Экономика (схьадаьлла шир.-желт. οἰκονομία, ма-дар. — «хӀусаман бахам лелоран говзалла») — йукъараллин Ӏилма, Ӏамадо беркат а, гӀуллакх а арахецар, дӀасадекъар, дайар. Ӏилман экономикин теорийн объект экономикин бакъдерг ду, уьш декъало теоретикин а, прикладан а.

Iилма
Экономика
Supply-demand-right-shift-demand
Iамо хIума арахецар,
дӀасадекъар,
дайар,
хийцар
Кхоллайаларан мур XVIII бӀешо
Коьрта агIонаш Микроэкономика,
Макроэкономика,
Дуьненайукъара экономика,
Политикин экономи
ГIоьнан дисциплинаш Эконометрика,
Математикин экономика,
Экономикин-математикин моделашйар
Ладаме Iилманчаш Адам Смит, Давид Рикардо, Карл Маркс, Джон Стюарт Милль, Леон Вальрас, Альфред Маршалл, Джон Мейнард Кейнс, Фридрих фон Хайек
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Теоретикин агӀонах кхин а олу теоретикин экономика — цуо къастадо хийцаран, дӀасадекъаран, органикин ресурсаш лелоран хьесапаш.

Прикладан экономикоceen Ӏамадо законийн, теорийн, предложенийн приложенийн таронаш, уьш йаьхна теоретикин экономико, функцеш йайта экономикин системин цхьацца дакъалгийн.

Вайн эрал IV бӀешо хьалха Ксенофонта йазйина цӀе «ХӀусам йар» (шир.-желт. "Οἰκονομικός") йолу кхоллам гочйина Цицерона латине лат. Oeconomicus. Массара а термин къобал йар нисделира Милль Джон Стюартан къинхьегаман коьртехь «Политикин экономин хьесапашceen» (1848 г.).

Ша долу Ӏилма санна экономика къаьстира XVIII бӀешарахь дуьнене Смит Адаман жайна «Ӏаламех лаьцна таллам а, къаьмнийн бахаман бахьнаш а» арадаьлла (йаьржина цӀе «Къаьмнийн бахамаш»). Амма, Шумпетер Йозефан тидамца, экономикин хиламийн чоьхьара логикех кхетара Смит Адамал хьалха а, амма интуицица, Ӏилман хьалхара тӀегӀанехь.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан