Аапстареспублика Абхазера доьду хи, долало Ачбихвдара дукъан къилба басешкахь Гудаутан дукъ даккхарехь попнийн хьаннашкахь[1] 1445 метр хӀордан сизал лакхахь[2]; хикхоче Ӏаьржа хӀорд тӀехь ю Приморски поселкан а, Гудаута гӀалан[3] а йукъахь. Гидроним гочйо абхазийн маттара «аапсы» - базанан хи аьлла[4].

Аапста
Амал
Дохалла 35 км
Бассейн 243 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Эрк долу меттиг Ачбихвдара дукъ
 • Локхалла 1445 м
 • Координаташ 43°17′47″ къ. ш. 40°49′07″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Ӏаьржа хӀорд
 • Эрк чекхдолу меттиг Гудаутан 5 км малхбалехьа
 • Локхалла 0 м
 • Координаташ 43°05′13″ къ. ш. 40°41′15″ м. д.HGЯO
Хин охьане 41,3 м/км
Эрк долу меттиг
Пачхьалкх
Регионаш Сухуман кӀошт, Гудаутан кӀошт
Аапста (эрк) (Абхази)
— хьост, — хикхоче

Хих лаьцна нисйе бӀаьра

Хин дохалла 35 километр, бассейнан майда — 243 км2, хин охьане 41,3 ‰, алсама йолу шоралла 15 метр, кӀоргалла 0,3 - 2,1 метр, хин сихалла 1,3-1,6 м/с[2].

Юккъерачу а, лахарчу а декъехь бердашца попнийн а, пхен а хьаннаш ю[1]. Хи тӀехь лаьтта эвланаш Аацы а, Абгархук[3] а, хикхочехь — Приморски.

Хи далар — лаьмнашкахь лайх, ткъа хикхочен гергахь догӀанах долу. Хин минералийн юккъера барам 213 мг/л. Хинан хӀоттаман тайпа — ӀаьржахӀордан, хи деста шеран муьлххачу заманахь а[2].

Дохурта генца Аапстан уьйр ю Лайн[5] хьехийн системица.

Геннаш нисйе бӀаьра

Аапстан 83 га ду, цуьнан бассейнан хин машан луьсталла 0,77 км/км2[2] ю. Коьрта геннаш ду:

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 Картан кехат K-37-34-1.
  2. 1 2 3 4 Б.А. Вахрушев, В.Н. Дублянский, Г.Н. Амеличев. Карст Бзыбского хребта. Западный Кавказ Архивйина 2020-10-30 — Wayback Machine. М.: Изд-во РУДН, 2001.
  3. 1 2 3 4 Картан кехат K-37-34-3.
  4. А.В. Твердый, «Топонимический словарь Кавказа». 2011
  5. А.С. Гусев, С.Е. Мазина. Результаты индикаторных опытов и движение карстовых вод в южной части Хипстинского массива. Комплексное использование и охрана подземных пространств: Междунар. науч.-практ. конф., посвящ. 100-летнему юбилею науч. и туристско-экскурсионной деятельности в Кунгурской Ледяной пещере и 100-летию со дня рожд. В. С. Лукина / ГИ УрО РАН; под общ. ред. О. Кадебской, В. Андрейчука. – Пермь, 2014. – 380 с.
  6. 1 2 https://www.marshruty.ru/Places/PlaceGoogle.aspx?PlaceID=2e314c6e-6a7a-4f66-bf52-e51b51f1eb4a