Гиннессан рекордийн жайна
Гиннессан рекордийн жайна (ингалсан маттахь Guinness World Records) я Дерригдуьненан рекордийн книшка, Гиннессан дуьненан рекордийн жайна (инг. The Guinness Book of World Records (АЦШ) — хӀора шарахь арадолу куьйгалла ду. Адамийн а, дийнатийн а кхиамаш буьйцу оцу жайнехь, иштта башха Ӏаламан хиламаш а, шоу-бизнесан а, массийн хаамийн гӀирсашна а, оьздангаллин а кхиамаш чулоцу цо.
Юххьера арахецна 1955-чу шарахь «Гиннесс» цӀе йолчу йий арахоьцу компанино тӀедилларца. Жайна арахеца дагадеара Хью Биверан. Цунна лаьара Ирландер а, Британер а пабше оьху нахан тешаме хьост кхолла, хӀунда аьлча царна юккъахь тайп-тайпана рекордаш юьйцуш къийсамаш хуьлура. Хью Биверан ойла дахарехь кхочушъян аьтто белира Крис Чатэвэан а, МакУайртер вежарийн а. 1955-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 27-чу дийнахь зорба тоьхна Жайнан хьалхара арахецар.
Хьалхарчу муьрехь «Гиннессан рекордийн жайне» йукъадогӀуш МакУайртерш гулдина бакъдерш бен дацара, амма хан-зама йаьлча Жайнан чулацам адамийн тамашена а, экстраваганте а кхиамашца алсамбелира.
Жайна зорба тухуш болу компанин векалш рекордаш хӀотто лууш болу нах йукъа а бохуьйтура, иштта цара билгалдаьккхира Гиннессан рекордийн жайнан дерригдуьненан де (лахьанан-беттан (ноябран) кхоалгӀачу кӀиран еарин де). ТӀаьхьайогӀучу хенахь зорбане девлира Жайнан леррина арахецарш а, кхечу мехкийн Жайнаш а.
Кеп-кепара хадабо Жайнан мах- алсама лакхара а, делахь а критика еш меттигаш хуьлу.
Книшкан агӀонашкахь дуьйцу, авторан бакъонца ларйеш йолу арахецаршна юккъахь, иза уггаре дукха духкуш жайна хилар. Иштта Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь йукъараллин библиотекашкахь уггаре лечкъа йеш книшка ю иза.
2015-чу шеран арахецарца Жайнан кхузткъа шо кхечира.