ДегӀаста

ДегӀастанан Республика ( Суьйличоь ) — Российн Федерацин (Российн) субъект, цунна йукъара республика[2]. Къилбаседа Кавказан Федералан гуон йукъадогӀу, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.

Российн Федерацин регион

Суьйличоь


жӀай. Дагъистаналъул Жумгьурият
агул. Республика Дагъустан
азерб. Дағыстан Республикасы
даьргӀ. Дагъистан Республика
гӀум. Дагъыстан Республикасы
гӀазгӀум. Дагъусттаннал Республика
лаьзг. Дагъустан Республика
ногӀ. Дагыстан Республикасы
рут. Республика Дагъустан
таб. Дагъустандин Республика
цах. Республика Дагъустан


Flag of Dagestan.svg Coat of Arms of Dagestan.svg
Байракх ХӀост

Суьйличоь Российн картин тӀехь

Коьрта гӀала

ХӀинжа-гӀала

Майда

52-гӀа

- Массо
- хина тӀехуле %.

50270 км²
0,4

Бахархой

13-гӀа

- Массо
- Луьсталла

2 964 822 (2014)

58.98./км²

ДЧС

35-гӀа

- Массо, карарчу мехаца
- ХӀораннан а сина

285,3 млрд. сом. (2010)

78,3 эзар. сом.

Федеральни гуо

Къилбаседа-Кавказан

Экономикин кӀошт

Къилбаседа-Кавказан

Пачхьалкхан мотт

оьрсийн, жӀайхойн, агулийн, азербайджанийн, саьрхойн, гӀумкийн, гӀазгӀумкийн, лаьзгийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, татийн, цахурийн, нохчийн[комм. 1]

Республикин корта

Васильев Владимир

Халкъан гуламан
председатель

Шихсаидов Хизри

Республикин правительствон председатель

Здунов Артём
ХӀост Гимн Дагестана, Дагестан, ты отчизна святая

РФ регионан код

05
ISO 3166-2 код RU-DA

Сахьтан аса

MSD[d], UTC+3, Европа/Москох[d][1]

Официальни сайт:

http://www.government-rd.ru/
Суьйличоьнан физикин карта

Кхоьллина 1921 шеран 20 январехь РСФСР йукъара автономин республика санна. Республикин коьрта гӀалаХӀинжа-ГӀала.

Доза ду Азербайджанан Республикица къилбехахь, Гуьржийчоьнца къилба-малхбузехьа, ткъа иштта Нохчийн Республикица малхбузехьа, Ставрополан мехкаца къилбаседа-малхбузехьа, ГӀалмакхойчоьн Республикица къилбаседехьа.

ДегӀастанан Республикин Конституцица пачхьалкхан меттанаш ду оьрсийн а, ДегӀастананахь деха дерриг къаьмнийн а меттанаш. Царна йукъахь йоза а ду, официалан статус а ю жӀайхойн, агулийн, азербайджанийн, саьрхьойн, гӀумкийн, гӀазгӀумкийн, лаьзгийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, татийн, цахурийн, нохчийн меттанийн.

ЭтимологиНисйе

Таханлера ДегӀастанан мехкан, алсама долу дакъа ломан ДегӀастанан, цӀе историн литературехь тайп-тайпана йоккху, иза доьзна ду луларчу къаьмнех, я мостагӀий тӀелетарех, цара цӀе туьллура оцу мехкан шайн маттахь цӀе.

Цхьаболчу историкаша хуьлуьйту Къилба ДегӀастанан хьалхара цӀе «Албани», иза хуьлу «Ломан мохк»[3]. Гуьржаша исторехь ДегӀастанан цӀе йоккхура кхаа тайпана: «Лекети» (я Лакз[4], я Легийн латташ[5]), «Хундзети» (Ломан ДегӀаста) а, «Дидоэти» (Дидой)[4][6].

«ДегӀаста» цӀе евза XVII бӀешарахь дуьйна, цуьнан маьӀна «ломан мохк» ду (тюркийн даг — лам, гӀажарийн стан — мохк, латта)[7]. А. К. Аликберовн хетарехь «ДегӀаста» гунно-савирийн (гӀумкийн дайн) ломан пачхьалкхан цӀеран калька ду — Тавъяка (гочдо с кипчакийн (гӀумкийн) меттара «Тав» — лам, «Як» — агӀо, мохк)[8]. В. В. Бартольдца «ДегӀаста» цӀе йукъайаьлла X/XVI бӀешерашкахь[9]. «ДегӀаста» цӀе нийса йац историн маьӀнехь бен, хӀунда аьлча ДегӀастанан АССР (хӀинца ДегӀастанан Республика) йукъа ГӀизларан, НогӀийн аренаш тоьхначул тӀаьхьа, ломан регионаш 56 % бен ца хуьлу ерриг майданах[7].

ГеографиНисйе

 
Нохчийчоьнан а, ДегIастанан а доза

ДегӀаста лаьтта Кавказан къилбаседа-малхбален декъехь, Каспий-хӀордан бердаца. Республикин къилбаседан декъехь — аренаш, къилбан декъехь — Йоккха Кавказан лаьмнаш. Къилбаседера къилбехьа яхъелла 400 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 200 км гергга. ДегӀастанан къилбаседехьа доза ду Ставрополан махкаца а, ГӀалмакхойчоьнца а, малхбузехьа Нохчий Республикица а, Гуьржийчоьнца а, къилбехьа Азербайджанца. Латта тӀехула а, Каспий-хӀорд чухула а доза ду пхеа пачхьалкхаца — Азербайджанца, Гуьржийчоьнца, Кхазакхстанца, Туркменица, Иранца. Азербайджанан дозанца — Российн къилбан йист ю (41°10' къ-с. ш.).

ГидрографиНисйе

ДегӀастанан мехкан малхбалехь Каспий-хӀордан хиш ду. Къилбан а, юккъера а республикин дакъош дӀалоцу Йоккхачу Кавказан лаьмнаша а, ломан кӀажоша а, къилбаседехьа йолало Каспийнйистан аре.

ЭркашНисйе

Республикин юккъерачу декъехула чекхдолу эркаш Терк а, ГӀой-хи а. ДегӀастахь ду 6255 эрк (царна йукъахь 25 км дохалла долу, 100 кв.км хи гулдаран майда йолу, 100 коьртаниг, 185 кегийра а, 5900 сов чӀогӀа кегийра а), царех уггаре даккхийнаш ду Терк, ГӀой-хи, Самур, Рубас геннашца[10]. Дерриг эркаш Каспий-хӀордан бассейнера ду, амма хӀордах кхеташ 20 бен дац.

ДегӀастанан къилбаседе климат екъа хиларна эркашца къиен ю. Долу эркаш а аьхка леладо хи дуьллуш, тӀаккха уьш хӀордах ца кхета[11].

Уггаре дукха хи долуш ду ломан эркаш, хи чехка хиларна уьш Ӏай а гӀуора ца до, церан амалехь ду дикка алсама хи хилар а, яккхий охьенаш а[11].

Самур ДегӀастахь шен барамца шолгӀа эрк ду. Цуьнан майда 7,3 эз. км² ю. Хьост ду ДегӀастанан Рутулан кӀоштахь. Каспий-хӀорд чукхетачу меттигехь Самур геннашна декъа а лой дельта до. Эрк тӀаьхь а, цуьнан коьрта геннаш тӀаьхь а кхоъ ГЭС ян план ю. Самуран хиш иштта леладо ялташна хи дуьллуш: эрк чуьра долу Азербайджанан лулахь долу (Самур-Апшеронан татол) Къилба ДегӀастанан хи дуьллу татолаш (Самур-Дербентан татол)[11].

ГӀой-хи кхоллало ГӀазгӀумкийн ГӀой-хи, ЖӀайхойн ГӀой-хи, Ӏаьндийн ГӀой-хи цхьаьна а кхетий, ткъа уьш схьадовлу Йоккхачу Кавказан лаьмнашкахь. Цуьнан бассейнан майда ю 15,2 эз. км². ГӀой-хино ло ДегӀастанан ерриг гидроэнергоресурсех ах ресурсаш, кхунна тӀаьхь ю Чиркейн ГЭС, Миатлин ГЭС, Гельбахан ГЭС, Чирюртан ГЭС-1, Чирюртан ГЭС-2.

Ӏаьмнаш

РельефНисйе

 
Сари-ГӀум барханан гӀамаран оьланаш
 
Салтин Ӏин (Салти), ДегӀаста, 1904 шеран апрель

ДегӀастанан орографи ша кепара ю: лаьмнийн кӀажойн 245 километр аса гӀоьрта пурх долчу даккъех, цара гуо бо доккхачу Ӏадца Чоьхьара ДегӀастанан. Коьрта ши эрк арадолу лаьмнашкара — Сулак къилбаседехьа, Самур къилбехьа. Ломан ДегӀастанан Ӏаламан дозанаш ду: Лайн а, Ишхеш а даккъаш — ГӀой-хин доккхачу Ӏине кхаччалц ду, Гимрин, Хьаннийн, Кокма, Джуфудаг, Ярудаг даккъаш — ГӀой-хин а, Самуран бассейнан а юккъехь ду, Коьрта Кавказан дукъ — шине а бассейнан къилба-малхбузехьа ду[13].

Чоьхьара ДегӀаста, шеен рогӀехь, йекъало юккъера лаьмнийн, акъари кепара кӀошт а, альпийн, лекха лаьмнийн кӀошт а[14].

Лаьмнаша дӀалоцу 25,5 эз. км² майда, ткъа ДегӀастанан берриг мехкан юккъера локхалла ю 960 м. Уггаре лекха лам — Базардюзю (4466 м). ДегӀастанан лаьмнаш ден породаш, цӀеххьана къаьсташ ю. Коьртаниш царех — Ӏаьржа а, саз-латта кепара а сланцаш, чӀогӀа доломит долуш а, гӀийла щелоч долуш а кира маьӀданаш, ткъа иштта гӀамаран тӀулг а. Сланцийн даккъаш ду Лайн дукъ Дукълуо-Ломаца (4285 м), Богоссан дукъ Адалла-Шухгельмеэр (4151 м) бохьца, Шалиб Дюльтыдаг (4127 м) бохьца[15].

Каспийн бердйист а, Теркан-Куман а, Теркан-ГӀойхин тогӀен а аренийн доккхаха долу дакъа лаьтта дуьненан океанан тӀегӀанал 27 м лахахь[16].

КлиматНисйе

ДегӀастанан къилбаседехьарачу а, юккъерачу а декъера климат ю барамера континенталан а, екъа а[17].

ДегӀаста екъна кхаа лаьттан-климатан зонашка:

  • ломан — 850 (1000) м лакхе (майда 2,12 млн.га я 39,9 % мехках)
  • ломан кӀажошкара — 150 (200) - 850 (1000) м (майда 0,84 млн.га я 16 % мехках)
  • аренан — −28 - 150 (200) м (2,35 млн.га я 43,3 % мехках)[18].

Январан юккъера температураш +4 °C чӀожашкахь, −11 °C лекха лаьмнашкахь, июлан температура +30 °C чӀажашкахь, +8 °C лекха лаьмнашкахь. Шеран йочанаш хуьлу, Ӏай 200—300 мм, аьхка 600—800 мм[19].

Вегетацин мур бу 200—240 де[20].

Сахьтан асаНисйе

Дагестан лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[21].

ОраматашНисйе

ДегӀаста географин агӀора йекъало ломан кӀажошкара, ломан, лекха ломан физикин-географин асанашна, хӀоранна а царна чохь ю тайп-тайпана ораматаш. ДегӀастахь йолу 4500 гергга кепара лакхара ораматаш, царех 1100 эндемикаш[22]. Аренашкахь коьртаниг ахгӀум-аренан ораматаш йовлу. Ломан кӀажошкара асанехь (600 м лакхара) баьржина байнаш а, хьаннаш а. Субальпийн а, альпийн а байнаш тӀаьхь алсама ю овсяница, клевер, астрагал, скабиоза, горечавка, кхин а бецаш. 3200—3600 м лакхахь алсама ю кӀорсамаш а, шело ловш йолу ораматаш а[23].

ИсториНисйе

  ДегӀастанан истори
 
ДегӀаста ширачу заманахь
Кавказан албанхой
Кавказан Албани
ДегӀаста юккъерачу бӀешерашкахь
Гуннийн паччахьалла (савир) ДегӀастанахь
Сарир
ГӀажарийн каганат
Лакз
ЦӀахурийн ханалла
Рутулан маьрша йукъаралла
Зирихгеран
Уркарахан долара мохк
Гумик
Джидан
Дербентан эмират
ГӀазгӀумкийн шамхалалла
Кайтаган уцмийлла
Табасаранан майсумалла
Ильчи-Ахьмадан эмиралла
ДегӀаста керлачу заманахь
ЖӀайхойн ханалла
Илисуйн султанат
Таркхойн шамхалалла
Мехтулин ханалла
Ӏаьндарийн олалла
Акхсайн олалла
Утамышан султанат
Коьсткан олалла
Бамматулин доллара мохк
ГӀазгӀумкийн ханалла
Рутулан бекалла
Ахтан бекалла
ДегӀаста Кавказан тӀамехь а, Империн йукъахь а
Къилбаседа-Кавказан имамат
ДегӀастанан область
Ломан республика
Къилбаседа-Кавказан эмират
ДегӀаста ССРС йукъахь
ДегӀастанан АССР
Къилбаседа-Кавказан мохк
ДегӀаста ССРС йоьхначул тӀаьхьа
ДегӀастанан Республика
ДегӀастанан тӀемлой чубахар
Къадаран зона

ДегӀастанан къаьмнаш
Ков «ДегӀаста»

Историн областашНисйе

ДегӀаста даиман а йекъалора историн-географин областашка: ЖӀайхойн мохк, Кайтаг, ГӀумкийчоь, Табасаран.

ПалеолитНисйе

ДегӀастанан махкахь нах баьхна 2 миллион шо гергга хьалха: ХӀордйистан ДегӀастара хӀуттийла Рубас-1 (2,2—2,3 млн шо хьалха)[24], Айникаб 1-2, Мухкай 1, Мухкай 2 хӀуттийлин чкъор 80 (1,8 млн шо хьалха), Мухкай 2 чкъор 129 (2,5 - 1,9 млн шо хьалха)[25][26], Гегалашур 1-3, Ругуджа[27], Урма-1[28]. Ах миллион шо сов ду Дарвагчай эрк тӀиерачу хӀуттийлан[29].

АнтикаллаНисйе

 
Кавказан Албани вайн эра долалуш. Батлер Самуэлан «Классикан а, антикан а географин атлас», XIX бӀешо.
 
Мемориалан комплекс «Ватан» — лерина ДегӀастахойн историн турпалаллин — Надир-шахан эскарш 1741 ш. Андалалехь эшорна, цунах хилира цхьанакхетна ницкъан а, цхьаьнатоьхна ницкъаш духар ца хиларан а ДегӀастанан къаьмнийн символ

Вайн эра долалуш таханлера ДегӀастанан дакъа дара Кавказан Албанин йукъахь.

Йуккъера бӀешерашНисйе

КӀошташНисйе

Муниципалан кӀошт Бахархой Луьсталла, адам./км² Административан шахьар
1 Агулийн кӀошт 10 647 14 э. ТипагӀ
2 Акхушан кӀошт 52 464 84 э. Акхуша
3 АхцахӀан кӀошт 31 622 29 э. АхцахӀ
4 Бабаюртан кӀошт 45 073 14 э. Бабаюрт
5 БежтӀан дакъа 9500 17 э. БежтӀа
6 Ботлихан кӀошт 53 408 77,2 э. Ботлих
7 Шури-ГӀалин кӀошт 72 761 40 гӀ. Шури-ГӀала
8 Харгабин кӀошт 19 225 52 э. Харгаби
9 Гумбетан кӀошт 18 482 25 э. Мехельта
10 ГӀунибан кӀошт 25 633 42 э. ГӀуниб
11 Дахадаевн кӀошт 37 439 25 э. Уркарах
12 Дербентан кӀошт 93 282 113,4 гӀ. Дербент
13 Докузпарин кӀошт 14 906 33 э. Усухчай
14 Казбековн кӀошт 41 927 75 э. Дылым
15 Кайтаган кӀошт 34 635 51 э. Маджалис
16 Кхарабудахкентан кӀошт 71 913 50 э. Кхарабудахкент
17 Кхаякентан кӀошт 55 323 87 э. Керла-Кхаякент
18 Кизилюртан кӀошт 80 450 150 гӀ. Кизилюрт
19 ГӀизларан кӀошт 65 966 21 гӀ. ГӀизлар
20 Кулин кӀошт 10 232 16 э. Вачи
21 Кумторкалан кӀошт 23 804 18 э. Коркмаскала
22 Курахан кӀошт 14 989 20 э. Курах
23 ГӀазгӀумкийн кӀошт 11 951 17 э. Кумух
24 Левашин кӀошт 68 712 82 э. Леваши
25 Магарамкентан кӀошт 61 187 93 э. Магарамкент
26 НогӀийн кӀошт 22 539 3 э. Терекли-Мектеб
27 Рутулан кӀошт 21 018 11 э. Рутул
28 Сергокалан кӀошт 31 454 54 э. Сергокала
29 Сулейман-Сталан кӀошт 56 081 83 э. Касумкент
30 Табасаранан кӀошт 54 205 68 э. Хучни
31 Тарумовкан кӀошт 31 654 11 э. Тарумовка
32 КӀляратӀан кӀошт 23 069 15 э. КӀляратӀа
33 Унсоколон кӀошт 28 710 51 э. Унсоколо
34 Хаси-Эвлан кӀошт 140 387 100 гӀ. Хаси-Эвл
35 Хиван кӀошт 19 979 32 э. Хив
36 Хунзахан кӀошт 30 702 56 э. Хунзах
37 ЦӀумадан кӀошт 22 683 21 э. Агвали
38 ЦӀунтӀан кӀошт 17 889 14 э. Кидеро
39 ЧӀарадан кӀошт 11 340 11 э. ЦӀуриб
40 Шемалан кӀошт 25 970 29 э. Хебда
41 Ӏовхойн кӀошт 27 367 126 э. Бони-Эвла
42 Ӏахвахойн кӀошт 21 326 73 э. Карата

ГӀаланашНисйе

ГӀаланаш 2006 2007 2008
ХIинжа-ГIала 49 801 49 801 46 813
Шури-ГӀала 2095 2095 2095
Дагестански Огни 927 927 927
Дербент 7100 7100 6963
Избербаш 2292 2292 2255
Каспийск 3294 3294 3294
Кизилюрт 2370 2370 2370
ГӀизлар 3231 3231 3231
Хаси-Эвл 3848 3848 3848
Южно-Сухокумск 9170 9170 9170

БилгалдахаршНисйе

КомментарешНисйе

  1. Согласно конституции, государственными языками республики являются русский и все языки народов Дагестана. Однако только 14 языков имеют свою письменность и функционируют как государственные.
  1. https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
  2. Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
  3. Юнус Дешериевич Дешериев. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. — Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1963. — С. 554.

  4. 1 2 Историческая карта Грузинского царства и соседних территорий
  5. [Armenia, Colchis, Iberia, Albania, Etc.jpg]
  6. Происхождение Хунз.
  7. 1 2 Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь / Отв. ред. P. A. Агеева. — М.: Русские словари, 1998. — С. 130. — ISBN 5-89216-029-7.
  8. Хазары: Миф и история. /Редколлегия: А. К. Аликберов, Т. М. Калинина, Т. М. Мастюгина, В. В. Наумкин, Е. Э. Носенко-Штейн (редактор-составитель), В. Я. Петрухин (редактор-составитель), В. С. Флёров, Р. Я. Эмануилов. Гешарим/Иерусалим — Мосты культуры/Москва, 2010.
  9. В.В. Бартольд. Сочинения. — Наука, 1965. — Т. 3. — С. 408.
  10. Республика Дагестан. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2007 шеран 28 апрелехь.
  11. 1 2 3 Климат &124; Туризм в Дагестане(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 25 сентябрехь. Теллина 2010 шеран 24 мартехь.
  12. Берг Л.С. Рыбы пресных вод СССР и сопредельных стран. — М.—Л., 1948. — Т. 1. — С. 254. — 466 с.
  13. География ДегӀастанан. www.babochki-kavkaza.ru. Теллина 2019 шеран 8 майхь.
  14. География и природа ДегӀастанан (оьр.). www.e-dag.ru. Теллина 2019 шеран 8 майхь.
  15. О Дагестане. www.prd23.ru. Теллина 2019 шеран 8 майхь.
  16. ДАГЕСТАН • Большая российская энциклопедия - электронная версия. bigenc.ru. Теллина 2019 шеран 8 майхь.
  17. Географическое расположение, рельеф и климат ДегӀастанан. www.dagestanrsp.ru. Теллина 2019 шеран 8 майхь.
  18. Диссертация: Приёмы увеличения мощности панотнозо слоя каменистый почв речных долин Приморской низменности Дагестана. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 8 январехь.
  19. БОЛЬШАЯ СТРАНА :: РЕСПУБЛИКА ДАГЕСТАН
  20. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху География и природа Дагестана тIетовжаран йоза йаздина дац
  21. Федеральный закон от 03.06.2011 № 107-ФЗ «Об исчислении времени», статья 5 (2011, 3 июнь).
  22. Природа ДегӀастанан (оьр.). Теллина 2019 шеран 8 майхь.
  23. Республика ДегӀаста Географическая Карта (ингалс.). instructionstone. Теллина 2019 шеран 8 майхь.
  24. Деревянко А. П., Анойкин А. А., Казанский А. Ю., Матасова Г. Г. Новые данные по обоснованию возраста раннепалеолитического комплекса артефактов местонахождения Рубас-1 (Приморский Дагестан) // Известия Алтайского государственного университета. Выпуск № 3 (87) / том 2 / 2015.
  25. Ожерельев Д. В. Культурно-хронологическое определение каменных находок из слоя 129 многослойной раннепалеолитической стоянки Мухкай II. Краткие сообщения Института археологии. Вып. 241 (2015)
  26. Чепалыга А. Л., Амирханов Х. А., Садчикова Т. А., Трубихин В. М., Пирогов А. Н. Геоархеология олдувайских стоянок горного Дагестана. Бюллетень Комиссии по изучению четвертичного периода. № 72. Москва. ГЕОС. 2013. — С. 73-94.
  27. По Дагестану два миллиона лет назад бродили хомо эректус. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 20 декабрехь. (Амирханов Хизрин интервью)
  28. Амирханов Х. А., Мащенко Е. Н. Урма 1 — местонахождение раннего плейстоцена в Центральном Дагестане (1.2. Памятник Урма-1) // Stratum Plus, 2012
  29. Ильская стоянка на Кубани