Абу Хьанифат
бусалба Ӏеламстаг, факъихӀ, хьанафийн мазхӀаб диллинарг
Абу Хьанифат ан-НуӀман ибн Сабит ибн Марзубан аль-Куфи (Ӏаьр. أبو حنيفة النعمان بن ثابت بن مرزُبان الكوفيّ; 699, Куфат,Ӏиракъ, Умавийн халифат — 767, БагӀдад, Ӏиракъ, Ӏаббасийн халифат) — иза бусалба Ӏеламстаг а, факъихӀ (бусалба бакъо йевзарг) а ву. Суннатхошна гергахь веачу имамах хьалхарниг ву. Хьанафийн мазхӀаб диллинарг ву. Исламан Ӏаьрбийн тӀаьхьалонехь цуьнан цӀейоккху «аль-имамул-аӀзам» олий. Шегахь шорта Ӏилма хиларца а, шен хазачу гӀиллакхашца а гӀараваьлла иза, имам аш-ШафиӀис шен хьокъехь дешнаш аллалц: «Милла а велахь фикъхӀангахь кӀоргеваха лууш, иза Абу Хьанифатах возуш ву-кх». Иза табиӀунех лоруш ву. Цунна дуьхьалкхетта хилла масех сахьаби, царах ву Анас ибн Малик.
Билгалдахарш нисйе бӀаьра
- ↑ Энциклопедия ислама (второе издание) — Лейден: Koninklijke Brill.
- ↑ Али-заде А. Джафар ас-Садик // Исламский энциклопедический словарь — М.: Ансар, 2007. — ISBN 978-5-98443-025-8
- ↑ Али-заде А. Шейбани Мухаммад ибн Хасан // Исламский энциклопедический словарь — М.: Ансар, 2007. — ISBN 978-5-98443-025-8