Аапста (эрк)
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Аапста — республика Абхазера доьду хи, долало Ачбихвдара дукъан къилба басешкахь Гудаутан дукъ даккхарехь попнийн хьаннашкахь[1] 1445 метр хӀордан сизал лакхахь[2]; хикхоче Ӏаьржа хӀорд тӀехь ю Приморски поселкан а, Гудаута гӀалан[3] а йукъахь. Гидроним гочйо абхазийн маттара «аапсы» - базанан хи аьлла[4].
Аапста | |
---|---|
Амал | |
Дохалла | 35 км |
Бассейн | 243 км² |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Эрк долу меттиг | Ачбихвдара дукъ |
• Локхалла | 1445 м |
• Координаташ | 43°17′47″ къ. ш. 40°49′07″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Ӏаьржа хӀорд |
• Эрк чекхдолу меттиг | Гудаутан 5 км малхбалехьа |
• Локхалла | 0 м |
• Координаташ | 43°05′13″ къ. ш. 40°41′15″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 41,3 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Пачхьалкх | |
Регионаш | Сухуман кӀошт, Гудаутан кӀошт |
— хьост, — хикхоче |
Хих лаьцна
бӀаьра нисйанХин дохалла 35 километр, бассейнан майда — 243 км2, хин охьане 41,3 ‰, алсама йолу шоралла 15 метр, кӀоргалла 0,3 - 2,1 метр, хин сихалла 1,3-1,6 м/с[2].
Юккъерачу а, лахарчу а декъехь бердашца попнийн а, пхен а хьаннаш ю[1]. Хи тӀехь лаьтта эвланаш Аацы а, Абгархук[3] а, хикхочехь — Приморски.
Хи далар — лаьмнашкахь лайх, ткъа хикхочен гергахь догӀанах долу. Хин минералийн юккъера барам 213 мг/л. Хинан хӀоттаман тайпа — ӀаьржахӀордан, хи деста шеран муьлххачу заманахь а[2].
Геннаш
бӀаьра нисйанАапстан 83 га ду, цуьнан бассейнан хин машан луьсталла 0,77 км/км2[2] ю. Коьрта геннаш ду:
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 Картан кехат K-37-34-1.
- ↑ 1 2 3 4 Б.А. Вахрушев, В.Н. Дублянский, Г.Н. Амеличев. Карст Бзыбского хребта. Западный Кавказ Архивйина 2020-10-30 — Wayback Machine. М.: Изд-во РУДН, 2001.
- ↑ 1 2 3 4 Картан кехат K-37-34-3.
- ↑ А.В. Твердый, «Топонимический словарь Кавказа». 2011
- ↑ А.С. Гусев, С.Е. Мазина. Результаты индикаторных опытов и движение карстовых вод в южной части Хипстинского массива. Комплексное использование и охрана подземных пространств: Междунар. науч.-практ. конф., посвящ. 100-летнему юбилею науч. и туристско-экскурсионной деятельности в Кунгурской Ледяной пещере и 100-летию со дня рожд. В. С. Лукина / ГИ УрО РАН; под общ. ред. О. Кадебской, В. Андрейчука. – Пермь, 2014. – 380 с.
- ↑ 1 2 https://www.marshruty.ru/Places/PlaceGoogle.aspx?PlaceID=2e314c6e-6a7a-4f66-bf52-e51b51f1eb4a
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |