СурдукъетӀе

СурдукъетӀе[1] — йуккъерачу бӀешерийн вайнехан тайпан кхоллам бу[2][3] хӀинцалерчу ломан ГӀалгӀайчуьра а, къилба Нохчийчуьра а. Дукхаха болчу историкаш дийцарехь, «сурдукъетӀе» этноним йуста йеза хӀинцалерчу нохчийн, гӀалгӀайн, бацойн дайшца[2][3].

Кавказа 1676 шарахь, СурдукъетӀе фарансойн метта «Zuirie».

Этноним схьайалар нисйе бӀаьра

1926 шарахь хилла Орган-чӀож чохь нохчийн эвла Зурзукъа Ваштар хи тӀехьа хилла, Улус-Кертана а, ЗазаргӀана а къилб-малхбалехьа [4].

ХӀара этноним тоярхьама леррина тептар йаздина волчу С. Джамирзаевс, йаздо: «СурдукъетӀе гуьржийн тептаршкахь хьехайо тӀемаца дуьстина, цуьндела оцу деша хьалхара дакъа дусту нохчийн а, гӀалгӀайн а сур — „эскар“, ткъа шолгӀа „дукъ“ дешнашца, аьлчи а „дукъан эскар“».

ГӀалгӀайн историкаш дийцарехь СурдукъетӀе (гуьрж. Дзурдзукети, Дурзукети), долчух тера хета гуьржаша галдаьккхина дуьйцу гӀалгӀайн дийцар «Дардза къуньгиш» (Дерцан кӀентий). Кхин цхьа агӀо а бу, цуо боху СурдукъетӀе исторера стаг ву ГӀалгӀайчуьра Джейрахан Ӏине Гуьржийчухула, йуккъерчу бӀешерашкахь Шема олуш хиллачу махкара веана, амма уггар а хьалхара иза хьехош волу тептарш VIV бӀешо вайн эрал хьалхара ду[5], ткъа оцу хенахь оцу махкахь дехаш урартийн къам дара.

Ӏарбийн географаш IXX бӀешерашкахь махках олуш хилла «Дурзук», ткъа Аьссан Ӏинах — Баб-Сул (Баб-Сур — «Эскаран кевнаш»)[5].

Географин хоттам нисйе бӀаьра

СурдукъетӀе мохк бара хӀинцалера ломан ГӀалгӀайчоь а, къилба Нохчийчоь а. Кхин а цхьа агӀо йу: VI Вахтанган тептаршкахь СурдукъетӀе этноним лелайо глигваш а, кистой а билгалбохуш шоззе а, ткъа XII бӀаьшеран академика Джавахишвили Иванэн картин тӀехь, СурдукъетӀе доза ду къилбехьа Кахетица, малхбалехьа — ДегӀастаца, аьлчи а Къилбаседа Кавказан йуккъахь лаьтта. ДегӀастанан а, СурдукъетӀе а йоькъу «СурдукъетӀан лаьмнаш». Багратиони Вахуштис шен «Гуьржехан дахар» цӀе цолчу балхан тӀехь хьахайо «кист-сурдукъатӀе» («кист-дзурдзуки»), буьйцу махке хьаьжчи, кистой — гӀалгӀай бу, ткъа сурдукъетӀой — нохчий бу (В. Гамрекелин белхашкара) (Какабадзе, 1969:286).

Истори нисйе бӀаьра


Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Джамирзаев С. К этимологии слова "дзурдзукъи (дзурдзуки). — «Вопросы вейнахской лексики», Гр., 1980
  2. 1 2 Какабадзе С. Грузинские документы института народов Азии АН СССР, М., 1969 (PDF-версия)
  3. 1 2 Кузнецов В. Введение в кавказоведение: историко-этнологические очерки (Поиск по книге слова «Дзурдзуки»)
  4. Военно-топографическая пятиверстная карта Кавказского края 1926 года
  5. 1 2 М. М. Базоркин «История происхождения ингушей» Орджоникидзе, 1937 г.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра