Агапова, Ирина Анатольевна
Ага́пова Ирина Анатольевна (йина 1975 шеран 7 мартехь) — оьрсийн йаздархо а, драматург а, исбаьхьалча а, фотомодель[1] а, психолог а йу.
Агапова Ирина Анатольевна | |
---|---|
Йина терахь | 1975 шеран 7 март (49 шо) |
Йина меттиг | |
ГӀуллакхан тайпа: | прозаик, драматург, психолог |
Жигара шераш: | 1999 — хӀ. а. |
Хьажам: | модернизм, постмодернизм |
Жанр: | драматурги, публицистика, фантастика, психологи |
Произведенин мотт: | оьрсийн |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанАгапован дуьххьарлера публикацеш хилира 1985 шарахь, шен итт шо долучу хенахь. 1989 шарахь говзанчийн сцени тӀехь хӀоттийна авторан дуьххьарлера пьеса «Диана, Латона и вредная Слигарона»[2].
1990 шарахь Агаповах хилира туьйлира «Мисс Подмосковье 1990» къовсамехь, цул тӀаьхьа фотомодель болхбира. Йуккъера ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа институт йаьккхина психолог говзанча хилира.
1999 шарахь арахийцира йаздархочун хьалхара кхо жайна. Кхин а шо даьчи, 2000 шарахь, «Клуб» журнало Агапова Иринин цӀе тиллира «XXI бӀешеран драматург» аьлла[3]. Оццу шарахь «Айрис-пресс» арахецаралло зорба тоьхна наркоманин баланах, дуьххьарлера кегийрхойн безамах, хӀокху заманан кегийрхойн йукъаметтигех лаьцна пьеса — «Ӏида ишколехь. Арахецаран балаш» гуламера «Ӏовдаллин дети яй», ткъа 2008 шарахь — «Сценарии и репертуар» журналехь. Агапован кхин пьесаш — «Шира хьеран туьйранаш» Новости педагогических инноваций. О постановке "Сказки старой мельницы в Республики Чувашия и Волгоградской области, «Де дика дойла, со хьан деваша ву!», «Паччахьан йоьӀан жовхарш», «ЦӀога хьийзориг», «Базан гергара кхо цӀе», «Осокорь а, Ӏаьржа янтар а», «Вежарий ГриммгӀеран новкъара туьйранашца», иштта кхин а. Уьш тайп-тайпанчу шерашкахь хӀиттийра Барнаулехь, Иркутскехь, Северодвинскехь, Челябинскехь, Муромехь, Канашехь, Вологдехь, Нарвехь, Нерюнгрехь, кхин а Российн гӀаланашкахь, гергарчу дозанал арахьа (Беларусь), ткъа иштта Канадехь[4].
Дукхаха долу шен жайнаш суьрташца кечдо. Сурт дилларан говзалла — графика, акварель, даьтта.
2008 шарахь дуьйна литературин журналашкахь зорба туху цуьнан фантастикан дийцарш а, повесташ а. 2008 шарахь, «Искатель» цӀе йолчу альманахан хьалхарчу лоьмарехь зорба тоьхна Агапован дийцар «Анна цӀе йолу гуттаренна а суьйре». Цуо йоккха гӀовгӀа йаьккхира коьртачу шахьран литературин гуонашкахь, ишколехь Ӏамо магийна йуккъерчу а, лакхарчу а классашкахь[5]. 2009 шеран «Литература в школе» («Литература ишколехь») журналан шолгӀачу лоьмарехь зорба туьйхира оцу дийцарца болу «„Гуттаренна а суьйренан“ къайле — кхетам а, безам а» цӀе йолу ишколан доьшийлин кечаман[6]. 2009 шарахь йаздархойн Агапова-Давыдова дуэтан караделира Российн «Рекордийн а, кхиамийн а жайнан» рекордсменийн сертификаташ номинацехь «1999—2009 шерашкахь уггаре дукха зорба тоьхна ишколан а, берийн бешийн а Ӏиданашца сценареш йолу жайнаш[7]. Хаам дӀахьажийра Дерригдуьненан арахецаралле — «Гиннессан рекордийн жайне».
М.А. Давыдоваца соавтор йолуш арахецна дерриг жайнийн тираж 2 млн гергга экземпляр.
2010 шарахь дуьйна — Москохан Дуьненайукъара театран «Давыдовн» фестивалан президент[8].
2012 шарахь хилира «Дакъаделла зезагийн кочар» жайнан презентаци а, «ШолгӀачу даржера инстинкт» роман арахецар а[9].
Библиографи
бӀаьра нисйанДраматурги
бӀаьра нисйан- Кхо том «Ӏида ишколехь», «Айрис-пресс», М., 1999, 2000.
- «Ӏида доьзалехь», «Айрис-пресс», М., 2001.
- «Ӏаламат хаза Ӏиданаш», «Рипол-класски», М., 2006.
- «XX бӀешеран Ӏиданаш ишколехь», «Хьехархо», Волгоград, 2008.
- «Керла шо а, кхин ишколан Ӏиданаш а», «Феникс», Дон-тӀера-Ростов, 2008.
- «Ишколан забарш: 1 апрелан Ӏиданаш а, кхин деларан денош а» «Феникс», Дон-тӀера-Ростов, 2008.
Психологи
бӀаьра нисйан- «Маре дохадо — доьзал вовшахтуху», «Дрофа», М., 2005.
- «Цхьалла», «Айрис-пресс», М., 2001.
- «ЭхӀ, и ловзар», «Айрис-пресс», М., 2001., кхин а.
Non-fiction
бӀаьра нисйан- «Поргина Людмила а, Караченцов Николай а», «Эксмо», М., 2005.
- «Москох бӀаьрхишах ца теша. Зударийн йалх кхоллам» «Эксмо», М., 2006.
- «Гундарева Наталья а, Филиппов Михаил а», «Эскмо», М., 2006.
- «Кхаа мушкетерийн хьоме актрисаш», «Эксмо», М., 2006.
- «Российн кинон суперменаш», «Аграф», М., 2008, кхин а.
Прикладан литература
бӀаьра нисйан- «Кега-мерса хӀуманаш Ӏаламан гӀирсех», «Лада», М., 2006.
- «100 уггаре дика оригами берашна», «Лада», М., 2006.
- «Муьлххачу чомера кӀеда тайнигаш», М., «Лада», 2007.
- «114 кега-мерса хӀума караеинчух», «Лада», М., 2008.
- «Кега-мерса хӀуманаш а, совгӀаташ а Ӏиданашна», «Лада», М, 2009, кхин а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Газета «Метро», фотомодель И. Агапова 90-е годы
- ↑ «Достойна книги Гиннесса», журнал «Клуб» № 5, стр. 46-47, М., 1999
- ↑ М.Алешина «Ирина Агапова — драматург», «Клуб» № 5, М., 2002, стр. 28
- ↑ http://ped-kopilka.ru/novosti-pedagogicheskih-inovacii/novogodnja-skazka-tri-ogonka-vozle-elki-v-kanade.html О постановке пьесы «Три огонька возле ёлки» канадским режиссером
- ↑ Журнал «Литература в школе», № 2, 2009, г. Москва
- ↑ М. Давыдова статья «Театр — детям и юношеству», сборник «Театральные постановки в средней школе», Волгоград, издательство «Учитель», 2009 г., стр. 128—158
- ↑ http://www.marid.ru/pages/news/news.html Архивйина 2020-02-06 — Wayback Machine 23 января 2009 г. Церемония вручения сертификата Российской книги рекордов и достижений. Дуэт Агаповой-Давыдовой
- ↑ В. Птицын. Интервью с президентом II-го «Давыдовского» фестиваля И. Агаповой. Центральный сайт новостей Московской области
- ↑ В. Агафонов «Культовое чтиво литературной дивы», март 2012
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Persona Nota: самые «праздничные» писательницы. Автор Г. Лебедева о творчестве дуэта «Агапова-Даывдова» Архивйина 2020-03-20 — Wayback Machine
- "Ирина Агапова - дива нового века". Ж."Ваша библиотека" № 3, 2011
- И. Шестатков, 2010 год. «Бархатный декаданс леди-Ирины» Архивйина 2020-03-20 — Wayback Machine
- Сайт национальной библиотеки Чувашии. Отрывки из статей Т. Кирилловой «Таланты и поклонники собрались в Канаше» и «За победу» 2006. Архивйина 2023-03-06 — Wayback Machine
- Краткая биография Агаповой.
- Сайт И. Агаповой и М. Давыдовой