Адам (пайхамар)
дуьххьарлера адам, исламан пайхамар
А́дам (Ӏаьр. آدَمُ — «Ӏаьржачу аматехь», «лаьттан чкъор»; Ӏеб. אָדָם, ʼAdām — «цӀен»; אדמה, ʼǎdāmāh — «латта»; желт. Ἀδάμ) Товрат чохь а, Къуръан чохь а — иза Дала кхоьллина дуьххьарлера адам а, адамийн тайпанан да а ву. Адам исламехь а, бахӀаизмехь а, насарийн цхьайолчу тобанашкахь а дуьххьарлера пайхамар лоруш ву. Дала иза кхоьллина лаьттах, Шен са а кхоьллина цунна чу, тӀаккха маликашка омрадира цо Адамна сужда де аьлла (ларамна сужда, Ӏибадатна а доцуш). ТӀаккха цара массара а сужда дира, Иблис доцучо. ТӀаккха Иблисо элира: «Ахь лаьттах кхоьллинчунна сужда дийр ду ас? Со гӀоли ду цул, со цӀарах кхоьллина ду Ахь, ткъа иза лаьттах кхоьллина ву Ахь».
Адам | |
---|---|
Ӏеб. אָדָם[1] Ӏаьр. آدم хууш дац | |
Абул-Башар (Адамийн да) | |
Говзалла | фаллахь, таллархо, бешахо, пайхамар, namer |
Вина терахь | хууш дац[2] |
Вина меттиг | Йалсамани |
Кхелхина терахь | хууш дац[2] |
Кхелхина меттиг | Дуьне |
ДӀавоьллина меттиг | |
Зуда | Хьавваъ |
Бераш | Къабил, ХӀабил, Шис, Азура а, Акълима а |
ГӀарадевлла белхаш | Книга ангела Разиэля |
Лоруш волу динаш | ИбрахӀиман динаш |
Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе |
Ӏеб. אדמה, лат. Adam шир.-желт. Ἀδάμ |