Авианекъ
Авианекъ — латан я хин тIехулара хIаваан шораллин барам хIоттийна коридор кепара есалла, оцу чухула чIагIйинчу маршрутаца кеманаш а, вертолёташ а тIома лела.
Авианекъан болх дIабохуйту аэродромаш, радиомаякаш, хIаваан леларан урхаллин гIуллакх, метеорологин гIуллакх.
Дуьххьарлера российн чоьхьарчу хаамийн авианекъ дIабиллина Москохан а, Нижни Новгородан а юкъахь 1923 шарахь, дуьненайукъара — Москох-Рига-Кёнигсберг 1922 шарахь.
Авианекъан коьрта ши тайпа хуьлу:
- Меттигера хIаваан некъ (МХIН) — регионан авианекъаш, областан центрашна йукъара уьйр латтайо, ткъа иштта кIоштан центрашца а, 500—1000 км радиус йолчу генарчу посёлкашца а; лелабо гIирсашца тIома леларан бакъонашца (ГIТIЛБ) а, иштта гарца тIома леларан бакъонашца (ГТIЛБ).
- ХIаваан некъаш — генарчу (масех эзар км) меттигашка леларан магистралан авианекъаш ду; лелабо гIирсашца тIома леларан бакъонашца (ГIТIЛБ).
ХIаваан некъаш зорба тоьхна ду аэронавигацин хааман сборникашкахь сизнашца, цхьаьнатухуш долу шиъ я сов ДДП.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Авиалиния (БСЭ)
- Карты местных воздушных линий России Архивйина 2018-06-05 — Wayback Machine
ХӀара авиацех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |