Къилбаседа ХӀирийчоь
Респу́блика Къи́лбасе́да ХӀири́йчоь — Ала́ни (хӀир. Республикӕ Цӕгат Ирыстон — Алани муха хеза ; официалан йоцу цӀе:Къилбаседа ХӀирийчоь) — Россий Федерацин субъект, цунна йукъара республика[4]. Йукъайоьду Къилбаседа-Кавказан федералан гуон, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду[5].
Российн Федерацин регион | |||||
Къилбаседа ХӀирийчоь
| |||||
| |||||
Коьрта гӀала |
БуритӀе | ||||
79-гӀа | |||||
- Массо |
7987 км² | ||||
- Массо |
↘696 837[1] (2020) 88.41/км² | ||||
- Массо, карарчу мехаца |
74,8 млрд. сом. (2010) 82,4 эзар. сом. | ||||
Къилбседа-Кавказан | |||||
Къилбседа-Кавказан | |||||
хӀирийн,оьрсийн[2] | |||||
Республикин корта |
Меняйло Сергей | ||||
Правительстван Председатель |
Джанаев Борис | ||||
Мачнев Алексей | |||||
ХӀост | Гимн Северной Осетии | ||||
15 | |||||
ISO 3166-2 код | RU-SE | ||||
MSD[d], UTC+3, Европа/Москох[d][3] | |||||
СовгӀаташ: |
![]() ![]() ![]() |
![]() | |
---|---|
![]() |
Къилбаседа ХӀирийчоьнан хӀост (Инс.) |
Коьрта гӀала — БуритӀе.
Доза ду: малхбузехь — ГӀебартойн-Балкхаройчоьнца, къилбаседехь — Ставрополан махкаца, малхбалехь — ГӀалгӀайчоьнца, Нохчийн Республикица, къилбехьа — Гуьржийчоьнца а, цхьаццамма къобал йина Къилба ХӀирийчоьнца.
Къилбаседа-ХӀирийн автономин область йиллина 1924 шеран 7 июлехь. Республика йу 1936 шарахь дуьйна.
Физикин-географин амалНисйе
ГеографиНисйе
Республика лаьтта Йоккха Кавказан къилбаседан басехь.
Берриг махках 4121 км² дӀалоцу чутаӀенаша а, аренаша а, ламанан асан дакъа эханнал дукха кӀезиг дац. Къилбаседехь — Ставрополан аре, цунна къилбехьа — Теркан а, Соьлжин а даккъаш, йуккъерачу декъехь — ХӀирийн таьӀна аре. Къилбехь — Йоккха Кавказан Коьрта, йа Хидоькъу дукъ. Уггаре лекха лам — Башлам 5033 м. Республикин ламанан декъехь, Коьрта дукъан къилбаседехьа чекхдолу диъ доккха дукъ: АгӀонан, Тархийн, Байданан, Хьаннийн. Даккъаш хедийна Ӏинаша, царех коьртанаш ду Теркан, Кармадонан (Геналдонан), Куртатин, Кассаран, Алагиран, Дигоран.
Геологин хӀоттам а, пайден маьӀданаш аНисйе
Антропогенан мур болалуш Кавказехь (хӀинцалера Къилбаседа ХӀирийчоьнан махкахь — къаьсттина Аланехь) чӀогӀа онда лаьмнаш кхолладаларан процесс хилла, иза бахьнехь гучудевлла дуккха а хебарш, чутаӀарш, кӀаьгнашы. Цул тӀаьхьа рельефкхолларехь йоккха роль ловзийра арахьара ницкъаша (уггаре хьалха, эркаша), цара хедадора ламанан хебарш, дира пурхнехьа чӀажжаш (Теркан, Ардонан, Гизельдоннан, Фиагдонан эркийн чӀажжаш).
Пайден маьӀданаш:йукъахь цинк, даша, цӀеста, дети, доломиташ дохку полиметаллин маьӀданаш, дарбане хишшан хьосташ. Карийна деши[6] а, мехкдаьтта, тӀаьхьало йолу маьӀданаш дохку меттигашкара пайда эца кечам бу беш.
КлиматНисйе
Климат барамера континентан йу. Мазалкан аренехь — йекъа, сих-сиха бовха мох; январан йуккъера температура — −16 °C, июлан — +24 °C; йочанаш шарахь 600—700 мм аренашкахь, 900 мм кхаччалц ламанан кӀажошкахь.
