Йукъара ресурсаш гойтург (инг. URL — Uniform Resource Locator) — ресурсан цхьатера локатор (йолу меттиг билгалйириг). Хьалха цунах олура Universal Resource Locator — универсальни ресурс гойтург. URL йу стандартан Интернетехь ресурсан йолу адрес дӀайаздо некъ.

Истори нисйе бӀаьра

URL кхоьллина Тим Бернерс-Лис 1990 шарахь. Цу хенахь иза вара Женевехь (Швейцари) йолу Ядерни талламашан Европин советехь болх беш вара. URL хилира Интернетан коьрта кхолламах цхьаъ. Хьалха иза йара Дуьненан гезгмашехь йолу ресурсан меттиг гайта лелош. Тахана URL лелайо Интернетан массо а ресурсан адрес гойтуш. ХӀинца URL йуцуш йу цул йоккха йолу URI системан дакъа ду аьлла. URL дашан метта х1инца лело долуш ду URI дош.


Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра