Абаианг
Аба́ианг[1][2] (инг. Abaiang) — Кирибати республикин йукъара Гилбертан гӀайренийн къилбаседа декъера атолл. Бахархой барам 2010 шарахь бара 5502 стаг.[3] ГӀайренан йукъара майда — 17,48 км². Атолл лаьтта 31 гӀайренах. ДӀадиллина Европин новкъахочо Гилберт Томаса 1788 шарахь.
Абаианг | |
---|---|
Амалш | |
ГӀайренийн дукхалла | 31 |
Йерриг майда | 17,48 км² |
Бахархой | 5502 стаг (2010) |
Луьсталла | 314,76 стаг/км² |
Лаьтта меттиг | |
1°50′ къ. ш. 172°57′ м. д.HGЯO | |
Акватори | Тийна Ӏапказ |
Пачхьалкх | |
Регион | Гилбертан гӀайренаш |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Географи
бӀаьра нисйанАбаианг гӀайренаш лаьтта Гилбертан гӀайренашна къилбаседа декъехь. Гуонаха Тийна Ӏапказан хиш ду. ГӀайренан 7 км къилба-малхбузехь лаьтта атолл Тарава, 28 км къилбаседа-малхбалехь — атолл Маракеи[4]. Гергара материк, Австрали, ю 3500 км генахь[5].
Архипелаган кхин гӀайренаш санна, Абаианган маржанийн кхоллам бу, иза атолл ду. Гайре деакӀуо ду. Лаьтта 31 жимачу гӀайренех, я моту[6]. Атоллан къилба-малхбален дакъа, цахеддаш, хидоькъенаш йоцуш мотун аса ю, малхбуза агӀо — мотун тоба а, шайна йукъара гота татолаш екъна, маржанийн рифаш а. ГӀайре дохалла 26 км гергга ду, шоралла — 8 км[4]. Абаианган лаьттан декъан майда ю 16 км²[4], айманаш — 225 км²[6] гергга.
ГӀайрен тӀехь евлла атоллаш тӀехь хуьлу юькъа ораматаш. Шуьйра даьржина кокосан пальмаш. Бердаца бенаш тоьхна баьццара уьнтӀепхьидаш а, хӀордан олхазарш[5] а.
Абаиангехь тропикан климат ю. Хуьлу бохаме юькъаллин циклонаш[5].
Истори
бӀаьра нисйанГӀайре кхоллаяларан мифологи
бӀаьра нисйанКирибати къоман дукхаха болчу векалша лору, шайн дай Самоара девлла тӀаьхьа Кирибати гӀайрен тӀе кхелхина синош хилар[7].
Ширачу дийцаршца Беру гIайренан а, кхин а цхьацца гIайренийн а, Гилбертан гIайренан а бахархой бина дала Нареау Хьекъалечо. Цхьаьна дийцаро ма-баххара, Нареау вехара Самоан тIаьхь. Цхьана хенахь шен Те Каинтикуаба (синойн цIа долу дахаран дитт) дитина ши бер лаха дагадеира цунна. Нареау дIавахара Самоара къилбаседехьа. Новкъахь гIелвелла, цуо садоIийла йира, хIорд охьа а таIийна, бозбунчаллин дош а аьлла. Кхузахь дехачу синоша латта кхоьллира. Оцу латах хIинца олу Къилба Табитеуэа. Бинчу белхан реза хилла, Нареауса битира и меттиг, кхин дIа къилбаседехьа вахара. ТIаьхьа, Тараву гина, иза сецира кхузахь, кхоьллира керла латтанаш. Дийцаршца Нареау Хьекъалениг бахьнехь девлла Абаианг, Макин, Бутаритари, Маракеи, Маиана, Куриа, Абемама, Аранука гIайренаш[8].
Европахой гучубовлале хилла политикин кхоллам
бӀаьра нисйанЭкваторан къилбаседехьа лаьтта дукхаха долчу гIайренаш тIехь (царна йукъахь Абаианг а), хуьлура масех тхьамда, хIорамма а шайн долара йукъараллин я кааинган куьйгалла дора. Царех цхьа тхьамда лорура коьртаниг[9].
Йукъаралло даиман коьрта роль ловзайора меттигерачу йукъараллин политикин дахарехь. Наггахь масех бертахь йолу йукъаралла айбалора луларчу йукъараллел. Иза, масала, хуьлура нагахь урхаллехь йолу кааинга йисинчеран «цIийнан хьалхара» елахь. Кхин бахьна дара цхьайолчу кааингин кхечу йукъараллашкара латташ схьадаха а, шайгахь совцо а ницкъ хилар: Гилбертан гIайренийн къилбаседан декъера тIемаш хуьлура латта ца тоарна, гIайренхоша цуьнан мах лакхара хадабора. Оцу гIуллакхо, шен рогIехь, бора кегийра тхьаданаш, гуттара а шайн гIайренаш тIехь тола гIерташ болу[9].
Гражданийн тӀемнийн коьрта Ӏалашо яра кӀошташна а, дийна гӀайренашна а оцу тхьамданийн олалла хӀоттор. ТӀемаш дан атта хилира европахоша архипелаг тӀедеина долу герз йукъадаьлча. Цунах доьзна дара Абаианг атоллан хьалхалера некъийн Ӏедал чӀагӀдаларан коьрта бахьна «тӀебаьхкина нах» гучубевллачул тӀаьхьа. Йукъараллин кортошна хьехар дора бахархоша сагатдо белхех лаьцна. Цхьа ладаме болх бан ле хьалха, цара пурба даккха дезара кааингехь йукъара куьйгалла а, йукъаметтигаш нисъяр а лелош волчу къаночуьнгара[10].
Европахоша гӀайре дӀаделлар
бӀаьра нисйанАтолл Абаианг дӀадиллина Гилберт Томаса 1788 шарахь. ХӀордахочо цунна цӀе тиллина кема долахь долуш волчун сийна «Матвейн гӀайре», ткъа лагунан, кхин цхьаьна жимачу гӀайренан санна, — Шарлотта[11] цӀе тиллина.
ГӀайренан тӀиера дин даржоран болх
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Океания // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 190—191. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ Абаианг // Словарь географических названий зарубежных стран / отв. ред. А. М. Комков. — 3-е изд., перераб. и доп. — М. : Недра, 1986. — С. 7.
- ↑ Kiribati Census Report 2010 Volume 1 . National Statistics Office, Ministry of Finance and Economic Development, Government of Kiribati. Архивйина 2014 шеран 10 августехь Архивйина 2013-09-30 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 Abaiang (инг.). oceandots.com. ТӀекхочу дата: 6 января 2008. Архивйина 2012 шеран 17 февралехь Архивйина 2007-10-30 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 Islands of Kiribati. Abaiang (инг.). UN SYSTEM-WIDE EARTHWATCH Web Site. Island Directory. ТӀекхочу дата: 6 января 2008. Архивйина 2012 шеран 17 февралехь
- ↑ 1 2 Ed Lovell. Coral Reef Benthic Surveys Of Tarawa and Abaiang Atolls Republic Kiribati // SOPAC Technical Report. — 2000. — № 310. — С. 7.(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Sr Alaima Talu & 24 others, Sister Alaima Talu, et al. Kiribati: Aspects of History: Aspects of History. — USP. — С. 9. — 162 с. — ISBN 9820200512.
- ↑ Sr Alaima Talu & 24 others, Sister Alaima Talu, et al. Kiribati: Aspects of History: Aspects of History. — USP. — С. 8. — 162 с. — ISBN 9820200512.
- ↑ 1 2 Sr Alaima Talu & 24 others, Sister Alaima Talu, et al. Kiribati: Aspects of History: Aspects of History. — USP. — С. 24. — 162 с. — ISBN 9820200512.
- ↑ Sr Alaima Talu & 24 others, Sister Alaima Talu, et al. Kiribati: Aspects of History: Aspects of History. — USP. — С. 25. — 162 с. — ISBN 9820200512.
- ↑ Abaiang (инг.). Encyclopædia Britannica. ТӀекхочу дата: 6 января 2008. Архивйина 2012 шеран 17 февралехь