Ӏаьржа гӀиргӀа
(Iаьржа гIиргIа тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху йаззамна оьшу кхин хьажоргаш кхечу йаззамашна тӀе энциклопеди интеграци хилийта. |
Ӏаьржа гӀиргӀа — (en. Black Kite), (оьрсаша "Черный коршун" олу). Доккха олхазар ду иза, готтиро тIемаш а долуш. ЦIога йоьххьера жимма шалго дирзина ду, тукарца хадош юкх чу яьхьчи санна. Генара бIаьрг кхетчи Iаьржа хеталуш бу цуьнан бос. Цундела "Iаьржа гIиргIа" олу цунах. Амма цуьнан бос таьIна ал бу. ЧукIело хьаьрса ю, таьIна ал тIедарчий а долуш.
- Корта басна сирло бу. И тайпа гIиргIанаш хуьлу Европехь, Азехь, Африкехь, Мадагаскарехь, Индо-Австралийски архипелагехь, Австралехь. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь а ду и тайпа гIиргIанаш, массо а меттехь бохург санна. Бакъду, ламанийн даккъашкахь ца хуьлу уьш. Хин тогIеш, Iаьмнаш долу меттигаш еза царна. ГIалина а, ярташна а гергахьа даан напгIа долчохь хуьлу уьш. ДIай-схьай кхелхаш олхазар ду иза. Вайн махка схьадогIу мархи-биэкарг баттахь. Баннаш диттийн баххьашкахь до. Бен тобеш тIаргIа а бехчалгаш а кхин тайпа кIеда хIуманаш а йохку. ХIоьаш тушоли баттахь до 2-3.
- Мокха тIедарчий а долуш, кIай хуьлу хIоьаш. КIорнеш мятсел баттахь бенара гIовтта. Тав, ардар баттахь бовхачу махка дIакхелха уьш. Лаккха хIаваэхь готуьйсуш лоху цара ижу. Еллачу бежнийн, кхин йолчу хIуманийн дилх, кегийра олхазарш, дехкий, моьлкъарчий, лаьхьий доу цара. Ялтийн хасстомийн аренашка тухучу дIовшо хIаллакдо уьш. Юьртабахамна пайдехь а хиларна, кIезиг а хиларна ларо дезачех ду Iаьржа гIиргIа.
Ӏаьржа гӀиргӀа | |||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| |||||||||||||||||||||||||||||||||
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Milvus migrans (Boddaert, 1783) | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Ларйен статус | |||||||||||||||||||||||||||||||||
|