (NOR, FIN, DEN, GER, AUT)
Universal (RUS, GRE, CYP)
Хронологи Рыбак Александр
Fairytales
(2009)
No Boundaries
(2010)

Оцу альбоман хьалхара сингл — йиш «Fairytale», цуо хьалхара меттиг йаьккхинера Москохара Евровизион 2009 эшарийн къовсамехь, рекорд хӀоттира 387 балл. Европин дукхаха болчу мехкаша оцу эшарна уггаре лакхара баллаш йелира.

ШолгӀа эшар йара «Funny Little World». Иза арахецна сингл тӀехь терхьан вариантехь 13 майхь, Рыбак Александр винчу дийнахь. Эшар норвегин чарташкахь гучуйаьлча, цхьана йишлакхархочун шина эшаро лакхара ши меттиг йаьккхина дуьххьара хилла меттиг йу.[3]

КхоалгӀа сингл — иза «Roll With the Wind» эшар йу. Радион ротаци а, терхьан йар а йолийра 2009 шеран 2 июнехь. Эшар йазйина ЭрикссонгӀара Мэртона а, Лизас а.

Композицийн исписка нисйе бӀаьра

ЦӀеАвтор Йохалла
1. «Roll With the Wind» Мэртэн Эрикссон, Лиза Эрикссон 3:34
2. «Fairytale» Рыбак, Александр 3:05
3. «Dolphin» Рыбак, Александр 4:16
4. «Kiss and Tell» Рыбак, Александр, Бергсэс Ким 3:20
5. «Funny Little World» Рыбак, Александр 3:46
6. «If You Were Gone» Рыбак, Александр, Сомерро Хэннинг 4:31
7. «Abandoned» Рыбак, Александр, Молчанов Кирилл 4:09
8. «13 Horses» Рыбак, Александр 5:42
9. «Song from a Secret Garden» Лёвланд, Рольф (Secret Garden) 3:30

Бонус трекаш нисйе бӀаьра

ЦӀеАвтор Йохалла
10. «500 Miles» The Proclaimers 3:24
11. «Vocalise[4]» Рахманинов, Сергей 4:31

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Fairytales - Rybak Alexander Архиван копи 2009 шеран 14 майхь дуьйна Wayback Machine тӀехь, CDON.eu
  2. Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 31 майхь. Теллина 2009 шеран 28 майхь. Universal Music Russia
  3. Dobbel-topp for Alexander. VG. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 31 мартехь. Теллина 2010 шеран 20 февралехь.
  4. Fairytales (Incl. Bonus Track) - Alexander Rybak(ТӀе цакхочу хьажорг), Amazon.de
Хьалха хилларг:
Ранетки Пришло наше время
Лидер розничных продаж альбомов в России (по версии Billboard)
июнь 2009
Когаметтаниг:
Майкл Джексон King of Pop