ДКъБА 2017 шарахь

ДКъБА 2017 шозударийн къоман баскетболан ассоциацин (ДКъБА) 21-гӀа шо хилира, иза чекхдаьлчи чемпион, доьаззалгӀа, елира «Миннесота Линкс» команда.

ДКъБА 2017 шарахь
Драфт
Хьалхара лоьмар: Келси Плам
  Хаьржина командо: Даллас Уингз
РогӀера шо
Уггаре дика команда: Миннесота Линкс
Очкошца уггаре диканиг: Грайнер Бриттни (21,9)
(Финикс Меркури)
Финал
Чемпион: Миннесота Линкс
  Финалхо: Лос-Анджелес Спаркс
Финалан MVP: Фаулз Сильвия (Линкс)
ДКъБА шераш

← 2016

2018 →

РогӀера чемпионатехь дакъалецира 12 клубо, оццула хьалхарчу шарахь а яра. 13 апрелехь Нью-Йоркехь (Нью-Йорк штатехь) 2017 шеран ДКъБА драфтехь хьалхарчу лоьмарца «Сан-Антонио Старз» командо хаьржира Вашингтонан университетера турсло Плам Келси. ШолгӀачу лоьмарца оцу драфтехь «Чикаго Скай» командо хаьржира Къилба Каролинин университетан центровой Коутс Элейна.

РогӀера шо доладелира 13 майхь «Нью-Йорк Либерти» а, «Сан-Антонио Старз» а командашна йукъара матчца, «Нью-Йорка» атта иэшийра шен мостагӀ 73:64 чоьтаца. 22 июлехь «Ки-аренехь» Сиэтлехь (Вашингтон штат) хилира дерриг седарчийн матч, оцу шарахь из адӀахьуш яра классикин форматехь (Малхбузен дуьхьала Малхбале). Оцу матчехь Малхбузен командо иэшийра Малхбален команда 130:121 чоьтаца. Оцу матчан уггаре мехала ловзархо лерира «Миннесота Линксан» форвард Мур Майя, цуо аренехь йаьккхина 23 минотехь, чукхоьссира 23 очко, 3-зза буьрка схьаийцира, 3-зза жамӀе дӀаелира буьрка Малхбузен командин юкъахь. РогӀера чемпионат оцу шарахь чекхъелира 3 сентябрь, MVP цуьнан лерира «Миннесота Линкс» командин йукъара Фаулз Сильвия. «Коннектикут Сан» клубан тренер, Миллер Курт, лерира шеран тренер, «Даллас Уингз» йукъара Грей Алишашеран керла ловзархо. 2017 шеран официалан турнир чекхъелира 4 октябрехь, оцу дийнахь «Миннесота Линксо» иэшийра кхаа толаме кхаччалц йолу финалан серин тӀаьххьарчу матчехь «Лос-Анджелес Спаркс» клуб, ткъа финалан MVP иштта къобал йира Фаулз Сильвия.

Декъашхой нисйе бӀаьра

Малхбален конференци
Клуб ГӀала Стадион Чухоам Коьрта тренер Европин ловзархой Евролигин 2016/17 совгӀатхой
Атланта Дрим Атланта Филипс-арена 18 047   Майкл Купер   Санчо Литтл   Санчо Литтл
Чикаго Скай Роузмонт Олстейт-арена 17 500   Эмбер Стокс   Элли Куигли
Коннектикут Сан Анкасвилл Мохеган Сан Арена 9518   Курт Миллер
Индиана Фивер Индианаполис Бэнкерс Лайф-филдхаус 18 165   Поки Четмэн
Нью-Йорк Либерти Нью-Йорк Мэдисон-сквер-гарден 19 812   Билл Лэймбир   Аманда Зауи   Эпифанни Принс
Вашингтон Мистикс Вашингтон Верайзон-центр 20 356   Майк Тибо   Эмма Миссеман   Эмма Миссеман
  Кристи Толивер
Малхбузен конференци
Клуб ГӀала Стадион Чухоам Коьрта тренер Европин ловзархой 2016/17 шеран Евролигин совгӀатхой
Даллас Уингз Арлингтон Колледж-парк-центр 7000   Фред Уильямс
Лос-Анджелес Спаркс Лос-Анджелес Стэйплс-центр 18 997   Брайан Эглер   Сандрин Груда   Ннека Огвумике
  Кэндис Паркер
  Сандрин Груда
  Жантель Лавендер
Миннесота Линкс Сент-Пол Эксел Энерджи-центр 17 954   Шерил Рив   Теми Фаджбенл
  Чечилия Дзандаласини
Финикс Меркури Финикс Токинг Стик Ризот-арена 18 055   Сэнди Бронделло   Дайана Таурази
  Бриттни Грайнер
Сан-Антонио Старз Сан-Антонио AT&T-центр 18 797   Вики Джонсон
Сиэтл Шторм Сиэтл Ки-арена 17 072   Дженни Бусек

Шеран жамӀашца совгӀаташ нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • 2017 WNBA Draft Board (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 6 октябрь.
  • Schedule Games 2017 WNBA Season (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 6 октябрь.
  • 2017 WNBA Final Standings (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 6 октябрь.
  • 2017 WNBA Season Summary (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 6 октябрь.
  • 2017 WNBA Season Awards (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 6 октябрь.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра