Адаман хьеран-чуьйрийн тракт

Хьеран-чуьйрийн тракт (инг. Gastrointestinal tract, оьрс. ЖКТ) — бат тӀера анусе кхаччалц йолу тракт ю, цунна юккъе йогӀуш ю адаман а, кхийолу дийнатийн а ерриг кхача оьху меженаш. Багахула бууш кхачах эвсаралла йоккху а, энерги а худу. Бат а, тӀеда къамкъарг а, хьер а, чуьйраш а хьеран-чуьйрийн трактан дакъа ду.

«Хьеран-чуьйрийн» билгалдош хьер а, чо а юьйцучу хьолехь лелош ду. Тракт- гергара йолу анатомийн дӀахӀоттамийн я дегӀан йозу меженийн могӀа бу.

Дерриг букъсурт дийнатийн а, дуккхаха долу букъсуртдоцу дийнатийн а кхача оьху тракт ю. Хихудургаш а, книдариш а, ктенофорш а- юьххьера букъсуртдоцуш ю, церан кхоччуш йоцу кхача оьху тракт ю. Цера ши Ӏуьрг меттан цхьаъ ду.

Адаман хьеран-чуьйрийн трактан юкъайогӀуш ю тӀеда къамкъарг а, чо а, чуьйраш а. Тракт лакхарчу а, лахарчу а хьеран-чуьйран тракташна екъалуш ю.

Бат тӀера гоьте кхаччалц структураш чулоцу тракто. Цара хаддаза йолу татол кхуллу. Цу татолан юкъайогӀуш ю коьрта кхача ахьаран меженаш- хьер а, стомма йоьхь а, дуткъа йоьхь а. Цхьабакъду, адаман кхача ахьаран системан юкъайогӀуш ю ХьЧТ а, цу тӀе кхиъ гӀоьналлин меженаш а (мотт, туйнийн  екхоьаш а, наб (лат. pancreas) а, доӀах а, стиман ахкарг а).