ГӀой-Чу йа ГӀой-хиРоссийн эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан а, Шуьйтан а кӀошташкахула, Соьлжа-ГӀалахула. Соьлжан аьтту га.

ГӀой-Чу
оьрс. Гойта
Амал
Дохалла 41 км
Бассейн 117 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Эрк долу меттиг ГӀой-Корта
 • Локхалла 729 м
 • Координаташ 42°58′21″ къ. ш. 45°36′25″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Соьлжа
 • Эрк чекхдолу меттиг 97 км аьтту бердаца
 • Локхалла 132 м
 • Координаташ 43°17′07″ къ. ш. 45°39′36″ м. д.HGЯO
Хин охьане 14,5 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
Регион Нохчийчоь
КӀошташ Соьлжа-ГӀала, Хьалха-Мартанан кӀошт, Шуьйтан кӀошт
Код  ПХР чохь 07020001112108200005789[1]
ГӀой-Чу (эрк) (Нохчийчоь)
— хьост, — хикхоче

Географи нисйе бӀаьра

ГӀой-Чу эрк схьадолу ГӀой-арц[2] тӀиера хьуьнхахь, ГӀой-Корта ломан гергахь[3]. ОхьадогӀу ГӀой-Чу эвлан уллехула къилбаседехьа. ГӀой-Йистан гергахь кхета Органан татол. ТӀаккха къилбаседехьа долу ГӀойтӀахула. Соьлжа-ГӀалан чохь йина Ӏаьржа эркан хилоттийла. Хикхоче ю Соьлжа-ГӀалин Сайхановн ураман малхбузехьа, Соьлжан хикхочел 97 км аьтту бердаца. Эркан дохалла 41 километр, хи гулден майда — 117 км²[4].

Хин объектан система: СоьлжаТеркКаспий-хӀорд.

ЦӀе нисйе бӀаьра

«Кавказан топонимин дошамца», «гидрониман бух бу йа вайнехан гӀой — „тӀемаш“, йа гӏуй — кевнаш къовлу гӀирс[3].

Истори нисйе бӀаьра

1846 шарахь баьккхира хуьнан йукъахула ГӀойтӀан некъ, цул тӀаьхьа, «ЭСБЕца», «эркаца даьхна нохчийн цхьа дакъа, кхелхира Ӏаьржа лаьмнашка, машаренаш охьахевшира оьрсийн гӀопашна чу». XX бӀешеран юьххьера хаамашца, ГӀой-Чун аьтту бердаца хьун яцара, ткъа аьтту берд хикхоче кхаччалц хьун йолуш бара[5].

ГӀой-Чуца доза доькъу шина этнографин кӀошташна — Йоккха а, Жима а Нохчийчоьн[6].

Хин реестрах хаамаш нисйе бӀаьра

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[4].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005789[4].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
  2. Сулейманов, 2006, с. 427.
  3. 1 2 Гойта // Топонимический словарь Кавказа. А. В. Твердый. 2011.
  4. 1 2 3 Государственный водный реестр РФ: Гойта. Архивйина 2012 шеран 22 августехь
  5. Кузнецов Н. И. Гойта // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  6. Гойта // Большая советская энциклопедия : в 66 т. (65 т. и 1 доп.) / гл. ред. О. Ю. Шмидт. — М. : Советская энциклопедия, 1926—1947.