NCAA йерригамерикин гулйина божарийн баскетболан команда 1970

NCAA йерригамерикин гулйина божарийн баскетболан командаш (инг. The NCAA Men's Basketball All-American Teams) — тайп-тайпана кхолламаша кхаж тасарца студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) уггаре дика баскетболхойх хӀоттийна сийлаллин гулйина командаш.

Истори нисйе бӀаьра

Дуьххьарлера йерригамерикин студентийн баскетболан гулйина команда хаьржира College Humor журнало, ткъа ша Christy Walsh Syndicate 1929 шарахь. 1932 шарахь мачийн Converse компанис зорба тоха йолийра йерригамерикин гулйина командин шен верси шен хӀора шеран «Converse Basketball Yearbook» журналехь, иза дора 1983 шо кхаччалц, журнал дӀакъовлалц. 1936 шарахь йиллира Helms Athletic Foundation, цуо ретроспективаца хӀиттийра 1905—1935 шерийн сийлаллин гулйина командаш, ткъа кхин а хӀора шарахь испискаш хӀиттайора 1983 шо кхаччалц. 1948 шарахь дуьйна Associated Press арахецаралла йолайелира йерригамерикин гулйина командин шен верси[1].

Консенсуалан гулйина командаш нисйе бӀаьра

Йерригамерикин командаш хӀитто МХГӀ тӀе мел кхета, NCAA билгалйоккхура консенсуалан йерригамерикин гулйина командаш 1905 шо кхаччалц[2]. И командаш хӀиттийна йара шинна тӀера йалханна тӀекхаччалц медиа-хьостийн чоьтаца, студентийн баскетболан дукхаха болчу экспертийн ойла гайта лерина йара. ХӀинца Консенсуалан гулйина команда билгалайоккхуш лелайо йиъ команда, уьш кхуллу Associated Press, Баскетболан тренерийн къоман ассоциацис, Цхьаьнатоьхна Штатийн баскетболан журналистийн ассоциацис, Sporting News журнало. 1984 шарахь дуьйна NCAA консенсуалан гулйина команда билгалйаккха лелайо стандартан очкон система. Хьалхара гулйина командин йукъаваханчун ло кхо очко, шолгӀачун — шиъ, кхоалгӀачун — цхьаъ. ЙоьлгӀа йа кхин а лахарачун йукъарчарна цхьан а ца ло. Уггаре дукха очкош йаьхна пхи ловзархо (царна тӀе оццул гулйинарш) хьалхара гулйина командин йукъа туху, царел тӀаьхьара пхи ловзархо (царна тӀе оццул гулйинарш) — шолгӀачу гулйина командин йукъа туху[3].

Консенсусан гулйина команда билгалйоккху кхолламаш нисйе бӀаьра

Тайп-тайпана шерашкахь консенсусан гулйина команда билгалйоккхура лахара кхолламаша а, МХГӀ а. 1905 – 1928 шерашкахь Helms Athletic Foundation версица йолу команда лорура NCAA «официалан» команда[4].

Кхоллам/МХГӀ Шераш
Helms Athletic Foundation 1929—1948
College Humor 1929—1933; 1936
Christy Walsh Syndicate 1929—1930
Converse Yearbook 1932—1948
Literary Digest 1934
Мэдисон-сквер-гарден 1937
Omaha World 1937—1942
Newspaper Enterprise Association (NEA) 1938; 1953—1963
Collyer’s News Bureau 1942—1944
Pic 1939
Sporting News 1943—1946; 1960—1962; 1998—н.в.
Argosy 1945
True 1946—1947
Associated Press (AP) 1948—н.в.
United Press International (UPI) 1949—1996
Look 1949—1962
Collier’s 1949—1956
International News Service 1950—1958
Баскетболан тренерийн къоман ассоциаци (NABC) 1957—ХӀ. а.
National Collegiate Association Bureau 1961
АЦШ баскетболан тренерийн ассоциаци (USBWA) 1963—ХӀ. а.

Уггаре дика итт университет нисйе бӀаьра

Йерригамерикин консенсуалан хьалхара гулйина командин алсама ловзархой йукъакхаьчна уггаре дика итт дешаран меттиг. Йуьззина исписка ган таро йу хӀоккхехь.

Университет Харжамаш Ловзархой ТӀаьххьара харжар
Канзас 30 23 2018 (Девонте Грэм)
Къилбаседа Каролина 27 18 2017 (Джастин Джексон)
Кентукки 26 21 2016 (Тайлер Улис)
Пердью 26 18 2017 (Калеб Суониган)
Дьюк 24 21 2019 (Барретт, Уильямсон)
Пенсильвани 24 14 1953 (Эрни Бэк)
Нотр-Дам 23 14 2015 (Джериан Грант)
Висконсин 21 18 2015 (Фрэнк Камински)
УКЛА 21 15 2017 (Лонзо Болл)
Колумби 19 13 1957 (Чет Форте)

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Men's Basketball All-Americans. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 23 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 18 январехь Архивйина 2008-03-20 — Wayback Machine
  2. Official NCAA Consensus All-Americans. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 1 апрель. Архивйина 2013 шеран 29 июнехь
  3. 2009–10 NCAA Statistics Policies(updated 9/2/2009). National Collegiate Athletic Association (2009 шеран 2 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 26 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 29 июнехь
  4. NCAA Men's Basketball Finest(бил-боцу.). — NCAA Publications, 2016. — С. 174—176.