Йуккера а, Ламанан кӀажошкара а кӀоштахь, лаьмнаш герга хиларо кӀадйина, барамера климатан аса. Ӏа кӀеда, аьхке йеха, амма йекъа йац, коьртаниг тӀехь тов йолуш йац, догӀане а йу. Аьхка таро йу тропикин циклонаш кхача, цара дахьа чӀогӀа догӀанаш стигал а къекъош. Ӏай коьртаниг йочанаш оьху Каспий-хӀорд тӀера. Январан йуккъера температура: −3,2 °C. Июлан йуккъера температура: +20,4 °C.
ГидрографиНисйе
Къилбаседа ХӀирийчоьнан — Аланин махкахь охьаоьху дукха эркаш.
Къилбаседа ХӀирийчоьнан— Аланин коьрта эрк Терк ду, иза долало республикин арахьара, Зилга-xox цӀе йолчу шаломахь 2713 м лакхахь, дохаллехь 600 км гергга ду (цунна йукъахь Къилбаседа ХӀирийчоьнан— Аланин махкахь — 110 км). Теркан дуккха а геннаш ду, царех уггаре даккхийнаш ду Урух (104 км), Ардон (101 км), ГӀалми (99 км), Гизельдон (81 км), кхин дерш а.
Терк, Урух, Ардонан хьост долало лаьмнашкахь, шен хих схьадолу. И эркаш ламанан тобанера ду. Ламанан кӀажошкара эркаш лору ГӀалми а, Соьлжа а, церан ийна хиш ду: лаьттан бухара, догӀанан, дешша лайн. Уьш деста бӀаьста, гуьйренан а, Ӏаьнан а заманахь церан хиш хаъал лагӀло. Ӏаьнан заманахь уьш, ламанан эркаш санна, гӀор ца до чехка хиларна, охьадахар ламанан эркел меллаша делахь а.
КӀошт | Административан центр | Майда эзар. км² | Бахархойн дукхалла. | Адамийн луьсталла./км² |
---|---|---|---|---|
Алагиран | Алагир | 2,01 | 36,6 | 18,2 |
Ардонан | Ардон | 0,37 | 27,9 | 77,5 |
Дигоран | Дигора | 0,64 | 20,4 | 31,9 |
Ирафан | Чикола | 1,37 | 15,4 | 11,2 |
Кирован | Эльхотово | 0,36 | 26,9 | 74,7 |
Мазалкан | Моздок | 1,08 | 87,6 | 81,1 |
Правобережни | Беслан | 0,38 | 55,6 | 146,3 |
Пригородни | Октябрьски | 1,46 | 102,3 | 70,0 |
Хьажа кхин аНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ Оценка численности постоянного населения на 1 января 2020 года и в среднем за 2019 год (оьр.). Теллина 2020 шеран 13 мартехь.
- ↑ Конституция Республики Северная Осетия — Алания, ст. 15.
- ↑ https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
- ↑ Конституция Российской Федерации. Ст. 6, пп. 1, 2
- ↑ Петрушина М.Н., Горячко М.Д. и др. Се́верная Осе́тия — Ала́ния / председ. Ю.С. Осипов и др., отв. ред. С.Л. Кравец. — Большая Российская Энциклопедия (в 34 т.). — Москва: Научное издательство «Большая российская энциклопедия», 2015. — Т. 28. Румыния - Сен-Жан-де-Люз. — С. 622—626. — 760 с. — 36 000 экз. — ISBN 978-5-85270-366-8. Архиван копи 2019 шеран 1 июнехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ В Северной Осетии нашли золотую жилу | ГТРК Алания (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Россия-Алания / ГТРК "АЛАНИЯ" (2019, 31 октябрь). Теллина 2019 шеран 12 ноябрехь.
ЛитератураНисйе
- Григорович С. Ф. По горам и равнинам Северной Осетии: Спутник туриста, краеведа и экскурсанта. — Изд. 2-е, доработ. — Орджонникидзе: Къилбаседа-Осетинское книжное издательство, 1960. — 128 с.
- Бероев Б. М. По Северной Осетии. — Изд. 2-е, испр. и доп.. — М.: Физкультура и спорт, 1984. — 144 с. — (По родным просторам). — 50 000 экз.
- История Северной Осетии: XX век. — ОИГСИ ВНЦ РАН и РСО—А им. В. И. Абаева. — М.: Наука, 2003. — 362 с. — ISBN 5-02-009810-8.
ХьажоргашНисйе
Ков «Къилбаседа ХӀирийчоь» | |
Къилбаседа ХӀирийчоь Викиларма чохь | |
Къилбаседа ХӀирийчоь Викикерланаш чохь | |
Къилбаседа ХӀирийчоь Викигид чохь |