Абаден дитт

Къуръан чохь хьахийна дихкина дитт

Абаден дитт йа Гуттарен дитт (Ӏаьр. شَجَرَةُ الْخُلْدِ‎‎ — «Шажаратул-хулд») — иза Къуръан чохь хьахийна дихкина (ца магийна) дитт ду, Адама а, Хьавваа а шена чуьра стом биина долу, хьадисаша а, тафсираша а гойтуш ма-хиллара. Библи чохь хьахийна долчу «дахаран диттана» бӀостнехьа, Къуръан чохь цхьа дитт бен дац хьахийна, Ӏаднан бошмаш чохь долу[1]. Дала Адамна а, Хьавваана а дихкина (шех даа ца магийна) хилла долу дитт ду иза. Амма цу диттах лууш дерг, и хӀун дитт ду а хьахийна дац Къуръан чохь[2][3][4].

Абаден дитт, Шекийн паччахьийн гӀала, Азербайджан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Къуръан 20:120
  2. Brannon Wheeler Prophets in the Quran: An Introduction to the Quran and Muslim Exegesis 0826449565 2002 Page 24 "Abu Hurayrah: The Prophet محمد said: "In Paradise is a tree in the shade of which the stars course 100 years without cutting it: the Tree of Immortality." "
  3. Oliver Leaman The Qur'an: An Encyclopedia 0415326397, 2006, p.11 "Unlike the biblical account of Eden, the Qur'an mentions only one special tree in Eden, the Tree of Immortality, from which Adam and Eve were prohibited."
  4. Къуръан 14:24