Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци
АФФА — Азербайджа́нан футбо́лан федера́цийн ассоциа́ци (азерб. Azərbaycan Futbol Federasiyaları Assosiasiyası, AFFA) — Азербайджанехь футболан терго а, урхалла ден кхоллам. Штаб-квартира Бакохахь ю. Болх беш ю регионийн офисаш. ДӀакхоьхьу къоман чемпионат, мехкан кад, суперкад, мехкан гулйина командин ловзарш. Ерриг футболан гӀодеш, кхиош, гӀарайоккхуш болх дӀабохуьйту. АФФАс лелош ю суьдхойн корпус. Азербайджанан арбитрийн декъан председатель ву Мамедов Хагани.
Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци | |
---|---|
азерб. Azərbaycan Futbol Federasiyaları Assosiasiyası | |
Файл:Affa-2010.gif | |
Кхоьллина | 1992 |
ФИФА юкъаяхана | 1994 |
Президент |
![]() |
Гулйина командин тренер |
![]() |
Сайт | affa.az |
![]() |
ИсториНисйе
Хьалхара футболан клубаш ян йолийра 1905 шарахь. И командаш дукхаха дерг яра Бакохан яккхийра мехкдаьттан промыслан компанийн.
Хьалхара официалан чемпионат дӀаяьхьира Бакохахь 1911 шарахь, толамхо хилира Ингалсан мехкдаьттан компанин «Британин клуб» цӀе йолу команда.
1912 шарахь Бакохан футболистех вовшахтоьхна азербайджанийн команда левзира хьалхарчу дуьненайукъарчу матчехь Тиблисехь, «Сокол» командин дуьхьала, толам а баьккхира 4:2 чоьтаца.
1929 шарахь Азербайджанан гулйина командо дӀадаьхьира шайн хьалхара доттагӀаллин ловзарш Иранан гулйина командица ТехӀранехь, массо а матчашкахь туьйлира йоккхачу чоьташца — 4:0, 4:1, 11:0.
1991 шарахь маьрша яьллачул тӀаьхьа, 1991 шеран мартехь кхоьллира АФФА — Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци. 1991 шарахь АФФА дӀаийцира УЕФА а, ФИФА а йукъа. Оццу шарахь гулйина команда ловза йолаелира 1996 шеран Европин чемпионатан харжаман матчашкахь.