Абрамова, Ирина Олеговна
Абра́мова Ири́на Оле́говна (йина 1962) — российн экономист, РӀА Президиуман декъашхо, РӀА Африкин институтан директор, РӀА корреспондент-декъашхо, экономикин Ӏилманийн доктор, профессор.
Абрамова, Ирина Олеговна | |
---|---|
Йина терахь | 1962 шеран 16 сентябрь (62 шо) |
Пачхьалкх | ССРС→ Росси |
ГӀуллакхан тайпа | экономист, университетан профессор |
Ӏилманан кхоче | африканистика |
Белхан меттиг | РӀА Африкин институт, РӀА Президиум |
Альма-матер | М.В.Ломоносовн цӀарах МПУ Азин а, Африкин а мехкийн институт |
Ӏилманан дарж | Ӏилманийн доктор |
Ӏилманан цӀе |
профессор, РӀА корреспондент-декъашхо (2016) |
СовгӀаташ а, премеш а | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанЙина 1962 шеран 16 сентябрехь.
1984 шарахь тӀехдика чекхдаьккхина МПУ Азин а, Африкин а мехкийн институтан социалан-экономикин факультетан Ӏаьрбийн дакъа.
1987 шарахь йаздира кандидатан диссертаци, тема: «ӀРМ урбанизацин социалан-экономикин баланаш».
1994 - 1997 шерашкахь — йехна йалийна лектор Тюбингенан, Бохуман, Гейдельберган (Германи) университеташкахь а, Сан-Галлен (Швейцари) университетехь а.
2011 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци, тема: «XXI бӀешеран дуьненан экономикера Африкин ресурсийн потенциал (Дуьненан керлачу экономикин моделехь африкин мехкаш дакъалацаран эндогенан детерминанташ)».
2016 шеран 28 октябрехь харжина РӀА Глобалан баланийн а, дуьненайукъара йукъаметтигийн а декъан корреспондент-декъашхо, 2017 шарахь хаьржина РӀА Президиуман декъашхо.
Ӏилманан а, йукъараллин а гӀуллакх
бӀаьра нисйанАфрикин экономикин а, халкъабахархойн а баланийн РӀА Глобалан баланийн а, дуьненайукъара йукъаметтигийн а декъан коьрта говзанча.
2004 - 2005 шерашкахь дакъалецира Россехь а, дозанал арахьа а конференцешкахь, семинарашкахь, Ахча лечкъадарна а, терроризман финансаш латтайаран а дуьненайукъара программин гуран чохь Европин Кхеташонан экспертан хьолехь.
2004 шарахь йистхилира, хӀора шарахь Кембридж гӀалахь (Йоккха Британи) дӀахьуш йолу Экономикин зуламашца къовсам латторан дуьненайукъара симпозиумехь.
Российн а, дозанал арахьара а мехкашкара Ӏилманчашца цхьаьна 2005—2011 шерашкахь кеч а беш дӀабаьхьира аренийн талламаш цхьа могӀа европин а, африкин а мехкашкахь халкъабахархойн а, дуьненайукъара белхан миграцин а баланаш толлуш.
РӀА Н Африкин баланийн Ӏилманан кхеташонан декъашхо. Россехь а, дозанал арахьа а дӀайаьхьна 80 сов дуьненайукъара конференцийн а, семинарийн а декъашхо.
«Ази а, Африка а тахана» журналан редколлегин декъашхо.
Россехь а, дозанал арахьа а арахецна 110 сов Ӏилманан белхан автор, царна йукъахь 8 монографи.
Монографеш
бӀаьра нисйан- Абрамова И. О., Поликанов Д. В. Интернет и Африка: параллельные реальности. М.: Институт Африки РАН, 2001. 180 с.
- I. Abramova, D. Magnusson et al. International experience in prevention of terrorist financing. (Международный опыт по предотвращению финансирования терроризма). Council of Europe, Moscow. 2005. PP. 1–400. (на англ. яз.).
- Абрамова И. О. Арабский город на рубеже тысячелетий. М., Восточная литература, 2005. 256 с.
- Абрамова И. О., Фитуни Л. Л., Сапунцов А. Л. «Возникающие» и «несостоявшиеся» государства в мировой экономике и политике. М.: Институт Африки РАН, 2007. 198 с.
- I. Abramova, C. Stoll, К. Tkachenko. Germany in Africa: reconciling business and development. (Германия в Африке: бизнес и развитие). M., Institute for African Studies. RAS. 2009. PP. 1–192. (на англ. яз.).
- Абрамова И. О. Африканская миграция: опыт системного анализа. М.: Институт Африки РАН, 2009. 354 с.
- Leonid Fituni, Irina Abramova. Resource Potential of Africa and Russia’s National Interests in the XXI Century. (Ресурсный потенциал Африки и национальные интересы России в XXI веке). M., Institute for African Studies. RAS. 2010, PP. 1–212. (на англ. яз.)
- Абрамова И. О. Население Африки в новой глобальной экономике. М.: Институт Африки РАН, 2010. 496 с.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Профиль Ирины Олеговны Абрамовой РlА официалан сайтехь
- Абрамова Ирина Олеговна . inafran.ru. ТӀекхочу дата: 2017-3-18.