Футболех ловзаран Азербайджанан гулйина команда

Футболех ловзаран Азербайджанан гулйина команда (азерб. Azərbaycan Milli Futbol Yığması) — Азербайджан гойту дуьненайукъара футболан матчашкахь. Урхаллин кхоллам — Азербайджанан Футболан Федерацин Ассоциаци.

Азербайджанан байракх Азербайджан
Харц цӀерш ЦӀерийн мохк (азерб. Odlar Yurdu)
Конфедераци УЕФА
Федераци АФФА
Коьрта тренер Джанни Де Бьязи
Капитан Медведев Максим
Уггаре дукха
ловзарийн барам
Садыхов Рашад (111)
Уггаре дика
бомбардир
ГӀурбан Гурбанов (12)
ЦӀера стадион Бахрамов Тофикан цӀарах стадион, Баксель Арена, Олимпийн стадион (Бакох)
Уггаре лакхара 73 (2014 июль)
Уггаре лахара 170 (1994 июнь)
ФИФА код AZE
Форма
Коьрта
форма
Форма
Гостевая
форма
Форма
Резервная
форма
Хьалхара ловзар
Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гуьржийчоь 6:3  Азербайджан
(Гурджаани, Гуьржийчоь; 1992 шеран 17 сентябрехь)
Уггаре боккха толам
 Азербайджан 4:0 Лихтенштейн Лихтенштейнан байракх
(Бакох, Азербайджан; 1999 шеран 5 июнехь)
 Азербайджан 5:1 Сан-Марино Сан-Маринон байракх
(Бакох, Азербайджан; 2017 шеран 4 сентябрехь)
Уггаре боккха иэшам
Францин байракх Франци 10:0  Азербайджан
(Осер, Франци; 1995 шеран 6 сентябрехь)

2019 шеран 19 сентябран хьолехь ФИФА рейтингехь гулйина команда лаьтта 109-гӀа меттигехь, ткъа УЕФА рейтингехь 2019 шеран 19 ноябран хьолехь — 26-гӀа[1].

Истори нисйе бӀаьра

Хьалхара истори нисйе бӀаьра

Дуьххьарлера футболан клубаш кхолла йолийра 1905 шарахь. Оцу командаша коьртаниг гойтура йаккхий бакохан мехкдаьттан промышленностан компанеш[2]. Масала, Балаханашкахь промыслашкахь болх бо футболисташ-марздалархой, бевзара йерриг гӀалахь[2]. Дуьххьарлера официалан чемпионат дӀайаьхьира Бакохахь 1911 шарахь, толамхо хилира Ингалсан мехкдаьттан компанин «Британин Клуб» цӀе йолу команда. 1912 шарахь коьртаниг бакохан футболистех хӀоттийна азербайджанийн командо дӀадаьхьира дуьххьарлера дуьненайукъара ловзар Тиблисехь, «Леча» командин дуьхьала, цигахь толам баьккхира 4:2 чоьтаца[2].

Гулйина командин истори нисйе бӀаьра

1926 шарахь Бакохахь хилира Азербайджанан ССР а, ГӀажарчоьнан а футболистийн кхо ловзар, цигахь толам баьккхира азербайджанан футболисташа[3]. 1927 шарахь Азербайджанан гулйина командо дакъа лецира Чоьхьара Кавказан чемпионатехь, иза хилира Гуьржийн ССР коьрта шахьрахь Тиблисехь. Оцу чемпионатехь команда Гуьржийн ССР гулйина командица левзира 1:1чоьтаца[4], ткъа Эрмалойн ССР гулйина команда иэшийра 6:0[5]. В 1929 году[6] Азербайджанан гулйина командо дӀайаьхьира хьалха хиллачарна дуьхьара доттагӀаллин матчаш[3] ГӀажарчоьнан гулйина командин дуьхьала ТехӀранехь, цигахь баккхий толамаш бехира — 4:0, 4:1, 11:0[2]. 1933 шарахь Азербайджанан команда хуьлу Тиблисехь хиллачу Чоьхьара Кавказан профсоюзийн чемпионатан толамхо[2]. Цул тӀаьхьа йехачу заманахь азербайджанан футболисташ левзира ССРС гулйина командехь.

Гулйина командин хӀоттам 1992 шарахь нисйе бӀаьра

1992 шарахь Азербайджан мукъайаьллачул тӀаьхьа хилла дуьххьарлера къоман гулйина командин хӀоттам:[7]

ЦӀе Вина терахь Амплуа Клуб Мохк
1 Дмитрий Крамаренко 12.09.1974 кевнахо «Нефтчи» Бакох   Азербайджан
2 Эльхан Гасанов 12.08.1967 кевнахо «Хазар» Сумгаит   Азербайджан
3 Эмин Агаев 10.08.1973 турсло «Нефтчи»   Азербайджан
4 Эльшад Ахмедов 25.05.1970 турсло «Карабах» Агдам   Азербайджан
5 Тарлан Ахмедов 17.11.1971 турсло «Туран» Товуз   Азербайджан
6 Айдын Алекперов 08.02.1966 турсло «Иншаатчи» Бакох   Азербайджан
7 Вугар Исмайлов 04.02.1971 турсло «Хазар» Сумгаит   Азербайджан
8 Эльман Султанов 06.05.1974 турсло «Азери» Бакох   Азербайджан
9 Видади Рзаев 04.09.1967 ахтурсло «Терек»   Росси
10 Шахин Диниев 12.08.1966 ахтурсло «Терек»   Росси
11 Заур Гараев 25.06.1968 ахтурсло «Карабах» Агдам   Азербайджан
12 Назим Сулейманов 17.02.1965 тӀелатархо «Спартак» БуритӀе   Росси
13 Муса Гурбанов 09.11.1964 тӀелатархо «Дашгын» Загатала   Азербайджан
14 Самир Алекперов 08.10.1968 тӀелатархо «Нефтчи» Бакох   Азербайджан
15 Камиль Байрамов 19.12.1972 тӀелатархо «Нефтчи» Бакох   Азербайджан
16 ГӀурбан Гурбанов 13.04.1972 тӀелатархо «Алазани»   Гуьржийчоь

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. National Team Coefficients Overview (инг.) (PDF). UEFA.com. Официальный сайт УЕФА (2017 шеран 11 октябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 11 октябрь.
  2. 1 2 3 4 5 Azərbaycan futbolunun bir əsrlik tarixindən səhifələr. Официальный сайт Ассоциаций Футбольных Федераций Азербайджана.(азерб.)
  3. 1 2 Д. М. Векилов. Участие Азербайджанской ССР в развитии советско-иранских торгово-экономических и культурных связей в 20—30-х годах XX века // Известия Академии наук Азербайджанской ССР. — 1986. — С. 41.

    . 1926—1929 шерашкахь хилира Азербайджанан ССР а, Иранан а футболистийн матчаш. Кхаа хьалхарчу матчашкахь Бакохахь 1926 шарахь а, кхаа матчехь 1929 шарахь Иранехь а, толам баьккхира азербайджанан футболисташа…

  4. World Football Elo Ratings: Georgia
  5. World Football Elo Ratings: Azerbaijan
  6. А. Е. Иоффе. Интернациональные, научные и культурные связи Советского Союза, 1928-1932. — Наука, 1969. — С. 185. — 199 с.

    Советийн спортхой буьйлабелира Малхбале арабовла. Иранан зорбано, масала, билгалдаьккхира боккха политикин хилам санна азербайджанийн футболисташ 1929 шарахь Иране бахкар. Уьш тӀеийцира правительствон декъахоша;…

  7. National football teams — Azerbaijan (1992)(ингалс.)

Хьажоргаш нисйе бӀаьра