Соьлжа (гӀалгӀ. Шолжа, оьрс. Сунжа[3]) — Къилбаседа Кавказан малхбален декъера эрк, Теркан аьтту га.

Соьлжа
гӀалгӀ. Шолжа
Сурт
Амал
Дохалла 278 км
Бассейн 12 200 км²
Хи дайар 82,9 м³/с (БоргӀане)
ДӀаэхар
Хьост[?] Ушкорт[1].
 • Эрк долу меттиг Доккха Кавказан дукъ
Къилбаседа ХӀирийчоьнан Пригородни кӀошт
 • Локхалла 1200 м
 • Координаташ 42°55′37″ къ. ш. 44°52′54″ м. д.HGЯO
Хикхоче Терк
 • Эрк чекхдолу меттиг э. БоргӀане (Гуьмсан кӀошт)
 • Локхалла 28 м
 • Координаташ 43°26′27″ къ. ш. 46°08′05″ м. д.HGЯO
Хин охьане 1,2 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
Регионаш Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, Нохчийн Республика
Код  ПХР чохь 07020001112108200005420[2]
Соьлжа (эрк) (Кавказ)
хьост
хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Теркан бассейн
Сольжа эрк

Дохалла — 278 км, бассейнан майда — 12 000[4] км². Хьост — Доккха Кавказан дукъан къилбаседа басе 1200 м лакхахь. Хин даржаран йукъара барам 3800 г/м³: шарахь хино охьахьо 12,2 млн тонн латта а, гӀум а. Леладо аренашна хи дуьллуш.

Соьлжан некъ нисйе бӀаьра

Соьлжа долало ломан Ушкорт массиверчу шешкара, цигара Учхутан ломан рагӀ йоькъуш, шина Сугулта а, Соьлже а ломан чӀоже кхочу. Кхин дӀа ГӀалгӀайчухула къилбаседехьа доьду 37 км гена. Эккажакъоьнгий-Йурт уллехь Соьлжа арадолу масех генца, 12 км охьадоьду Эльдархан-ГӀала кхаччалц. Кхузахь хи малхбалехьа доьрзий Заки-Эвла кхаччалц охьадоьду, ткъа цигара 85 км охьадахчи Терках кхета[5].

Хин раж нисйе бӀаьра

Соьлжан чохь хи даиман а шорта хуьлу. ЧӀогӀа а, дукха а догӀнаш даьхкичи хи дестий 4 м кхаччалц хьаладала таро ю. Хи деста апрель-май беттанашкахь, Ӏаьнан лайнаш дешачу хенахь а, алсама догӀнаш догӀучу хенахь а. XIX-XX бӀешерашкахь хи гӀорадора, дерриг аьлча санна, цхьаццанхьара хи чехка долу меттигаш йоцурш. Масалаш ду, оьрсийн эскарш шан тӀехула артиллерица а, безачу мохьца а Соьлжех довлуш[6], амма тӀаьхьарчу хенахь хи гӀорош дац, Кавказехь климат кӀадъялар бахьнехь.

Бахамехь пайда иэцар нисйе бӀаьра

XIX бӀешарахь нохчаша Соьлжин бердаш йисттера хьун хьокхий, бӀаьста хи дистича охьайохьуьйтура ГӀизлара йохка[7]. Соьлжан хи леладо аренашна хи дуьллуш, чӀара лоцуш.

Геннаш нисйе бӀаьра

Аьрру геннаш: Хьач-хи. Аьтту геннаш: Ӏасс, Валарг-хи, Гиха, Марта, ГӀой, Орга, Бас, Гумс.

Соьлжан тӀиера нах беха меттигаш нисйе бӀаьра

Соьлжан тӀехь ю:

Филателехь нисйе бӀаьра

 
«Соьлжа-ГӀала. Соьлжа эркан бердйист». ССРС конверт. 1965 шо.
 
«Соьлжа-ГӀала. Соьлжа эркан бердйист». ССРС конверт. 1972 шо.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Устаев А.Л. «География Чеченской Республики» 8-9 кл., Грозный, 2011, стр.20
  2. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
  3. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
  4. «Река Сунжа» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
  5. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859, стр.8
  6. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859, стр.8
  7. Сулейманов, 1997, с. 543, 544.
  8. 1965 год. Каталог почтовых марок СССР. 1965 год. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 12 февраль. Архивйина 2010-01-24 — Wayback Machine
  9. 1972 год. Каталог почтовых марок СССР. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 12 февраль. Архивйина 2010-01-27 — Wayback Machine

Литература нисйе бӀаьра