ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.



Ubuntu ([ʊˈbʊntuː]; зулу маттара ubuntu — адамалла; «Убу́нту») — операцийн система ю, GNU/Linux юкъе йогIуш дистрибутив ю, проект Debian бух тIехь йина. Оц проектан коьрта спонсор «Canonical Ltd.» компани ю. ХIинца проект жигар кхуьуш ю, маьхза юкъарлоно цунна гIо до.

ubuntu 14.04

Canonical-о боха, Ubuntu 20 миллион пайдаэцархоша лелош ю. Ubuntu 4-гIа уггар гIараяьлла веб-серверийн Linux дестрибутив ю. DistroWatch.com версица (2014 шеран) 2-гIа меттехь ю десктопшан юкъехь.

Дукхах дистрибутиван керла версиш хIора эхшарахь арайовлу, исс баттахь кхерамзаллин цӀиндаршца (13.04 тIера дуьн дIа,цул хьалха накъосталла хIора эхшарахь хуьлаш дара).

LTS-версиш, шин шарахь цкъа арахоьцуш ю, царна пхин шара чохь гIо до - серверан варианташна а, ишт десктопан варианташна а.(12.04 LTS-верси тIе кхаччалца, LTS-версишан десктопан гIодаран хан кхо шо дара). Кхин ubuntu доьзалах йолу LTS дистрибутивашна кхана шарахь дуьззана накъосталла до, системи буххан (ядро,Xorg,кхин йолу компоненташ) — пхин шарахь накъосталла хуьлу.

Скринншотш

бӀаьра нисйан