Беркема
Беркема — нийсса ирх а долу охьа а хуу винтӀоман тӀемалела аппарат, цуьнан массо а тӀомалеларан муьрашкахь ойу а, тотту (пропульсиван[1]) ницкъаш кхуллу цхьаьнна йа масех мотор тӀехь болх беш йолу цхьамма йа масех винто.
Коьрта хьесапаш
бӀаьра нисйанХӀаваан кеман тӀемах тера, беркеман винтан лара винт хьовзаран воьдаллин са таьӀна йу, цунах олу ларин хӀоттийна са. ТӀаккха а, меттаха ца болу кеман тӀомах къаьсташ, беркеман ларин хӀоттийна са хийцабала таро йу шуьйрачу барамехь (30° градус кхаччалц).
Даиманна ала йиш йолуш беркеман винтаца йу агӀордаккхаран автомат, цуо тӀомалеларан урхалла дархьама винтан Ӏаткъаман йукъ дӀахилайо нагахь ларин шарниран хӀоттам балахь йа винт хьийзаран чӀепалла охьатаӀайо, нагахь ахчӀогӀа хӀоьттина йалахь.
АгӀордаккхаран автомат, дукха хьолехь, чӀогӀа хӀутту семанан шарнирца ларин тӀелатаран СА хийцархьама.
Кхоъ йа сов лело винт йолчу схемашкахь агӀордаккхаран винт ца хила тарло.
Беркеман ларанаш, дукха хьолехь, тӀомалеларан массо а рожехь хьийза цхьаьнаэшшара, лело винтан озор тӀекхетар йа лагӀдалар дозу винтан гӀулчах.
Дукха хьолехь винт хьийзайо цхьанна йа шинна моторо трансмиссин йа лело винтан колонкин йуккъера редуктор чухула. Цу тӀе кхоллало реактиван момент, иза гӀерта беркема лело винт хьийзачу агӀонна дуьхьала хьовзо. Реактиван моментан дуьхьало йан а, кхин а новкъахь урхалла дан а, лелайо йа тайп-тайпана агӀор хьийза урхаллин винт, йа лело винтийн семанан схема.
Урхаллин гӀирсан меттана лелайо цӀоганан йуьххьера тӀайн вертикалан урхаллин винт, наггахь лелайо хӀозан харш — фенестрон чуьра урхаллин винт , кхин а кӀезиг лелайо Коандин эффектан бух тӀера NOTAR система.
NOTAR система лаьтта цӀоганера деса тӀайх, цунна йуьххьехь лаьтта оьшу Ӏаткъам латто тӀайн тӀехьалонан дохаллехь хераллашкахула урхалла ден винт а, тӀайн йуьххьера новкъан урхаллин дерзо сопло а. Урхаллин херонашна чуьра арадолу хӀавао, цӀоганан тӀайн тӀаьхь тайп-тайпана сихаллаш йо. Бернуллин законца, дозанера хӀаваан чкъор дӀадахаран тӀехалонан декъера сихалла, хӀаваан Ӏаткъамал кӀезиг йелахь. ЦӀоганан агӀонашна болу хӀаваан Ӏаткъам цхьатерра ца хиларна кхоллало оьшу ницкъ, иза хьажийна бу боккха Ӏаткъамаш болчу агӀонера кӀезиг Ӏаткъам болчу (ишттачу масалан беркема — MD 500).
Кхин варианташ йу беркеман тӀам тӀера урхаллин винтан, цу тӀе винто дуьхьало йина ца Ӏа реактиван моментанна, дакъа лаьцна ца Ӏа новкъан урхаллехь, амма кхуллу, хьалха хьажийна, кхин тӀе а озор, тӀомадоьдучу хенахь лело винт цуьнца цхьаьна мелла а мукъа йоккху.
Семанан гуонахьара схема лелийча дуьхь-дуьхьала хьийза винташа реактиван моменташ вовшашкара йойу, цу тӀе моторийн кхин тӀе ницкъ а ца оьшу. Амма иштта схемано хаъал чолхе йоккху беркеман конструкци.
Нагахь, винт, ларашна тӀечӀагӀбина реактиван мотораша хьийзайахь, реактиван момент ца хаало ала мегар ду.
Лело винтанна йоккхачу сихаллехь хуьлу ницкъ йухабаккхархьама, беркеманашна хӀиттадо дика кхиина тӀемаш, новкъахь дика латтийта лело таро йу кеманан цӀога.
Беркема хьалха доьдуш, хьалха йоьду ларанийн алсама сихалла йу тӀехьа доьдучу хӀаваал. Иза бахьнехь винтан цхьаьна эхо кхуллу алсама айаран ницкъ, вукхочулла, кхоллало кхин тӀе таӀаран момент. Цу тӀе тӀедогӀу ларанаш долу ах винто, тӀехьаьдда хӀаваан Ӏовраш бахьнехь хьаладала гӀерта ана шарнирехь. Нагахь агӀордаларан автоматан уьйр чӀогӀа йалахь лагӀло тӀелатаран са, цигара схьа, лагӀло айаран ницкъ. Винтан вукха эхан тӀехь дуккха а кӀезиг хӀаваан Ӏаткъам хуьлу, дӀахӀиттийна ларанийн са тӀекхета, тӀекхета айаран ницкъ а. Оцу аттачу хьесапо таӀаран моментан Ӏаткъам лагӀбо. Йухадоьлху ларанашкахь билгалчу хьелашкахь терго йан ло Ӏовраш хадаран, тӀедогӀу ларанийн йуьххьера дакъоша, озан дуьхьалонах чекхдолуш, лан тарло тулгӀенийн къоьлла.
Цул сов, тӀемадоьдуш дика дахийта а, чехка дахийта а, мохь айийта а, леладо кхин тӀе тӀемаш (масала, Ми-6 тӀехь а, цхьацца Ми-24 тӀехь а — оцу беркеманийн кхин тӀе тӀемийн роль лелайо хьалауллу герзан пилонаша). ТӀемаш тӀера айаран ницкъийн чоьтах лело винт мукъа йоккху, лаха йоккху винтан йукъара гӀулч, мелла а лаха боккху таӀаран эффектан ницкъ, амма тӀам кхазаран рожехь кхоллало кхин тӀе дуьхьало охьайогӀучу хӀаваан Ӏоврашна хьийзачу винт тӀера, цуьнца цхьаьна охьадолу цхьанаэшаралла.
Лело винто дегадо беркема, кхерам латтабо конструкци йохарна. Цундела дукха йолчу меттигашкахь лелайо кхоллало дегадар дӀадоккху жигара система.
Мотор сецча беркемин таро хила йеза авторотацин рожехь кхерамза охьахаа, аьлча а тӀейогӀу хӀаваан Ӏовраша лело винтан бен Ӏаткъамца ша хьийзаран рожехь. Оцунна дерриг аьлча санна беркеманаш, реактиван доцучеран, паргӀата лела мухта йолуш йу, цуо оьшучу хенахь трансмисси дӀахадайо лело винтах. Авторотацин рожехь охьахаор нисло урхаллица, амма лору аварин раж: дайн беркеманийн хӀоттийна охьадоссаран сихалла 5 м/с йу, ткъа дезачеран 30 м/с кхаччалц а, кхин сов а хуьлу. Лаьттах хьакхалучу хенахь иза кӀезиг къаьста охьадожарх.
Беркеманан амал йозу гуонахьара хӀаваан Ӏаткъамах, масала тӀомалеларан локхалла, хӀаваан температурех, тӀуналлех.
Беркеманан коьрта дакъош
бӀаьра нисйан- Лело винт лерина йу айаран а, пропульсиван (дтаттаран) а ницкъ кхолла[1], кхин а тӀемалеларан урхаллин. Иза лаьтта ларанех а, тулкех а, цуо дӀало хьийза момент коьрта редукторан вал тӀера ларанашна.
- Урхаллин винт лерина лело винтан реактиван хьийза моментан компенсацин а, цхьа винт йолу бекеманна новкъан урхалла дан а. Иза лаьтта цӀоганан редукторан вал тӀечӀагӀйина ларанех а, тулкех а. Хьажа кхин а: Фенестрон
- АгӀордаккхан автомат лело винтан йукъара а, циклан а гӀулчашна урхалла латтайо, дӀало урхаллин сигнал урхаллин зӀенера лело винтан тулкин семанан шарниранна.
- Урхаллин система лерина ницкъ а, моменташ а кхолла, беркема оьшучу траекторехь дӀадахийта.
- Трансмисси лерина моторан ницкъ дӀабала дӀахьуш болчу а, урхаллин а беранна, гӀо даран шаддашна. Трансмиссин схема билглайоккху беркеман схемо, мас бу а, муха лаьтта мотораш. Трансмисси лаьтта коьрта, йуккъера, цӀоганера редукторех, валех, церан гӀортолех, вовшахтосу муфтех, лело беран тормозах.
- Фюзеляж оьшу экипаж, пассажираш, мохь, гӀирс, йагорг и. кхин дӀа. Фюзеляж тӀе чӀагӀйо чкъургаш, редукторан бухара гураш, мотор чагӀбо шеддаш, месаш и. кхин дӀа.
- ТӀемо кхуллу кхин тӀе а айаран ницкъ, болх йухабоккху лелоран беран, цуо таро йо тӀема вахаран сихалла тӀетоха. ТӀема чохь хила тарло йагорган бакаш, гӀирс, чкъургаш дӀайоху лахьта. Беркеманна пурхнехьа схеман тӀам латттабо лелоран бернаша.
- Месаш лерина дика латтийта, урхалла дан а бекеманна. Уьш йекъало анасизан (стабилизатор) а, вертикалан (киль) а.
- ТӀемайолу-охьахуу гӀирс лерина беркема латтаран хенахь, лаьтта тӀехула дӀасалела, охьахууш энерги йайа. Уьш йина хила тарло чкъургаш санна, шерша шасси кепара йа тӀус кепара (онда а, йа йусуш а). Чкъургаш тӀема доьдуш дӀайаха тарло.
- Ницкъаллин гӀирс лерина ницкъ кхолла, иза бойу лело а, урхаллин а, гӀоьнан а агрегатийн приводна. Иза бу моторийн комплес (поршенан, газотурбинан, электрийн барамца 1 тӀера 3 кхаччалц, наггахь сов а) системашца, цара латтабо церан цхьаьна эшшара болх массо а рожехь тӀемалеларан.
Урхалла
бӀаьра нисйанТаӀаран а, тангажан а урхалла дукхаха долчу беркеманаш тӀехь до гӀоьнца циклан хийцаран ларанин атакин са (гӀулчан) лелочу беранан, цунах олу циклан гӀулч. Циклан гӀулч хуьйцуш момент кхуллу, беркема цхьаьна агӀор охьатаӀош, иза бахьнехь уозоран вектор лелочу беран дӀатаьӀа ахьа йеллачу агӀор. Конвертопланийн урхалла до кеманан кепара. Иштта тарло урхаллин кхин хьесапаш хила тарло таӀаран а, тангажан а, амма уьш ца леладо долучу беркеманаш тӀехь.
Йорт йеттар хийцало беркеманан аэродинамикин схеме хьаьжжина, дан таро ло урхаллин беранна гӀоьнца (классикин схеман беркеманийн), беран йукъара гӀулчан башхалла (ши бера болу беркеманийн), реактиван соплан гӀоьнца (беркеманийн кӀеж тухучу системин), кхин а анасизца леларца вертикалан месийн гӀоьнца.
Оьзганашца озо беркеманаш
бӀаьра нисйан2013 шеран июлехь ультрадайн квадрокоптеран Atlas оьзгашца озош долу делла Сикорскийн совгӀат 250 000 доллар, хӀаваэхь кхаьзна 64,11 секунда, хьаладаьлла локхалле 3,33 м, цу тӀе беакӀов гуранна (агӀо 9,8 м) чохь дуьсуш[2][3][4][5].
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Энциклопедия «Авиация». — М.: Научное издательство «Большая Российская Энциклопедия», 1994. — 736 с.
- ↑ Константин Ходаковский. Вертолет на мускульной тяге официально завоевал приз Сикорского . 3Dnews.ru (2013 шеран 12 июль).
- ↑ Михаил Карпов. Этот веловертолет продержался в воздухе две минуты и взял приз Сикорского . Компьютерра (2013 шеран 12 июль).
- ↑ U of T engineers make history with first human-powered helicopter . ctvnews.ca (2013 шеран 11 июль). Архивйина 2013 шеран 15 июлехь
- ↑ AeroVelo Officially Awarded AHS Sikorsky Prize! aerovelo.com (2013 шеран 11 июль). Архивйина 2013 шеран 15 июлехь Архивйина 2013-08-06 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйан- Аэродинамический расчёт вертолетов / Юрьев Б. Н.. — М.: Государственное издательство оборонной промышленности, 1956. — 560 с.: ил.
- Кеп:Книга:Наследники инженера да Винчи
- Пивоваров Ю. Ф. Боевые вертолеты в составе отечественной армейской авиации. 1951—1972. // Военно-исторический журнал. — 2008. — № 3. — С.13-16.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- История развития вертолета(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Издательство «Вертолет»: 100 лет на службе людям
- Вадим Михеев. На небо под винтом
- Военные вертолеты
- Вертолет. Техника безопасности.
- Об использовании вертолетов в надзоре за дорожным движением Архивйина 2022-02-03 — Wayback Machine
- А. М. Черёмухин — ЦАГИ 1ЭА Архивйина 2023-04-30 — Wayback Machine — Е. Л. Залесская, Г. А. Черёмухин «ИНЖЕНЕР БОЖЬЕЙ МИЛОСТЬЮ»
- Аэродинамика вертолетов — подробное описание явлений, связанных с полётом вертолета. Обсуждение без формул, с картинками.(ингалс.)
- История вертолетных рекордов
- Все мировые винтокрылые аппараты.