Автономи
Автоно́ми (шир.-желт. αὐτονομία — «шен законаш») — ша хилар, субъектан шеш хӀиттийначу хьесапийн бух тӀаьхь лела таро йа бакъо хилар.
Терминан истори
бӀаьра нисйанЮьхьанца антикаллин муьрехь автономи олура Ширчу Румо грекийн полисашна луш йолу шайн законашца баха бакъо, амма руман администрацин тергонехь. Нисса аьлча автономи дикка готта шайш урхаллин бакъонийн дакъа дара Румо «Элефтери» цӀе а тиллина, совгӀата дина.
Философи
бӀаьра нисйанФилософехь автономи — шен хьекъало а, эхь-бехко а хьажадо, хилар ша долу хьесап ду (Кант); адаман, эхь-бехк долу субъект санна, таро хилар ша дала шен законан бух тӀаьхь. Субъектан гетерономин дуьхьала — аьлча а, леларан гӀиллакх «арахьара» тӀеэцар — ша ойла а йина, шен ойланца ца деш иза.
Автономи иэшарх кхетта хилла грекийн философаш Демокрит а, Сократ а. Массера а йукъара леларан хьесап санна, автономи кхайкхийна руман-католикийн килсан авторитаризман дуьхьала ваьллачу Лютера. Автономи этика агӀора иэшаран ойла йина Шефтсберис, Хатчесона, ткъа теоретикан рогӀан кепахь Канта а (автономин этика).
Иэхь-бехкан автономис таро ло, адаман сий а, дикалла а ларъеш, маьрша хила социалан хӀиттамех, Ӏедалан диктатех, модех, кхечеран ойланех, дахаран халонашна а, кхерамашна а хьалха ца воха.
Психологи
бӀаьра нисйанПсихологехь а, берийн психоанализехь а автономин-гетерономин шала термин юкъайаьккхина Пиаже Жана, берийн гетерономи а, баккхийчеран автономи а къасторхьама. Белхан механикца цуьнан бух бу контраст тӀаьхь, инфантилан вазаран а, кхечу агӀора бераш дозуш хиларан а, баккхийчеран гуш йолу маршонан (я маршоне гӀертаран) юкъахь. Пиажес гайтина автономин а, гетерономин а юкъахь йолу чӀогӀа уьйр а, уьш вовшешца йозуш хилар а. Масала, невротиках возуш хиларо (гетерономи) — гойту цамгаран хьал, цомгуш волу воккханиг автономин хила веза, амма лазарца цунна ша гетеронмин, возуш волуш хета.
1963 шарахь Пиажен тӀаьххье Эриксон Эрика юкъайаьккхина чолхе термин: «иэхьан а, шеконан а дуьхьала автономи» — нийса а, дика кхетош а шен «адаман дахаран тӀегӀан» формула йаьккхина бархӀаннах шолгӀаниг билгалдаккхархьама. Гергарчу вастаца гайтина тӀегӀа йогӀу психоанализан классикан теорин цӀогана тӀегӀанца, цуьнца сфинктеран терго — автономе кхачар ду.
Пачхьалк а, бакъо
бӀаьра нисйанБакъонийн кхетамехь, автономи — цхьаьнакхетаршна, адамийн чкъоьрнашна, корпорацешна луш йолу бакъо ю, шайн норманашца а, низамца а билгалчу дозанашкахь цаьрга куьйгалла дайтархьама.