Абакан (эрк)
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Абака́н (лакхенашкахь — Доккха Абакан, Тюргенсу) — Хакасера эрк, Енисейн аьрру геннех даккхийчех цхьа га. Хин дохалла — 327[4] км (Доккха Абаканца — 514[4] км), хи гулдаран бассейнан майда — 32000[4] км². Средний расход воды —378 м³/с.[5]
Абакан | |
---|---|
хак. Ағбан | |
Амал | |
Дохалла | 514 км |
Бассейн | 32 000 км² |
Хи дайар | 400 м³/с |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | хиш вовшахкхоьтийла: Доккха Абакан, Жима Абакан |
• Эрк долу меттиг | Малхбуза Саянан къилбаседа басеш |
• Локхалла[?] | 1959 лакхахь м |
• Координаташ | 51°18′36″ къ. ш. 88°30′29″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Красноярскан хилаттор |
• Эрк чекхдолу меттиг | Абакан гӀала |
• Локхалла | 243,6 м |
• Координаташ | 53°44′03″ къ. ш. 91°29′56″ м. д.HGЯO |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Красноярскан хилаттор → Енисей → Каран хӀорд |
Пачхьалкх | |
Регион | Хакаси |
Код ПХР чохь | 17010300212116100012818[1] |
— хьост, — хикхоче | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Охьадахар
бӀаьра нисйанАбаканан тогӀица лаьтта пхеа (республикехь йолчу бархӀаннах) административан кӀоштан мохк: Аскизан, Алтайн, Беян, Таштыпан, Усть-Абаканан.
Кхоллало Доккха Абаканан а, Жима Абаканан а хиш цхьанакхетарца, ткъа церан хьосташ ду Малхбуза Саянан а, Алтайн лаьмнийн къилбаседа басешкахь. ДӀакхета Красноярскан хилатторе Самохвал цӀе йолчу ломан кӀажошкахь. Хикхочен локхалла — 243,6 м хӀордан тӀегӀан тӀиера.
Лакхенашкахь Абакан охьадоьду готта, тайга яьллачу тогӀин чухула; Большой Монок эвлахь тогӀи цӀеххьана шорло, цунах хуьлу Хакасин-Минусинскан боьра. Кхузахь Абаканан харш декъало шортта геннашка. Эркан коьртаниг лон а, догӀан а хи кхочу. Ша лаьтта ноябран шолгӀачу декъера апрель чекхбаллалц. Эрк Енисейх кхетачохь (Красноярскан хилаттор) лаьтта Хакасин коьрта гӀала Абакан. Иштта эркан тӀехь ю — нах беха меттигаш Абаза, Доможаков, Райков. Хи дайаран дукха шерийн юккъера барам − 381 м³/с, Абазан кӀоштахь — 308 м³/с
Абаканан беттан юккъера охьадаран барам (м³/сек), дуьстина хилла долу Абазан гидрометрин станцехь. Хаамаш лерина бу 1936 – 1999 шерийн муьрехь[6].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 16. Ангаро-Енисейский район. Вып. 1. Енисей / под ред. Г. С. Карабаева. — Л.: Гидрометеоиздат, 1967. — 823 с.
- ↑ 1 2 різні автори Велика українська енциклопедія (укр.) — Київ: Енциклопедичне видавництво, 2016. — ISBN 978-617-7238-39-2
- ↑ Абакан • Большая российская энциклопедия - электронная версия — М.: Большая российская энциклопедия, 2004.
- ↑ 1 2 3 Река Абакан . Государственный водный реестр. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 февраль. Архивйина 2013 шеран 9 мартехь
- ↑ Кеп:Вода России
- ↑ Abakan at Abaza Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйан- Абакан (река) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Абакан // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
- Родевич, Всеволод Михайлович Абакан : Крат. описание реки и её бассейна / Сост. инж. пут. сообщ. Вс. М. Родевич, нач. партии исслед. Верхнего Енисея. — Санкт-Петербург : Упр. внутр. вод. пут. и шоссейн. дорог (по Отд. водяных сообщений), 1911. — [2], 104 с., 8 л. ил., карт.; 23. — (Материалы для описания русских рек и истории улучшения их судоходных условий; Вып. 27)
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |