Ахсарбе́к Магоме́тович Аба́ев (1923 шеран 14 декабрь, Дигора, Ламанхойн Автономин Советийн Социалистийн Республика — 1982 шеран 13 май, Дигора, Къилбаседа-ХӀирийн Автономин Советийн Социалистийн Республика) — гӀашсалти, отделенин командир, Советски Союзан Турпал, Сийлахь-Боккха даймехкан тӀеман декъашхо.

Абаев, Ахсарбек Магометович
Вина терахь 1923 шеран 14 декабрь({{padleft:1923|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг Дигора
Кхелхина терахь 1982 шеран 13 май({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (58 шо)
Кхелхина меттиг Дигора
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж сержант
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза медаль «Золотая Звезда»
орден Ленина орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды медаль «За боевые заслуги» медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «За оборону Кавказа» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Тридцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «Ветеран труда» юбилейная медаль «50 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «60 лет Вооружённых Сил СССР»

Вина Горски АССРн Христиановское юртахь (хӀинца Къилбаседан ХӀирийчоьхь Дигора гӀала) йуьртбахамхон доьзаллехь. ХӀири. Цо Дигорера № 2 йолу школа чекхйаьккхира. Дешна ваьлча цо «Партизан» цӀе йолу колхозехь болх бира.

ТӀеман кхиамаш

бӀаьра нисйан

1942 шеран августехь иза ЦӀен Эскаре дӀавигира. Цо тӀом бира Къилбаседера Кавказан фронтехь. Кавказ къуьйсуш тӀом барна цунна йелира «ТӀеман кхиамашна» а, «Кавказ ларйаран» а мидалш. Иштта цунна гвардин сержант цӀе йелира.

1943 шеран 2 ноябрехь Керченски-Эльтигенски десантан операцехь Абаев хьалхарчарна йукъахь Керченски ахгӀайритехь охьавоьссира. 63,0 гун тӀебогӀуш хенахь десантникаш сацийра мостагӀо тӀейатташ йолу пулемёташ. Абаев текхаш мостагӀан тӀехьа тӀевеан пулемётчикаш хӀаллакбира. ТӀаккха и пулемёт йухайерзийна цо немцой къахкхира. Цуьнан майралла бахьнехь салтийн и гу схьабаккха аьтту хилира. 1943 шеран 3 ноябрехь Абаевс бовдуш болу мостагӀийн го а тесна дуьхьал а велира, пулемёт царна тӀейатташ царна бовда некъ дӀа а хадийра, 7 салти хӀаллак а вира, 2 схьа а лецира. 175,0 гу тӀехь цо дуккха сов болу немцойн кхиамца дуьхьало а йира. Немцой улле кхаьчча цо шен накъостийн хьалха а ваьлла мостагӀийна чуччабахна тӀе а летта уьш бовдийтир. Оцу шин динахь цо 32 немцойн салтий хӀаллакбира, царех 9 - 175,0 гу уллехь чуччавахна леташ.

1944 шеран 16 майхь Керчин хидоькъе дехьаволуш а, плацдарм схьайоккхуш а гайтина майраллин Абаеву йелира Советски Союз Турпалан цӀе.

ТӀом чекхбаьлча

бӀаьра нисйан

1945 шарахь Абаев цӀа веар. 1947 шарахь цо чекхйаьккхира Орджоникидзен эчигнекъан техникум. Иза вара Дигорехь Ӏаш а, болхбеш а. 1970 шарахь иза КПСС декъашхо хилира. Велира 1982 шеран 13 майхь.

Дагахьлаттавар

бӀаьра нисйан
  • Дигора гӀалахь хӀоттийна Абаеван бюст. Цуьна цӀе тиллина цу гӀалар № 3 йолу школа. Оцу школан тӀехь хӀоттийна мемориал у. Кхи цхьа у хӀоттийна Абаев чохь Ӏийна цӀинтӀехь. ГӀалан цхьана ураман Абаеван цӀе тиллина.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Шёл парнишке в ту пору…: герои-комсомольцы в боях за Советскую Украину в годы Великой Отечественной войны 1941–1945 гг. / авт.-сост. В. Н. Немятый и др. — Киев: Молодь, 1985. — С. 3. — 367 с.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан