Агванийн абатКавказан Албанин йоза) — хӀинцалера Азербайджанан а, Къилба ДегӀастаан мохк тӀехь хилла, юккъера бӀешерийн Малбален Чоьхьара Кавказан пачхьалкхан Кавказан Албанин йоза. Абат карийна 1937 шарахь XV бӀешеран эрмалойн куьйга яздина тептар юкъахь, йозан шифр дӀадиллина тӀаьхьуо карийначу хьостийн бух тӀехь, зорба тоьхна 2009 шарахь. Агванийн маттах схьабаьлла лору нахийн-дегӀастанан меттанийн лезгийн бухаратобанера хӀинцалера удинийн мотт[1].

Агванийн абат
Йозан тайпа консонантан-вокалийн йоза
Меттанаш кавказан-албанийн
Мур V—VII бӀешераш
ISO 15924 Aghb

Историн очеркНисъе

 
Албанхойн абат юкъахь йолу эрмалойн XV бӀешеран тептар

Албанин бевза цхьаъ бен боцу мотт бу агванийн мотт, кхин цӀе «гаргарийн»[2].

Корюн, «Маштоцан дахар», 443—450 шераш герга[3]:
«Оцу хенахь веира и волчу цхьа иерей, алуанхо цӀе Бениамин а йолуш. Цуо (Маштоца) хаьттира цуьнга, теллира варварийн дешнаш алуанийн меттан, цул тӀаьхьа шен даима санна гарца, лакхара доссийна долу, кхоьллира йозанаш (алуанхошна), Делан къинхетамца дуьстира, шен метта дӀахӀиттийра, нисдира.»

V бӀешеран эрмалой хронисто, «Маштоцан дахар» авторо Корюна, хаам бо[3], Агванийн абат йина хилла (я юха йина) эрмалой серлончо а, диндархохочо а Месроп Маштоца епископ Ананийн а, гочдархочун Вениаминан а гӀоьнца 420-гӀа шераш долалуш[4][5], и мохк керста бинчул тӀаьхьа. Корюна яздо:

Иштта хаам бу кхин тӀаьхьарчу историкан Мовсес Хоренацин а, «Албанин историн» авторан Мовсес Каганкатваци а гаргарийн меттан амалца[6][7], амма огӀа историкашна (А. Г. Шанидзе, К. П. Паткановс) хета, тӀаьхьарчу хьостан и фрагмент эцна Хоренацигара[8][9].

Месропом Маштоца албанийн абат кхоллар бух болуш ца хилар ца карадо эрмалойн доцучу хьосташкахь[10].

БилгалдахаршНисъе

  1. Климов Г. А. Агванский язык // Языки мира: Кавказские языки. — М., 1999. — С. 459
  2. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран Тревер3 йоза яздина дац
  3. 1 2 Корюн. Житие Маштоца, 16-17
  4. Майсак Т. А. К публикации кавказско-албанских палимпсестов из Синайского монастыря // Вопросы языкознания. — М., 2010. — № 6. — С. 89.
  5. М. С. Гаджиев. К интерпретации сведений о создании письменности Кавказской Албании // Albania Caucasica. — М.: ИВ РАН, 2015. — Т. I. — С. 178.
  6. Peter R. Ackroyd. The Cambridge history of the Bible. — Cambridge University Press, 1963. — Т. 2. — С. 368.:

  7. J. Gippert, W. Schulze. Some Remarks on the Caucasian Albanian Palimpsests / Iran and the Caucasus 11 (2007).

  8. А. Шанидзе. Новооткрытый алфавит кавказских албанцев и его значение для науки // Известия института языка, истории и материальной культуры им. акад. Н. Я. Марра. — 1938. — С. 2.
  9. К. Патканов История Агван Мойсея Каганкатваци. — 1861. — С. xi.
  10. Avedis K.Sanjian. The World’s Writing Systems. Oxford University Press, 1996- P.356.