Авиахикема — хIордан тIехь мобилан авиабаза хуьлуш долу авиацин тобанийн гIуллакхдан а, охьаховшийта а кечйина тIеман хикеманийн класс. Коьрта тIелатаран ницкъ авиахикеман тIехь палубан авиаци ю, царна юкъахь хила тарло хIоьънан герз лелон хIаваан кеманаш а.

Диъ авиахикеманаш, лахара хьала: испанийн «Принсипе де Астуриас», америкин десантан «Уосп», америкин «Форрестол», британин дай авиахикема «Инвинсибл» гойту XX бIешеран авиахикеманийн барамаш.
Деза авиахьушдолу крейсер-кема «Адмирал флота Советского Союза Кузнецов».

Къасталун башхаллаш

бӀаьра нисйан

Авиахикеманийн хIаваан кема гIотту палуба ю, кеманаш я вертолёташ гIоттуьйту а, охьахоуьйту а, лоттийту а кхин гIирсаш а бу (масала ангараш, тIома машенаш тояран а, дагорг доттаран техникин гIирсаш), тIома леларан гIоьнан а, урхаллин а гIирсаш а бу.

ГIаттаран палуба тIиера кеманаш гIовтто таро ю стартан сихдолуьйтучуьн а, стартан катапультан а гIоьнца. Стартан сихдолуьйтург я катапульташ тарйо гIаттаран палубин меран сонан палубехь (АЦШ ТХIН авиахикеманаш тIехь хуьлу), я сонан палубехь (Российн «Шторм» проектан авиахикеманаш). ХIинцалерачу авиахикеманийн лакхахь йийцина сонан палуба лаьтта корпусан семан асан сенца (сонан палуба), цуьнан Iалашо ю цхьаьна хенахь кеманаш гIовттийта а, охьаховшийта а. Меран катапультийн меттана авиахикеман мерехь хьаладалийтаран трамплин ян таро а ю. (Меран хьаладалийтаран трамплин ю Россий авиахикеман «Адмирал Кузнецовн», ткъа иштта хир ду «Шторм» проектан авиахикема). Кема хьаладолуш а, охьадуссуш а муьлхха а авиахикема доьду максимум сихаллийца механ дуьхьала. Авиахикеман тIиера кеманаш гIовттар, хикеманийн бараме а, конструкцин башхаллашка а хьаьжжина гIовтто таро ю хIорд 3-7 балл сов сийсаш бацахь. Кема охьадуссуш кIезиг датийтархьама лелайо аэрофинишёраш, охьадуссу кема цунах тасало шен гакаца. Авиахикеман ша лардаран герз хуьлу: юккъера а, жима а калибран зенитан артиллери, «хикема-хIаваъ» классан зенитан урхалла ден ракетан герз (ЗУРГ).

Авиахикеманийн тIелатаран тобанашна коьртехь долу, авиахикема оперативан-тактикан лакхарамобилан тIеман дакъа ду, цуо таро йо сихха алсама ницкъийн концентраци ян Дуьненан океанан муьлхачу областехь.

1960-гIа шерашкахь, ркетийн герз кхиар бахьнехь, авиахикеманийн стратегин маьIна дуккха а лагIделла. Авиахикеманаш декъало:

  • чу хихоарца: деза а, дай а;
  • Iалашонца а, тIеман декхарш кхочушдарца а: тIелатаран, гIарулан, хин бухара кеманашна дуьхьала а, вертолётанхикеманаш а.

Деза авиахикеман бу 75000 т сов хин чухоам, корпусан дохалла — 300 м доца дац, шоралла —40 м гергга, леларан сихалла — 33 шед, экипаж 2800÷3300 стаг. Таро ю штатаца латто 90 гергга кема а, вертолёт а, дIадахьа 120 гергга кема а, вертолёт а. Дайн авиахикеман 27000 т сов хин чухоам бу, корпусан дохалла 210÷270 м гергга, шоралла — 24÷32 м гергга, леларан сихалла — 33 шед, экипаж 1300÷1400 стаг. ДIадахьа таро ю 30 кема а, вертолёт а. ТIелатаран — дукхаха дерг деза авиахикема, дукхаха дерг атоман ницкъала мотор болуш хуьлу. Деза тIелатаран атоман авиахикеманаш — АЦШн а, Йоккха Британин а ТIХIФ тIелатаран ницкъан бух бу. Юкъатоьхна тIелатаран авиалелоран цхьаьнакхетаршна мостагIчун авиацица тIом бан а, хIордан юккъехь флотан Iалашо кхочуш ян а, кхин а Iалашо ю бердан йисттера объекташна тIелата. Цхьа дакъа тIиера кеманаш лерина ду хIоьънан а, ракетан а герз тоха. «Кема-латта» классан ракеташ арахоьцу тIемадоккху катапульташца. ГIарулийн авиахикема — дукха хьолахь дайн авиахикема, лерина ду шен авиатобан ницкъашца гIарулаш ларъян. Дукхаха долу гIарулийн авиахикеман хин чухоам хуьлу 25000 т, дохалла — 200 м гергга, шоралла — 20 м, леларан сихалла — 15—20 шед, экипаж — 1000—1100 стаг, дIахьо 50 кема а, вертолёт а. Хин бухара кеманех лардаран авиахикема — деза я дай авиахикема, хьесап дина тIехь хин бухара кеманашца тIом бен кеманаш а, вертолёташ а лело. Оцу авиахикеман экипаж хуьлу 1700—2800 стаг. Вертолёташлелориг — леррина 40—50 вертолёт лело дина авиахикема ду. Вертолеташлелон кеман хин чухоам — 15000 т, леларан сихалла — 20 шед гергга, экипаж — 1000÷1200. Дукхаха долу вертолёташлелориш хин бухара кеманашна дуьхьала лерина авиахикеманийн функцеш кхочуш йо. Цкъацца вертолёташлелориг олу кхин а авансан (дукхаха дерг вёртолёташ лелон) десантан кеманех, иза башха нийса а ца хуьлу, хIунда аьлча, десантан авиа лелон кеман коьрта Iалашо лаьттан эскарш дIадига а, латан тIе десант яр а ю.

ГIуллакхех лаьцна хаам

бӀаьра нисйан
 
HMS Argus ду дуьненахь дуьххьарлера нисса палуба йолу авиахикема

Тахана авиахикеманаш ду уггаре дукха лелон тIеман кеманаш. ХIокху заманан авиахикеман тIаьхь хуьлу дукха хIаваан кеманаш, царна юкъахь хила тарло хӀаллакдийригаш, штурманчаш, кема-заправщикаш, генара радиолокацин лахаран а, урхаллин а кеманаш, хин бухара кеманашна дуьхьала кеманаш, талламан кеманаш, радиоэлектронан тIеман кеманаш. Цуьнца цхьаьна, авиахикеман хуьлу вертолётийн тоба, царна юкъахь лахаран-кIелхьарабахаран, талламан, хин бухара кеманашна дуьхьала дерш, транспортан машенаш.

ХIокху замана авиахикеман хуьлу ницкъала энергин мотор (массо аьлча санна деза авиахикеманийн ХIЭМ) хуьлу, шеца хуьлу авиаавиадагорган а, авиагерзан а йоккха резерв, цуо таро ло авиахикеман дикка ехачу хенахь шен бердашна генахь лела.

Авиахикеманийн Iалашо ю: